«Синан поэзи»

Лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахь Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон актови зала чохь «Синан поэзи» фестивалан регионан мур дIабаьхьира.

Фестиваль дIаяхьаран Iалашо яра тIекхуьучу чкъурехь кхузаманан литература, ламасталлин культура, къоман истори йовзаре хьашт кхоллар, похIме адамаш билгал а даьхна, царна кхидIа шайн кхоллараллехь кхиа гIо дар.

Фестивалехь дакъалоцучеран аьтто бара нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь тIеман-патриоталлин а, социальни а лирика, баснеш, байташ, и.дI.кх. теманаш харжа.

Жюрина юкъахь вара Нохчийн Республикин халкъан поэт Яричев Iумар, поэт, Уциев Абу, Iилманан белхахо Хажбикарова Марет. ДIахьош вара Закриев СаIид.

Хьалхара дош олуш вистхилира Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Хусаинов Азарбек. Цо элира: «Шайн дешар а, болх а Iадда а битина хIокху фестивалехь дакъалаца а, кхечарех масал эца а даьхкина шу. Тахана кхузахь болчу кегийрхоша шаьш юьхьарлаьцна хIара гIуллакх, дIа ца тосуш, кхидIа а дIакхоьхьийла луур дара суна. ХIунда аьлча, массо хенахь оьшуш а, тIаьхьало йолуш а гIуллакх ду хIара.

Байташ а, дийцарш а, кхийолу говзарш а язъян дагадеача, дукхахболчеран ойла кхоллаяла там бу шен книга арахеца аьтто хир буй техьа, иза цхьамма а йоьшур а юй техьа аьлла. Шуна уггаре а хьалха хаа деза, аш баккъал а къа а хьоьгуш язъеш хилахь, шун книгаш йоьшурш карор бу шуна, книга арахеца гIо дан стаг а карор ву шуна.

Дала аьтто бийр бу шун! Цундела къахьега деза шаьш схьалаьцна долу гIуллакх карадерзорехь…».

Цул тIаьхьа бераша а, кегийрхоша а ненах, Даймахках, турпалхойх, нохчийн маттах лаьцна байташ, баснеш йийшира.

Берриге а конкурсанташ шайн говзарш йовзийтина бевллачул тIаьхьа вистхилира Уциев Абу. Цо элира: «Берриге а наной даггара декъалбан лаьа Ненан денца. Болчарна Дала дукхабахабойла уьш. Церан вон ма гойла шуна. Вайн махкахь лаьттинчу тIеман хиламаша бина цатемаш, шайна хилла хорамаш нахе бийца а, дагадовла а аьтто ца хилча, кехатах тешо болийнера наха. Цундела алсамбевлла байташ язйийраш.

Делахь а, Нохчийчохь а, дуьнен чохь а болчара массара а язъеш хилча ПушкингIар, ЛермонтовгIар, МамакаевгIар, ЯричевгIар хир бацара. Байт язъяран шен лехамаш бу. Цуьнан чулацам хиларал сов, дустаран кеп хила еза. Масала, Хатуев Iабдул-Хьамидан «Нохчийчоь» байт. «Лаьттахь дуккха а къаьмнаш ду, Сийна хIордаш, лаьмнаш ду, АллахI воцург Дела вац, Нохчийчоь вайн цхьаъ бен яц».

Цигахь дустарш ду. Суна хазахета вайн кегийрхоша муьлхха а нохчийн турпалхочух, къонахчух дош олуш. Амма, вай майдана а девлла, мохь бетта хенаш дIаевлла. Тахана царах олуш долу дош чулацаме, маьIне, дуьззина, дуккха а шерашкахь нехан дегнаш чохь дехар долуш хила деза. Ненах лаьцна байт йоьшучу хенахь йолчунна шен нана дагаеана, цуьнан аьхна куьйгаш, цо ло хьекъал, кхетам дагабогIуш хила еза. Я безамах лаьцна язъечу хенахь цхьа синхаам хила беза. «Хаза ю хьо, эхь хетта малх тIехьа берззал», мел хаза аьлла.

Поэзин шен рифма а, ритм а ю. Цундела хьаьнг-хьаьнгга а язлуш яц байташ. Шовзткъе итт шаре ваьлла со книга арахеца ца ваьхьаш, ши эзар сов байт вовшахкхетташехь. Иза доккха жоьпалла ду. Книга араяьлча иза нис ца ло. Цундела хIора дош терзанца узуш хила деза…», – элира А.Уциевс.

Иза вистхиллачул тIаьхьа С.Закриевс бовзийтира толамаш баьхнарш. А.Уциевс царна Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а дIаделира.

«Уггаре къона похIма» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира Я.Умхановас, 2-гIа меттиг – Х.Батаевас, 3-гIа меттиг – О.Нахаевс.

«Авторан поэзи» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира И.Сатихановс, 2-гIа меттиг – А.Умалатовас, 3-гIа меттиг – Ф.Асуевас.

«Уггаре дика байт ешархо» номинацехь 1-ра меттиг яьккхира Р.Зухайраевс, 2-гIа меттиг – Хь.Итаговас, 3-гIа меттиг яьккхира Л.Яшаевас.

Толаман меттигаш яьхначарна мехала совгIаташ дира. Ткъа, конкурсан берриге а дакъалацархошна Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон Сийлаллин грамоташ елира.

А.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрта тIехь: Яричев Iумар, Руденко Марина, конкурсан толамхой

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: