Дукха хан йоцуш Iалхан-Чурт поселкехь дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула республикин турнир. Турнирехь дакъалоцуш вара 95 спортсмен. Иштта, РДЮСШ-кара кхузахь дакъалоцуш вара 31 спортсмен. Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.

Хьалхара меттигаш ехира Сайдулаев ИбрахIима (30 кг), Беков Мохьмада (32 кг.), Буркаев Жамлайлас (50 кг.), Таипов Сайд-Мохьмада (54 кг.). ШолгIачу меттехь бара: Атаев Мохьмад (38 кг.), Осиев Юсуп (54 кг.). КхоолгIа меттигаш ехира: Беков Аюба (26 кг.), Гуляев Хьамида (24 кг.).
Оцу турнирехь толам баьккхинчу спортсменаша дакъалоцур ду СКФО-н чемпионатехь. Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Х.Эскерханов, М.Таипов, А.Гусигов.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, мехалчу совгIаташца.
З.ШИШХАНОВА
№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо