Къинхетаме дегнаш

Могашалла Iалашъяран министерствон куьйгалхоша тIедилларца Шелан кIоштан коьртачу больницехь 2015-чу шарахь схьайиллина дийнан (дневной) стационар. Цигахь заведующи ю Белигова Iайнаъ. Хьалха цо болх бина оццу больницин терапевтан отделенехь – лор-ординатор.

– Дуьххьара отделени схьайоьллуш кху чохь деккъа маьнгеш бен кхин хIумма а яцара. Оха, больницин коьртачу лоьро Гуржиханов Илеса, коьртачу лоьран заместитела Талухаджиев Ризвана, лакхарчу медйишас Пайтаева Гульжана цхьаьна дIаболийра болх. Процедурийн кабинета чуьра кварцан стогар, кушеткаш, шкафаш, стоьлаш, гIанташ, кхечу отделенера совъерг сехьа а йоккхуш, дIа а нисъеш вовшахтоьхна ю, – дуьйцу заведующис Белигова Iайнаа.

Цомгаш нах тIеэцаран хьал муха ду аьлча, циггахь, поликлиники чохь чекхбовлу лоьрийн консультацех, дIало анализаш. Схьадоьллу цамгаран историн карта. Цул тIаьхьа цомгашнаш стационаре хьовсабо.

Стационарехь цомгашчарна лерина 25 маьнга бу. Дийнахь ши смена ю, хIора стагана дарба дан диъ сахьт къастийна. Цундела юккъерчу барамехь, дийнахь 50 стагана дарба дан таро ю. Оцу ханна системаш хIитто, мехий детта, массаж ян, ток яго ларабо медйижарий. Кхузахь дарба дайтинарш чIогIа реза хуьлу, Баркаллин кехаташ яздо коьртачу лоьре.

Оьшуш долу молханаш долуш ду. Дарба лелор маьхза ду. Кхузахь цомгашчарна дарба 10–13 дийнахь леладо. Нагахь гIоле хиллехь иза больницера аравоккху. Амма эшахь кхидIа а леладо дарба. Юккъерчу барамехь баттахь 150 стагана дарба леладо кхузахь. Иза норма ю.

Лазархой вайна ма-хаъара хала бу, ткъа лоьраша беш берг боккха болх бу. ХIора а ша-ша тIеэца веза, цаьрца хаза мотт бийца беза. ХIетте а, догъэцарца кхочушдо и гIуллакх кхузарчу къинхетаман йижарша. ВК (ТЭК)-н коьртачу лоьран заместитель ю Эдиева Наташа.

Цо шен тергонехь латтадо кхузара хьал. Белхан норма кхочушйича, хIора баттахь, алапа доцург, кхин а ахчанца совгIат до белхахошна.

Нагахь санна лазархо тIеэца меттиг яцахь иза рогIе хIоттаво, уггаре тIех шина кIиранна. Кхузахь дарба леладойтуш берш тайп-тайпана цамгарш йолуш лазархой бу. Царна юкъахь бу деган-пехийн, шекаран диабет, зорханан даI, холецистит, панкреатит, кхин цамгарш ерш.

– Кху шеран эсаран (октябрь) беттан 23-чу дийнахь, коьртачу лоьраца дага а девлла, отделенехь косметикин ремонт йолийра оха. Цхьана кIиранах иза чекхъяьккхира оха. ХIинца кху чохь цIена а, йовха а ю, – дуьйцу I.Белиговас.

Иштта, медицинехь йолчу таронашца цомгашчарна шайн ницкъ кхочу гIо-накъосталла дан гIерташ схьабогIу отделенин белхахой. Уьш бу шайн говзалла кхачам боллуш дика евзаш болу медйижарий: Пайтаева Гульжан, Адамова Лаура, Ташалаева Румиса, Висхаджиева ПетIамат, сестра-хозяйка Зангаева Зарема, санитарка Эльмурзаева Хеда.

Коллектив бертахь ю. Отделенехь низам латтадо.

Ф.АЛИЕВА

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: