Берийн кхолларалла кхиорехь уггаре тоьлларг

SAM_2659

Ленински районан Берийн кхоллараллин цIа болх бан доладелла 2002-чу шеран 1-чу сентябрехь, Исапаева Мадина куьйгаллехь а йолуш. Таханлерчу дийнахь кхузахь болх беш 48 белхахо ву, царех 36 хьехархо  ву. Царна юкъахь ю Россин Федерацин дешаран, сийлаллин белхахо Алиева Роза, Нохчийн Республикин искусствийн хьакъболу гIуллакххой: Исрапилов Зеламха, Тахаева Тамила, Джамалханов Iумар, дешаран декъехула йолчу къоман проектан Россин Федерацин Президентан совгIатан лауреаташ: Тахаев Мохьмад, Солтаханова Луиза, Масиханова Малика, Орсханова Малика, Орсханов Турпал, Исапаева Мадина кхиберш.

Кхоллараллин цIийнехь 29 кружок  ю, цига лелаш 1627 бер ду. Кхузахь берашна хIума тега а Iамадо, Iаьрбийн мотт а Iамабо, йишлакхар а, хелхадовлар а,  кхийолу а говзаллаш караерзайо. Берашна уггаре а дукхаеза хелхаран, юцаран, хIуматегаран, суртдилларан кружокаш.

Ленински районан берийн кхоллараллин цIа Первомайски урамехь йолчу 7-чу школехь ду. Кху районерчу 6 шарера 18 шаре кхаччалц долчу берийн аьтто бу кху цIийнехь 1ама.

Кхоллараллин цIийнан дукхахболчу бераша ерригроссин а, республикин а тайп-тайпанчу конкурсашкахь толамаш а, совгIаташ а даьхна. Уггаре а дукха совгIаташ а, толаман меттигаш а яхар бахьанехь тIаьхьарчу шерашкахь республикин кхоллараллин цIеношна юкъахь хьалхарчу меттехь ду Ленински районера кхоллараллин цIа. Цунна елла Толамхочун кубок а ю кхеран.

НУНАЕВА  Iалет,

къоначу корреспондентийн школин ладогIархо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: