Ловзаран кепехь некъан боламан бакъенаш Iамийра

ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь «Йовза некъан билгало» цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Иза дIахьош яра библиотекарь Зармаева Залина. Библиотекин жигарчу ешархошна дийцира некъан боламан бакъенех лаьцна. Уьш лар ца йича, хила тарлуш йолчу ирчачу тIаьхьенех лаьцна а дийцира.

– Некъан боламан бакъенаш ларъян еза вайх хIораммо а а. Хийлазза, некъал дехьа волучохь, сих а лой, ша шена зулам до стага. Тахана шу ларлуш ца хилахь, бохам хиларна кхерам бу. Шу кегий ду, делахь а, некъаца дIасадоьлхуш сема а, тидаме а хила деза шу, – элира цо.

Бераша леррина ладуьйгIира шайна динчу хьехаре. Шайна хууш йолу некъан боламан бакъенаш а йийцира цара. Иштта, некъан бохам цахилийтархьама шаьш гIашлой лардаларх лаьцна а дийцира. Цул тIаьхьа «Йовза некъан билгало» темина лерина тайп-тайпанчу ловзарех левзира ешархой.

Хьалхарчу ловзарехь библиотекара З.Зармаевас некъан боламан тайп-тайпана билгалонаш гойтура. Цаьрга хьаьжжина шаьш дан дезарг схьаолура бераша. Вукху ловзарехь – цхьадолу бераш водительш а болуш, вуьйш а болуш левзира. Оцу ловзарехь уггаре а коьртаниг – хIорамма а бакъенаш ларъяр дара.

«Йовза некъан билгало» темина леринчу цхьаьнакхетарехь дуккха а пайдехь дерг хиира берашна. Некъан боламан цхьайолу бакъенаш а, билгалонаш а ешархошна дуьххьара евзира кхузахь.

З.ХАСИЕВА

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: