Iамалш яре кхайкхира

Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствийн а колледжехь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь студенташца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин кинематографин урхаллин коьрта говзанча Ибрагимов Мовсар.

Ибрагимов Мовсара студенташна дийцира, дуьнен чу ваьллачу Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) РабиIул-Аввал баттахь дуккха а салаваташ дахка дезаш хиларх лаьцна.

– Вайна ма-хаъара, зама сиха ю. Рицкъ даккха гIерташ сихделла хьийзаш ду адам. Делахь а, вайн цкъа а дицдан йиш яц, хIокху дуьнен чохь вайна яккха елларг дукха хан цахилар. Цундела, вайн йиш йолччуьра диканиг дан хьовса деза вай. Вайна карон дерг ду иза.

ХIокху езачу хенахь вайна тIехь ду Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна дийцар а, цунна салаваташ дахкар а, – элира цо.

М.Ибрагимовс къамел динчул тIаьхьа, судентийн таро хилира шайна хаа луург хатта.

Ибрагимов Мовсара жоьпаш делира церан хаттаршна. Оцу цхьаьнакхетарехь дуккха а пайдехь дерг хезира студенташна.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: колледжан студенташ

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: