Иллига ладогIа кечлуш санна, суртхIоттадо митингахочо. Гамбинчу шен хьажо-пIелгаца багара насвай, шен ерстина бесни совсош, лаххьийна хьала а эцна, дуьйлина секха-Iад санна, пIелг дIа а хецна, цхьана агIор, кхоьссина дIайохуьйту митингахочо.
Машенан кузовна тIе, олунан меттана, йиллина митингехь латтош йолчу, хьалаволуш Ичкерин даржера стаг гуш хилла хIокхунна.
Цо хьалаваьлла, къамел дан доладо юкъараллин-политикин хьокъехь.
ХIокхо, ша лаьттачохь, гоьл тIе ког а боккхуш, хелхаран кеп хIоттайо, ловзаргахь жухаргах тера.
ЧIениг ирхъойъуш, Шемалний, суний куралла кхуссу митингахочо: – Хьай, даь ма дека хьо кIентан! ДIахьажал цуьнга. ЛадогIал…
Шемала шен юькъа, еха маж, курс еш хьуьнан зезагах тера, буйна а Iаьвдина, воьлууьшарца олу соьга: – «Дада, дада, хьажахьа, вайн кIеза….» баьхначу берах тера дерг ду-кха. ХIара ду-кха кхетар…
– Вот так вот, – боху митингахочо, – тIаккха, муха хета шуна? И театрана хьалха лаьтта масех стаг тхол тоьлар ву моьттий шуна? ЖIаьлина дуьхьал догIаделлачу цицигах тера, иза Шемалний, сайний тIевогIавелча, эрна ду, аьлла хеташ, цкъа вист ца хуьлуш, IадIен дагахь а хилла, юха а алаза ца Iавели со: «Уьш а, тхо а» бохуш, «вайнах» аьлла, дайша чIагIдинчу гура чуьра арадаьккхина халкъ. Барт ца хилийта бахьанаш ду…
Вай дицдина: «Сиха дахана хи хIордах ца кхетта»; «Сихалло са даккхина, собаро лам баьккхина» боху кицанаш. Шен йоза а, зорба а хилла доцчу вайнехан халкъо эзар шерийн геналлех, паналлех чекхдохуш, барта дийцаршкахь таханене схьадеана долчу оцу хьекъалечу хьехарех, аларех ца дашшал тентагдевлла вай…
– «Падажди», – олуш, кхидIа а сонталлин къаронаш яха ирло митингахо, – тхо ма дац халкъ декънарш, барт бохийнарш.
– Муьлш бу ткъа?
– И театрана хьалха хьийзаш болу мунекикъаш бу-кха, бан а болуш. Нохчий аьлча а…
– Гой хьуна, ваши, ахь царна мунекикъаш боху. И мегаш ма дац, ца хууш ву хьо?
– Кхин хIун ала деза царна, и шайн депутатски мандаташ а, партбилеташ а охьа а кхийссина, «ХIа, вай цхьа вежарий ду! КъинтIерадовла аьлла, тхуна улле дIахIуьттуш боцчарна?
– И мандаташ а, цIен билеташ а шен заманчохь, сий а, пусар а долуш хилла документаш ма ду. Некъ чекхбаьлла, трамвайн билет санна, охьакхосса муха тарлур ду?..
– И хан а, Советийн Iедал а дIа ма даьлла. Ас уггаре а хьалха охьадиллира сайн партбилет.
– Ой, хьо вара оцу компартехь?
– Ван а вара, хилла дохко а ца ваьлла…
– ГIалгIашний а дайна, собар маццалц, мел хила дезаш ду? Да ма хьакха шен…
– Собар барамций, бустамций ца нисдина дайша. «Собаро лам баьккхина, сихалло са даьккхина» – и хьекъал дитина вайна.
– Хьалахаьхкича, охьахаьхкича, вай Россин когашна кIелахь диса дезаш хуьлу, ашшимма бахарехь.
– ХIан-хIа, ца хуьлу Россин когашна кIелахь Iен дезаш.
– ТIаккха?
– Россина юкъадогIуш долу кхин къаьмнаш санна, уьш а, ваьш а дIалелачу лаьтта тIехь маьрша даха дезаш хуьлу-кха. Масех декъе декъа а ца луш.
– ХIай-хIай, и ма ду оха цаьрга бохург а.
– Хьаьнга?
– Театрана хьалха хьийзаш болчаьрга. Схьадуьйлий, тхо къинтIера а дахий, тхуна юххе дIахIитта.
– Мелхо а, царна мунекикъаш бохуш волчу ахь уьш баха ма безара хьайна къинтIера, ваши.
– И-м, хьаха, ду ца хиндерг. Со-м, хьаха, вац царна хьаставала церан когашкара хадийна.
– Гой хьуна, ахь вайн вежаршна, Далла хьалха уггар доккха къа ларалуш долу мунекикъаш аьлла. Цаьрга къинтIерадовла ца алало хьоьга. Хьалха къинтIера вийлинчунна Къематдийнахь Ялсамани лур ю Ша Дала аьлла а доллушехь.
– Ас Ялсамани гIазотехь йоккхур ю.
– Гуш доцу хьайн шайтIа а ца эшалучу хьоьга герзаш гуш дуьхьал хIутту волу мостагI гIазотехь эшалур вуй техьа?…
Шемал хIоразза а санна, сан бIаьра хьожу. Митингахочун хабарна ша резавацар гойтуш, шен сира корта тахкабо, мозий къахкош говро санна…
Оцу хенахь адамаш «Кавказ» цIе йолчу хьешан цIенна хьалха дIататтадели, Iежаш боькъу аьлча, берех тера. Царал хьалха цига кхача сихвелла, белш тийсалуш воьду Шемалций, соьций къап-къарс доккхуш волчуьра дIахьаьдда митингахо.
– Валохьа, – боху Шемала, хьажий вайшиъ цигахь хIун хуьлуш ду…
Нохчийчоьнан суверенитет чIагIъяр Россигара лоьхуш, халкъан лаам гойтуш долчу плакаташна а, Ичкерин Президентан Дудаевн суьрташна а юккъехь йолчу Шайх Мансуран цIарахчу майданахь, дехачу гIанта тIехь Iаш зуда ю, шина куьйга корта а лаьцна.
Цунна тIехьовсабелла дIахIуьтту митингахой. Кхин долу юкъараллин-политикин хIуманаш лозунгаш, плакаташ, президентан даккхий а, кегий а суьрташ хьалха дуьйна а долуш дара кхузахь, ткъа хIара хIинца дерг, халкъ цецдаьккхинарг, – оцу зудчо политикин Iаткъам Россина дIагайтархьама, лаьцна мацалла (голодовка) ю.
ТIаккха, иштта, мацалла ша лацар митингехь дIа а хьедой, къонах а, и зуда санна, гIайгIанан йийсаре воьдуш, охьахуу дехачу гIанта тIе. Ойлане волу. Схьагарехь, хIара таханлера дерриге а халкъан сагатдеш долу юкъараллин-политикин гIоьртина хьал доцург цхьа кхин дагалецаман ойла а ю цо оцу синIаткъамехь, корта оллийна, еш…
Букъан букараллехь, Iаьржачу лаьттан бIаьра вогIавелла Iаш волчу цунна, сурт хIуттуш, дагадеъна техьа 1847-гIа шо? Бекарг (март) беттан 7-чу дийнахь сатосучу хенахь, инарла барон Закаменский коьртехь волуш тIелеттачу паччахьан эскаро ша вина юрт – Дуби-Эвла – хIора цIийнан неIарш а кегъеш, меца берзалой жа юкъа санна, дера чу а лелхаш, къена а, къона а нах а, зударий а, чухулаюхучу бедаршца ураме аракхийссар, байар, аганашкара бераш кохкаршна юккъера, цхьамзанашна тIехь, шаданашна тIехь кханчанаш санна, ирхъийдеш, салташа къиза дайар гойту техьа дубиэвлахочунна ойланан, гIайгIанан кIоргаллехь йицъелла, къежъелла яйначу исторехь?..
ХIаъ, къизаллин масалш Iаламат дукха ду оьрсаша чинийн, орденийн, мидалийн дуьхьа маьршачу адамийн: зударийн а, берийн а тIехь, цIийшца исторехь дIаяздина. Дукха ду уьш дагалецаро ойла ечеран кортош хеназа къеждийр долуш. Дукха ду…
Дубиэвлахойн къонахчунна а, шелахойн зудчунна а гуонаха лаьтта митингахой дIаса а тоьттуш, вогIий Шемалний, суний юьхь-дуьхьал вогIало, тхойшиъ хIинцале, «кхетош» къахьегна митингахо. Шен кIуж беха цIен пес коьртара схьайоккхуш, буйна а хьарчийна, боху цо: – Вот так вот! Муха хета шуна тхо? Маршонан дуьхьа, мацалла дала а кийча долу?..
Митингахочо Шемалний, суний, ца догIуш диначу, оцу дозаллина жоп луш, цхьа аз долу дехьа агIор лаьттачу нахана юккъехь.
Шемал а, со а дIа тIевоьдуш, оха шимма лерина тергалвича, иза вовза а вевзий, Шемала, лерехь, боху соьга: – Селхана, дIогахь митингахочуьнца дош даше даьлларг ву иза.
– Колхозийн, совхозийн даьхний дууш, кураллаш кхуьссуш, Iаш ду-кх шу митингехь, аьлларг бохий ахь?
– ХIаъ, иза ву.
– ХIинца дагавеа суна, Шемал…
Митингахо шен деса, беса дозаллаш деш ву Шемалей, соьгий схьа а вирзина, оцу шина сина тIе куьг туьйсуш, воьлу-уьшарца: – Муха хета шуна тхо? Маршонан дуьхьа мацалла хьега а, ца хуьлучу далахь, гIазотехь дала а реза а, кийча а ду-кха тхо. Дера ду. Ельцинера «сувернет» йоккхур йолуш а-м. Ду те…
Шемалан, хьун санна, юькъа маж меллаша хьало, Теркаца хьоькхучу байчу мохехь куьйсачу эрзан кенех тера. Иштта, цхьа ша-шен, шатайпа, Iедал ду Шемалан, ша ца вешачу хабарх лаьцна дош алале велаозош.
– Докка, бехк ма биллалахь, – боху Шемала, – кIоршаме делахь а, алий ас: Нехан хьаьвди тIехь бузийначу динахь, и шен нехан яй тIехь дустийна тIингар эцна, Ялсамане ваха дагахь а-м, дера, ву вайшиннан кхайкхаза хьаша…
Цуьнца дешан къовсаме ваьлла волу къонах, митингахо санна, ша кIордавойтур волуш цахилар селханехь дуьйна а гуш дара.
Цуьнан дIавахар сиха хиларна а, митингехь дIасалелаш долу адамаш дукха долуш, иза царна юкъа вахана, гучуьраваларна а Шемал а, со а кхоччуш цуьнан тидам бан а, юьхь-сибат ган а кхиъна вацара. ХIинца иза хьалха лаьтташ цуьнга хьаьжча, куц а, кеп а долуш, безамехь стаг ву иза.
Юккъерчу дегIахь, Iаьржачу аматехь ву и, регIан коканех тера бIаьргаш а, царна тIехула, гIоттуш айдина аьрзун тIемаш санна, дуькъа Iаьржа цкъоцкъамаш а долуш, шен аматца, хаза товш, тодина мекх а долуш. Оцу стаге безам баха цуьнгахьа дIабоьрзуш, хьаьвсинчу нехан массеран а…
– Дера, ву и къонах бакъдерг юьхьа дуьхьал дIаэр долуш, – боху цара, вовшашна лере а теIаш, массо а тахана цуьнан дагара велахьара.
Бакълуьйш волчу къонахчо митингахочуьнга аьлларг кар-кара оьцуш, дийца доккху наха. Бакъдолчо бакъдерг дийцарна тIедерзадо церан къамел.
– Шемал, ахь ешний Гамзатов Расулан 1973-чу шарахь зорбане яьлла «Сан Дагестан» романан шозлагIа книга?, – хотту ас хIинца кхузахь дийцаре даьллачу къамелаша сайна дагадаийтинарг.
– Еша кхиъна вац со, – жоп ло Шемала. Алахьа, Гамзатовн роман йоьшуш, хьайн тидам тIеберзийнарг, хьекъало пайдаэцнарг.
– Даима сурт дилларо хан дIалаьцна хуьлуш волчу хьуна бехк билла дац сан. Гамзатовс яздо, Инде вахана лелаш, Делихь йолчу ширачу заманан мохкбовзаран музей кхечира ша. Оцу музейхь гира шена цхьа эзар шо хьалхарчу заманахь индусаша папирусан патарна тIехь яздина шайн (къоман) дахарера нийсадерш а, галдерш а…
И патарш, дукха экама, бIаьргашна хьалха а лоцуш, хьийжира ша, боху, дуьнен чохь а цIеяххана волчу Дагестанан халкъан поэта Гамзатовс оцу генарчу заманийн тешашка, цецвуьйлуш…
Делахь-хIета, дIабахана церан дай ца Iийна, «вайл тIаьхьа-м хьонкан нIаьна хилахьара хIокху дуьненах», аьлла.
ТIейогIу йолчу шайн тIаьхьенашна весеташ санна, дитина индусаша папирусан патаршна тIехь шаьш дина и шира йозанаш.
ХIаъ, дитина дахаран нийсадерш алсамдаха, галдерш хиллане а ца хилийта.
– Дависа шен, – боху Шемала, – вай ма дукха тIаьхьадисина хилла-кх Iилманна! Ткъа тахана хьалхахIоьттинчу хIокху балех, сингаттамах хьалхадовла Дала гIо дойла вайна!
– Амин. Амин. Амин, – олу тхойшинга ладугIучара.
Д.КАГЕРМАНОВ
№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо