Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Нигерин къилбаседа-малхбален декъехь йолчу цхьана супермаркетехь теракт йина. Оцу бохамехь 17 стаг кхелхина, 50 гергга стагана чевнаш хилла. Кхелхинчарна а, чевнаш йинчарна а юкъахь зударий а, бераш а ду. Къиза зулам дина террористаш лохуш бу лерринчу службийн а, бакъонашларъяран органийн а белхахой.
***
Стомара Россин тIеман-космосан ницкъийн кеманаша (ялх кема) бомбанаш тоьхна Шемарчу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн герзаш чохь долчу складашна а, церан тIеман туьпаш йолчу меттигашка а. Россин оборонин министерствон векалша бечу хаамашца, и тохарш дар бахьана долуш,дуккха а герзаш а, иттаннаш террористаш а хIаллакбина.
***
ОвгIанера талибийн гIеранаша машаран новкъа дIабаха ца буьту и мохк. Иштта, хIокху деношкахь а ОвгIанан малхбалехь йолчу телецентрана уллехь эккхийтар дина цара. Оцу бохамехь 3 стаг кхелхина, 7 стагана чевнаш хилла. Уьш берриге а маьрша нах бу. Делахь-хIета, маьршачу овгIанхошна дуьхьал тIом беш бу-кх и зуламхой.
***
Израилан тIеман ницкъаша масех де хьалха ракеташ тоьхна Шемарчу шина-кхаа кIошта. Оцу пачхьалкхан Iедале хоттуш хIума а доцуш, цуьнга йоьхуш бакъо а йоцуш дина и тохар. Израилна оцу кIошташкахь ГIажарийчоьнан тIеман базанаш ю моттаделла хиллачух тера ду. Гарехь, террористел а кхераме хетта оцу пачхьалкхана ГIажарийчоьнан (йоцуш йолу) тIеман базанаш. Я кхин бахьана ду-те?
***
Германин Iедало «сихачу гIоьнан» керла 15 машен елла совгIатана ГIиргIизойчоьнан Iедална. Оцу машенаш тIехь лазархочунна сихха гIо дарна оьшу кхузаманан тоьлла гIирсаш бу. Цу тайппана вовшашца йолу юкъаметтигаш тоярна а, шоръярна а гечонаш лоьхуш бу шина а пачхьалкхан куьйгалхой.
***
Iамаркан тIеман ведомствон куьйгалхоша хIокху деношкахь дIахьедина: «Кхул тIаьхьа США-с герзаш духкур дац Шемарчу курдашна» аьлла. Хетарехь, Iедална дуьхьал къийсам дIабахьаре сатуьйсуш духкуш хилла Iамарко курдашна герзаш. Ткъа уьш Iедалан гIо лаца буьйлабелла, дуьненаюкъарчу терроризман декъашхошна дуьхьал тIом а беш.
***
Украинера хьал тIеттIа оьшуш доьдуш ду. И карзахдаккха гIерташ питанаш лелош ву оцу пачхьалкхехь цхьа а бакъо йоцуш волу Саакашвили Михаил. КIирандийнахь дIаяьхьначу митингехь цо кхайкхам бина Президент П.Порошенко шен даржах вохо а веза, иза суьде кхайкха а веза аьлла. Оцу юккъехула Еврокомиссис а дуьхьало йина хьалха лур ду аьлла хилла 600 миллион евро кредит дала.
***
Россин Президента В.Путина кхеташо дIаяьхьира Кхерамазаллин Советан декъашхошца. Коьртачу декъана цигахь дийцаре дира Къилбаседа Корейхь а, цунна гонаха а долу хьал. Президента билгалдаьккхина ма-хиллара, Росси янне а реза яц Пхеньяно ядерни ракеташца лелочу ловзаршна а, Iамарко туьйсучу питанашна а. Цуьнан тIаьхье белхаме хила тарло.
***
Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс хIокху деношкахь дIахьедира Россин а, ГIажарийчоьнан а уьйраш чIагIлуш хилар а, и пачхьалкх ШОС-на (ЦхьаьнагIуллакхаш даран Шанхайн организаци) юкъаяхийтарна шена цхьана а тайпа новкъарло а, дуьхьало а гуш цахилар а.
***
«Росатоман» говзанчаша дIадолийна, хьалха бинчу бартаца нийса а догIуш, Бангладеш пачхьалкхехь «Руппур» цIе йолу хьалхара атомни электростанци яр. Ши-кхо шо далале йина яла езаш ю иза. Цул тIаьхьа цу тайппана атомни электростанцеш ян лерина оцу мехкан тайп-тайпанчу кIошташкахь.

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: