Нохчаллах къилба а дина…

Дерриге а дуьненахь цхьаъ бен доцчу нохчийн халкъан «Даймохк» газетан 95 шо кхочур ду 2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь.

Иза боккха а, мехала а хилам бу вайн къоман оьмарехь. Нохчийн халкъе дуьххьара ненан маттахь, нохчийн гIиллакхехь вайн журналисташа салам-маршалла, хьалде хаьттина де ду иза, халкъ Iилма Iаморе, дешаре, дуьненан къайленаш йовзаре, бертахь дахаре кхайкхина де ду иза.

Оцу денна тIера дIайолалуш ю нохчийн къоман журналистика. «Серло» аьлла газетана цIе а тиллина, баккъал а вайн халкъ боданера серлоне даккхаран некъ бара хIетахьлерчу журналисташа юьхьарлаьцнарг. Яздан говзалла а, похIма а хиллехь а, хIуъ-хIуъа а яздан бакъо яцара, луьра терго яра цара яздечу хIора дашна тIехь латтош.

Кхин а хала дарий те аьлла дара яздинарг халкъе дIакхачийтар. Баккъал а дийнахь а, буьйсанна а къахьоьгура журналисташа, балхахь буьйсанаш а йохуш.

«Газет ара ца хецадели (цаьрга) нохчашка» алийта гIерташ, дукха новкъарлонаш йора, кIела когаш туьйсура. Даррехь дIакхайкхийна къийсам бацахь а, кхечу къомах болчу зорбалахьорхоша (наборщикаша) дуьхьалонаш йора. Оьрсийн маттахь долчу газетан материалашна зорбатоьхначул тIаьхьий, зорбалахьийначул тIаьхьий бен нохчийн газет тергалдеш дацара.

Иштта къийсам цхьана дийнахь, цхьана шарахь латтон дезна ца Iийра. Дуккха а шерашка бахбелира и къийсам. Бахбелира зорбалахьоран, тIаьхьуо – линотипистан говзалла Iаморан некъ нохчашна бихкина хиларна.

Амма цуьнга хьаьжна ца Iаш, нохчийн халкъан газет ненан меттан пхьалгIа хилла дIахIоьттира. Цигахь вовшашкхийтира маттаца марзо мел йолу яздархо, поэт, нохчийн кхоллараллин интеллигенци шех кхоллаелла похIме нах.

Царна юкъахь вара Арсанов СаьIидбей, Айсханов Шамсудди, Эльдарханов Таьштамир, Нажаев Ахьмад, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Музаев Нурди, Саидов Билал, дуккха а кхиберш. И ламаст тахана а дIахьош ду.

Царна а, кхечарна а социализман луьрачу лехамашна юккъехула гечо карадора нохчашкахь гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк кхион, уьш дайн Iадаташ лардаре, шайн мохк ненан мотт безаре кхайкха.

1930-чу шерийн юьххьехь, коммунистийн партин тIедожорца, газетан «Серло» цIе «Ленинан некъ» цIарца хийца дезнехь а газето шен амал, хатI ца хийцира. Журналисташ хьалха а санна, яккхий дуьхьалонаш эшош, халонашна бIо ца къажош, нохчаллин байракх айбина, бусалба динах къилба дина, къахьоьгуш, схьабаьхкира.

Редакцин беа пенал арахьа хаа йиш йоцуш, къайлах латтош дара и къилба а, байракх а.

Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь,
Йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан тIулган белшехь
Гуш ду-кха яздина сан дайшка кхаьчнарг.

Яздира тIаьхьуо нохчийн цIеяхханчу яздархочо Мамакаев Мохьмада.

Советийн Iедалан къизалла а, Iазап а лайна волу и къонах дезаш вацара шен халкъ боданехь, йоза а доцуш даьхна бохург. Царна дуьхьал язйина яра «ТIулгаша а дуьйцу» цIе йолу байт. Цуьнца цо тIом хьебора нохчийн халкъ аьшнаш дан гIертачарна. Оцу тIеман цIергахь вага кийча а вара иза. Иштта къонахий лаьттина нохчийн газетан коьртехь.

Вайн халкъо лайнна халонаш ловш, иза бохамехь, дог доьхна деанчу дийнахь ир-кара хIоттош, халкъан къиамах баккхийбеш, иза дуьненна дIакхайкхош болх бина газетан белхахоша массо а хенахь.

Цуьнца, цундела, гергарло лелийна нохчийн халкъ, цуьнан гIиллакхаш, оьздангалла дезаш болчу вайн къоман векалша. Цара йина газетан редакцих нохчийн меттан пхьалгIа. Кхузахь кхоллалора (хIинца а ло) керла дош, шираллин тIорказа чохь карадора «ченаша а дуьзна» дайша Iалашдина, вайн иэсера дIадаьлла дош.

Оцу ширачу а, керлачу а дешнаша кхин а аьхна, кIеда-мерза, хьал долуш бора мотт. Оцу ламастана муьтIахь бисина газетан таханлера журналисташ а.

Даиманна а иэсехь дисина 1990-чу шарахь, Советийн Iедал доха гергадаханчу муьрехь, газетан редакцин белхахоша, халкъах, Iилманчех, яздархойх, дага а девлла, нохчийн газетана «Даймохк» цIе тиллича вайн гоьваьллачу поэта, къонахчо Сулейманов Ахьмада газетан векалшка дина весет… «Даймохк».

Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду… Кхо хIума ду дуьнен чохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшах даьхча кхоь а леш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий… «Даймохк», воьжнарг гIаттавелахь, галваьлларг нисвелахь, телхинарг товелахь… «Даймохк»!

Эзарнаш вайн дайх бисина кхерчаш бу хьуна дIабайна лаьтташ! БIеннаш ярташ ю хьуна ломахь елла а, яйна а Iохкуш! ХьакхлагIаш а хилла! Шелбелла лаьтта вайн дайх бисина кхерчаш хьалалато гIорталахь! Уьш хьалалатош къахьегалахь, хьайн дог бIаьрхин-цIийх делххалц!

«Даймохк»! ЙоIбIаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт!.. Амма:

ЦIийца цхьаьний бIаьрхиш ийна,
Весет ду сан, кхана лахь:
ЦIий хуьйдинчу вайн Даймахкахь
ЦIий ма Iанадайталахь!»

Ткъе ворхI шо хьалха динехь а, тахана газетехь болх беш болчаьрга а, кхана … бIе шо даьлча болх бен болчаьрга а дина ду Сулейманов Ахьмада и весет.

Иза лардан хьекъал, кхетам, доьналла, стогалла йоцург оцу газетехь дукха вах а ца ло. «Нохчийн халкъан патриоташка бен балур а бац цигахь болх», – иштта аьлча, тIех чIогIа аьлча сан- на хетадала а тарло.

Амма иза цIена бакъдерг ду. Иза иштта хиларан ойланна тIевоьрзур ву газето 95 шарахь гездина некъаш девзинарг.

Ткъа таханлера, юьхь йолоран къамел дерзош, ала лаьа: «Даймохк» газетан редакцин белхахой шайл хьалха хиллачара юьхьарлаьцначу некъана тешаме хилла, къилбанах ца туьлуш, де-буьйса ца лоьруш халкъан а, мехкан а, ненан меттан а дуьхьа къахьоьгуш схьабогIуш бу. Шайна даржаш а ца доьхуш, аьттонаш а ца лоьхуш.

С.ХАСАНОВ

№95, шинара, гIуран (декабрь) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: