ГIуран беттан 4-гIа де, 1950-гIа шо. Караганда гIалахь вина Зармаев Iела, юьртабахаман Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, Россин Федерацин юьртан бахаман хьакъволу белхахо. Дешна Тимирязевн цIарахчу юьртабахаман академехь.
1981-чу шарахь чIагIйо Iилманийн кандидатан диссертаци, 2001-чу шарахь дуьйна юьртабахаман Iилманийн доктор ву. Еххачу хенахь белхаш бина кемсашлелоран декъехь. Иштта, Невран кIоштарчу «Авангард», Шелковски кIоштарчу «Гребенски» совхозашкахь коьрта агроном, «Чеченингушвино» цхьаьнакхетараллин кемсашлелоран отделан куьйгалхо, «Чеченвиноградпром» цхьаьнакхетараллин куьйгалхочун хьалхара заместитель лаьтта (1984–1991-гIий шераш).
1991–1996-чуй шерашкахь «Авангард», «Победа» совхозийн директор волуш болх бо.
1997-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетехь хьоьхуш ву.
150 сов Iилманан, Iилманан-методикин белхан автор.
2010-чу шарахь «Колос» (Москва) издательствехь зорба- не яьлла «Кемсех юьхьанцара гIуллакхдаран технологица цхьаьна кемсашлелор» цIе йолу Россин лаккхарчу дешаран заведенешна лерина цо язйина учебник.
1994-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, 2004-чу шарахь бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу Зармаев Iела.
Цул сов, оьрсийн маттахь язйинчу стихийн кхаа гуларан а, корматаллин тIегIанехь дехкинчу иттаннаш суьртийн а автор ву.
ГIуран беттан 5-гIа де, 1941-гIа шо. Веданан кIоштан Тевзана юьртахь вина Ахмадов Шарпудди, историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь (институт чекхъяьккхина 1964-чу шарахь).
1969–1972-чуй шерашкахь доьшу СССР-н Iилманийн академин СССР-н историн институтан аспирантурехь.
1974-чу шарахь чIагIйо историн Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1992-чу шарахь историн Iилманийн докторан диссертаци а.
Белхаш бина Тевзанарчу бархIшеран школехь (1964–1968-гIа шераш), Историн, меттан, литературин Нохч-ГIалгIайн Iилманан талламан институтехь (1968–1991-чуй шераш).
1990-чу шарахь дуьйна Iилманан а, хьехархочун а болх бира Нохчийн пачхьалкхан университетехь.
1994-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу.
Iилманан 110 сов белхан автор. Царна юкъахь ю масех йоккха монографи а: «Имам Мансур», «Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а ХVIII-чу а – ХIХ-чу бIешеран юьххьехь а», иштта кхин а. Жигара дакъалоцура къона Iилманчаш кечбарехь. Иштта цо кечвина историн Iилманийн 5 кандидат. Юккъерчу школина лерина Нохчийчоьнан историн учебникаш а, дешаран пособеш а кечъяран тобанан куьйгалхо лаьттина.
Кхалхар хилла 2016-чу шарахь.
ГIуран беттан 6-гIа де, 1956-гIа шо. Казахстанан Джамбулан областехь вина Бисултанов Асланбек, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион (1977 шо), СССР-н спортан хьакъволу мастер.
Шен дай баьхначу юьртахь, Соьлжехь, юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан спортан факультетехь. Школехь волуш дуьйна а охьатохархлатаран секце лела волало.
Шен тренерца Багаев Дэгица мало йоцуш къахьегаро спортан декъехь баккхийчу кхиамашка а кхачаво. Иштта, 1976-чу шарахь охьатохархлатарехула СССР-н чемпион хуьлу А.Бисултановх.
Къаьсттина беркате хилира спортсменна 1977-гIа шо. Гоьбевлла бевзаш болу спортсменаш Л.Тедиашвили, И.Ярыгин, Э.Икаев, И.Мате, кхиберш шел тIаьхьа а буьтуш, шозлагIа а СССР-н чемпионат схьайоккху цо.
Цул тIаьхьа, оццу шарахь Европин а, дуьненан а чемпион хуьлу Бисултанов Асланбеках. Нохчашлахь дуьххьара спортехь оцу лакхенашка кхаьчнарг вара Асланбек.
Спортсменан кхалхар хилла 2001-чу шарахь
№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо