Дуьненаюкъара Iилманан-практикин «Этнокультурин таронех шуьйра пайдаэцар – экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам дIабахьаран мехала гIирс» аьлла йолу конференци дIаяьхьира академикан М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикерша Юсупов СаьIида, Эдилов Романа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Абазов Рустама, республикин муфтин заместитела Хабзиев Iаьрбис, россин вузашкарчу а, Россин къилберчу Iилманан туьшерчу а, МГИМО-рчу а, РАН-н философин институтерчу а, ГIезалойчоь, Казахстан, Беларусь, Азербайджан Республикашкарчу а Iилманчаша.
Конференци дIайолош вистхиллачу ГГНТУ-н Iилманан проректора Гайрбеков ИбрахIима ректоран Таймасханов Хьасанан цIарах декъалбира форуман дакъалацархой.
Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Юсупов СаьIида билгалдаьккхира конференцин темин коьрта маьIна.
– Нохчийн халкъана уггаре а луьра еанчу хенахь хьалхаваьлла хиллачу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас далийна вай таханлерчу маьршачу дийне.
Iаламат хала, чолхе, кхерамах буьзна некъ бара цо дIаболийнарг. Шен са Нохчийчоьнан паргIатонан дуьхьа дIаделла цо (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). ХIетахь дуьйна шен дас дIаболийна некъ дIакхоьхьуш ву таханлерчу дийнахь а А.-Хь.Кадыровн кIант Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Дуккха а ду оцу хенахь дуьйна и дан ларийнарш. Уггаре а хьалхара экстремизмана, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарна тIехь леррина терго латтайо вайн мехкан дас, цундела бIаьрла кхиамаш бу таханлерчу дийнахь оцу декъехь, – дийцира С.Юсуповс.
Хабзиев Iаьрбис билгалдаьккхира Нохчийчохь цIена Ислам дин лелош хилар а, экстремизм, терроризм вайна юкъахь цахилар а.
Россин философин юкъараллин Президиуман декъашхо а, философин Iилманийн доктор а волчу Билалов Мустафас дийцира: Къилбаседа Кавказехь хIара тайпа форум дIаяхьаран мехаллах лаьцна «Ислам динна лерина Дуьненаюкъара конференцеш Нохчийчохь дIаяхьар ламасте дирзина. Суна билгалдаккха лаьа Нохчийчохь а, Дагестанехь а лелош дерг бусалба цIена дин хилар. Ислам – иза маьрша дин ду. Дала нийсачу новкъахь чIагIдойла вай. Дала тIаьхье беркате йойла вайн», – элира цо.
Хь.БАХТАЕВА
Авторан суьрта тIехь: дуьненаюкъарчу Iилманан-практикин конференцин дакъалацархой
№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо