ДIадаханчу кIиранах, доттагIаллин гIуллакх а эцна, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь хьошалгIахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цуьнца цхьаьна вара республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин Куьйгалхочун Герггарчу Малхбален а, МагIрибан (Къилбаседа Африка) а пачхьалкхашкахула векал а, Федерацин Советехь Нохчийн Республикин цIарах сенатор волу Сабсаби Зияд, Iеламстаг Шахидов Адам, кхиберш.
Эмиратийн пачхьенерчу Абу-Дабин дуьненаюкъарчу аэропортан «президентан» терминалехь Нохчийн Республикин а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а байракхаш а оьхкина, «паччахьан» гвардин салташна юкъахь «некъ» а буьтуш тIеийцира Нохчийн Республикин делегаци.
Аэропортера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн элаца Тахьнун бин Зайед Аль Нахайанца хиллачу цхьаьнакхетаре вахара. Цигахь цу шимма дийцаре дира Соьлжа-ГIалахь еш йолчу «Канвас» хьешацIийнан а, дуьненаюкъарчу университетан а гIуллакх.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Бахрейнан паччахьан кIантаца Нассер бин Хьамад Аль Хьалифца. Цигахь дийцаре дира Бахрейнана а, Нохчийн Республикина а юкъара зIенаш кхидIа чIагIъярехь а, кхиорехь а дан деза гIуллакхаш.
Республикин Куьйгалхочун мехалчарах кхоалгIа цхьаьнакхетар дуьненна а гIараваьллачу боксераца Тайсон Майкаца доьзна дара. Кадыров Рамзан сецначу цIийнехь дIадаьхьира и цхьаьнакхетар. Цу шимма дагалецира 12 шо хьалха шайн хилла хьалхара цхьаьнакхетар а, цул тIаьхьа тасаделла доттагIалла а.
Махлелоран а, туризман а, гIишлошъяран а декъехь къахьоьгучу Nakheel Properties компанин президентаца шайх Iали Рашид ЛутахIаца дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзана иза Нохчийчу хьошалгIа кхайкхира.
ШолгIачо, и кхайкхар хазахетарца тIеэцарал сов, Нохчийн Республикехь хуьлуш болу кхиамаш ша тидамехь латтош хилар а хаийтира.
Билгалдаккха догIу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь ша йоккхучу хенахь кхин а цхьамогIа цхьаьнакхетарш а дIадаьхьна хилар: Абу-Даби эмиратан паччахьан кIантаца шайх Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайанца, Emaar Properties компанин президентаца шайх Мухьаммад Аль Аббарица, кхечаьрца.
И.ХАСАХАНОВ
№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо