«Ахмат-Арена» – уггаре а тоьллачарна юкъахь

Дуьненаюкъарчу «Sportcity 2.0. Спорт. Бизнес. Юкъаралла» спортан форумехь Соьлжа-ГIалара «Ахмат-Арена» спорткомплекс «Тоьлла менеджмент» декъехь уггаре а тоьллачарах лерина.

И мероприяти дIаяьхьира Красногорск гIалахь долчу Москван областан Правительствон цIийнехь лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу а, гIуран (декабрь) беттан 1-чу а деношкахь. Цигахь дакъалецира «Ахмат-Арена» комплексан коьртачу директора Мацуев Мохьмада.

Форуман гурашкахь дакъалацархоша дийцаре дира Россехь спортан инфраструктура кхиоран а, цунах пайдаэцаран а, цу юкъа инвестицеш озоран а гIуллакх.

Иштта, тидамза ца дитира оцу декъехь (спортан инфраструктура – авт.) долу «лазаме» хьал а, дуьненахь хуьлучу хиламаша Россерчу спортан инфраструктура кхиарна бечу тIеIаткъаман а, физически культурин а, спортан а декъехь пачхьалкхан а, бизнесан а таронех пайдаэцаран а гIуллакх.

Коьртачу декъана йийцаре йира 2018-чу шарахь Россехь хир йолу футболах ловзаран дуьненан чемпионат. Цигахь форуман дакъалацархошна довзийтира оцу тайпана йолу мероприятеш дIаяхьарехь спортан гIишлойх пайдаэцарехь кхечу мехкашна зеделларг.

Форумехь дакъалецира 1 500 сов стага. Царна лерина хIоттийна «белхан» программа а, 20 сов мероприяти а яра: пленарни кхеташонаш, тематикин сессеш, гайтам, Iаморан мероприятеш, семинараш, мастер-классаш, и.дI.кх.а.

И гIуллакх вовшахтохарехь а, дIадахьарехь а дакъалецира зорбанан Sport B2B цIийно а, Москван областан Правительствос а, физически культурин а, спортан а министерствос а.

И.ИСЛАМОВ

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: