«Вайнах» – 3

Литературин-исбаьхьаллин «Вайнах» журналан кхоалгIа номер араяьлла.

 

Журнал дешархойн тидам тIегIур болуш ю «Иэс», «Поэзи», «Проза», «Драматурги», «Редакцин хьаша», «Критика а, литературоведени а», «Истори», «ГIиллакх-оьздангалла», «Мохкталлар», «Культурин дахаран хроника», иштта, кхечу а рубрикашкара говзарш.

«Гочдаран школа» рубрикехь белоруссин книгаш зорбатохарна 500 шо кхачарна лерина Ахматукаев Адама оьрсийн маттера нохчийн матте гочйина А.Бадакан, В.Радуньян, Е.Стельмахан, М.Богдановичан, М.Танкан, М.Кобецан, Беларусин кхечу а поэтийн байташ еша аьтто бу цигахь (зорбатоьхна шина а маттахь).

Осмаева Заретас нохчийн маттера оьрсийн матте яьккхина Ахмадов Мусан шина декъах лаьтта «Лаьмнел лекха» пьеса зорбатоьхна «Драматурги» рубрикехь.

Цу тIехь автора вайна юха а карладоккху нохчийн шира дийцар.

«…НАЖА. Iадаташ наха кхоьллина хIума ду, шаьш Iаш болчу замане хьаьжжина. Хан цхьана меттахь лаьтташ яц, иза хийцалуш ю, цуьнца цхьаьна хийцалуш ду Iадаташ а.

КАЙСАР. Дайн Iадаташ иза адамаша бIешерашкахь гулдина хьекъал ду. Хьуна вайн дайл хьекъале вай хетахь, хьо чIогIа галваьлла. Ахь дуьйцург Къанойн совето тIеоьцур долуш хIума дац… Цхьамма а тIеоьцур дац ахь дуьйцург. …

НАЖА. ХIай адамаш, хIай адамаш! Къанойн совето шен сацам тIеэцна. Вайна юкъахь хIара, Дабан кIант Говда, санна къонахий мел бу, вайна кхерам бац мел луьрачу мостагIан а. Цундела тахана дуьйна оха, кхайкхинчу метте тIаьхьависинарг бердах чукхуссуш хилла Iадат юкъара дIадаьккхи…».

«Лаьмнел лекха» пьеса ешначунна хуур ду кIантана зуда яло кечвеллачу ГIойсумна тIехIоьттинчу бохамах лаьцна дерг а, цуьнгахь хиллачу собаро а цецвоккхур ву ешархо.

«Тайп» социальни система санна нохчийн юкъараллехь кхолладалар нохчийн талламхойн цхьабарт болуш дац таханлерчу дийнахь…», – иштта дIайолало «Истори» рубрикехь И.Булатбиевс нохчийн «тайп» боху термин йовзуьйтуш йолу статья.

Циггахь еша аьтто бу З.Тесаевн «ТIаьххьарчу юккъерчу бIешерашкахь (XV–XVI-чуй) Нохчийчоьнан а, Дагестанан а латтанаш тIехь динан къийсам» статья.

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллех а, Калиновски, Савельевски станицех а лаьцна дешархойн тидам тIегIур болуш дуккха а кхин а йозанаш ду журнала тIехь, иштта авторех а, гочдархойх а хаамаш а бу.

Л.ДАУТОВА

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: