«Зударий – бизнесехь»

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу «Грозный-Сити» хьешацIийнехь хазаллин индустрин «Зударий – бизнесехь» конференци хилира.

Цигахь дакъалоцуш бара Москвара, Дона-тIерачу-Ростовера, Соьлжа-ГIалара хазаллин индустрин декъехь болх беш болу говзанчаш.

Пресс-конференцехь дийцира зударийн куц-кеп хаздечу хIуманех лаьцна.

Иштта, Нохчийчохь хазаллин салонаш яхка лаам хилар гайтира конференцин дакъалацархоша.

И гIуллакх дIахьош хиллачу Дуговская Викторияс дийцира шайн балхах а, шаьш бинчу некъах а лаьцна.

– Оха лелош долу гIуллакх зударшна чIогIа оьшуш ду. Россерчу дуккха а гIаланашкахь болх беш ду тхо. Дуккха а хазаллин салонашца юххера зIенаш а ю тхан. Ткъа хIинца, Нохчийчоьнца гергарло таса лерина а ду тхо, – элира цо.

Уггаре а коьрта ду продукци цIеначу бецех йина хилар, йорах хилар билгалдаьккхира гулбеллачара.

Юкъараллин гIуллакххо йолчу Сивовалова Татьянас шен Нохчийчоьне болчу безамах, шен кхузахь болх бар мел мехала хета а дийцира.

– Сан бералла Соьлжа-ГIалахь дIаяхана. Кхуза юх-юха схьаэхарх цкъа а кIордо ца до суна. Сан сина уллера хета Нохчийн мохк, кхузара нах беза а беза, лара а лору, цундела хIара тайпана гIуллакх Нохчийчохь дIадахьар деза хета суна, – элира Т.Сивоваловас.

«SB26» брендан куьйгалхо йолчу Темиргалиева Еленас шен Нохчийчоьнах болу хьежамаш, дан леринарш довзийтира.

– Со дуьххьара еана ю Нохчийчу. Ян сатуьйсу дуккха а хан яра.

Iаламат хаза а, цIена а ду Нохчийн махкахь. Кхузарчу зударшна лерина уьнахцIена косметика йовзийта болчу лаамца кхаьчна со. Спортаца гергарло а лелош, цуьнца цхьаьна тхан косметика а лелош йолчу зудчун куц-кеп хаза ца хила йиш яц. Зударшкахь уггаре а товш йолу корматалла ю тхайниг, цундела тхайца цхьаьна болх бан луурш Нохчийчохь а дуккха а хир бу аьлла тешна ю со, – элира Е.Темиргалиевас.

Конференци чекхъяьллачул тIаьхьа «Хазаллин салонашкахь аьтто муха бан беза» аьлла йолу мастер-класс дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийчуьрчу зударша.

Цул тIаьхьа косметикин продукцина презентаци йира.

Хь.ДАУДОВА

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: