Делан а, законийн а, Iадатийн а цIарца дийхира наркотикаш йитар
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедахкарш кхочушдаран гурашкахь Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира РФ-н УК-н 228-чу ст. 1-чу декъаца (наркотикийн гIирсаш бохкарна бехкаме (чу а ца вуллуш хан тохар) жоьпе озийначаьрца.
Цигахь дакъалецира республикин пачхьенан мэран заместитела Х.Хажмурадовс, Ленински кIоштан къедас I.Тайсумовс, иштта, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, таIзар кхочушдаран органан а векалша.
Цхьаьнакхетаре гулбиначарна дийцира цара хIинццалц лелийначу некъах Далла а, законна а хьалха дала догIучу жоьпах лаьцна.
Шайн къамелехь Iедалан а, динан а векалша дийцира наркотикаша стаг осала воккхуш хиларх лаьцна. Царна хетарехь, цо, Далла а, законна а хьалха жоьпалле вина ца Iаш, Iадаташца а бехке во иза (наркотикех пайдаоьцург), хIунда аьлча осала а, шен дегIана дола ца далуш волу стаг а нохчийн юкъараллехь цкъа а дош хетта вац.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь гулбеллачеран сацам хилира оцу тайпа гуламаш сих-сиха дIабахьа.
Хаийта малар мичахь духку
Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима Инстаграмерчу шен агIонехь йовзийтина 8(928)787-78-99 аьлла йолу номер.
Соьлжа-ГIалахь малар духкуш меттиг хаалахь, оцу номерехула хаам бан йиш ю соьлжагIалахойн а, республикин бахархойн а.
Хучиев Муслима шен къамелехь билгалдоккху тидамза а, таллам боцуш а цхьа а хаам буьтург цахилар.
И.ИСЛАМОВ
№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо