Кузнецов Лев Нохчийчохь хилира

ДIадаханчу кIиранан чаккхенехь Россин Федерацин Правительствон Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев Нохчийчу веанера.

Итон-Кхаьллан кIоштахь еш йолчу дийннашеран лаьмнийн-лыжийн «Ведучи» курортехь хилира министр, Нохчийн Республикин социальни экономика кхиоран гIуллакхашна лерина а, республикин ягорган-энергетикин комплексан ведомствошна юкъарчу белхан тобанан а кхеташонаш дIаяьхьира цо.

Социально-экономикин кхиоран гIуллакхашна лерина кхеташо дIайолош Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара билгалдаьккхира Лев Кузнецов республикехь еш йолчу объекташкахь хилла а, проекташ муха кхочушйо хьаьжна а хилар. Цо билгалъяьхна проекташ кхочушъеш ю 2025-гIа шо кхаччалц йолчу ханна леринчу «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» Россин пачхьалкхан программина юкъайогIучу «2016–2025-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин социально-экономикин кхиор» подпрограммин гурашкахь.

Л.Кузнецовс билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиоран пачхьалкхан программа кхочушъяран хьал муха ду хьажархьама кхеташо шеран чаккхенехь дIахьош хилар.

«Вайна хаьа программин масех агIо юй: дешар, могашалла Iалашъяр, экономикин бакъйолу сектор. Уьш йоьзна ю «Нохчийн Республика кхиоран корпорацица» а, иштта, туризман «Ведучи» проектан гурашкахь «Къилбаседа Кавказан курорташ» компаница а. 2018-гIа шо тIекхачале хIара шо муха чекхдолуш ду а, проекташ кхочушъярехь муьлха халонаш кхоллаелла а дийцаре дан деза вай», – элира цо.

Кхеташонехь доклад йира Нохчийн Республикин финансийн министра Тагаев Султана. Цо билгалдаьккхира 2025-гIа шо кхаччалц йолчу ханна леринчу «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» Россин пачхьалкхан программина юкъайогIучу «2016–2025-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин социально-экономикин кхиор» подпрограммин гурашкахь регионехь кхочушъеш инвестицийн кхо проект хилар. Уьш ю: Гуьмсан кIоштан Ойсхарахь еш йолчу шурин кластеран шолгIа рагI, 4 эзар тонна хасстоьмаш Iалашбойла, «Хьалха-Мартанан кхачанан комбинат».

«Билгалъяьхна проекташ кхочушъярна 2017-чу шарахь бинчу бартаца нийса а догIуш, 500 миллион соьман барамехь федеральни субсиди юкъаозийна», – элира С.Тагаевс.

Цул тIаьхьа, шайн-шайн ведомствошкара хьал довзуьйтуш, къамелаш дира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министра Сулейманов Эльхана, дешаран а, Iилманан а министран заместитела Усманов Ахьмада.

Кхеташо ерзош Л.Кузнецовс билгалдаьккхира коьрта Iалашо ю къастийна долчу ахчанах эвсара пайдаэцар а, экономикин декъехь йолу халонаш таллар а, уьш дIаяхаран некъаш билгалдахар а.

А.ВАХАЕВА

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: