Нохчийн Республикехь дуккха а болчу дарбанийн кхерчашна юкъахь дика цIе йоккхуш ю Грозненски кIоштан больница.

Цигара лоьраш шайн балхана охIла хилар а, дархошца гIиллакхе, кIеда-мерза хилар а ду цуьнан коьрта бахьана. Иштта, дархоша дика цIе йоккхучарах цхьаъ ю больницин психиатр Рабуева Луиза.
Дукха хан ю цо лоьран болх бен. Даго къобалбина юьхьарлецира Луизас лоьран корматалле боьду некъ. Дарбанан тайп-тайпанчу кхерчашкахь, ткъех шарахь сов, болх беш цхьана мIаьргонна а дохко яьлла яц иза, цкъа мацах лоьрийн корматалла караерзо Iалашо лаьцна хиларна.
1973-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 3-чу дийнахь Соьлжа-ГIалин йистошца Iуьллучу Чурт-ТогIехь бехачу нохчийн доьзалехь дуьнен чу яьлла Луиза. Хьолана букъбелла цкъа а ца хилла церан доьзал. Амма хьанал даьккхинчу рицкъаца хьалакхиийна Луизин дас-нанас шайн ворхI бер.
ТIедуха, когадуха латтийна, юучуьнца, молучуьнца гIело ца тосаялийтина, массаьрга а дешийтина. Луизин да Чурт-ТогIерчу колхозан тракторни бригадехь къахьоьгуш вара, ткъа нана оццу колхозехь гIишлошъярхойн бригадин куьйгалхо яра.
РабуевгIеран бертахьчу доьзалехь ялхолгIа бер дара Луиза.
1980-чу шарахь Чурт-ТогIерчу юккъерчу школин юьхьанцарчу классе деша яхара. Дика доьшуш яра йоI. Книгаш ешар чIогIа марзделлера. Лакхарчу классашка яьлча литературех хьерча ойла кхечу предметашна тIейирзира цуьнан. Луизас самукъадолуш Iамайора хими, биологи, алгебра. Иза данне а дац кхийолу предметаш цо ца Iамайора бохург. Уьш ерриге а цхьабосса дика Iамайора цо.
Цунна къеггина тоьшалла ду 1990-чу шарахь Рабуева Луизас дерриге а пхеанаш долу, схьаэцна аттестат. Цундела цхьа а новкъарло йоцуш, Соьлжа-ГIаларчу медицинин училище деша яхара, кхиамца тIеэцаран зерех чекх а яьлла. Фельдшер-акушеран корматалла яра Луизас караерзийнарг. Белхаш бар тайп-тайпанчу отделенешкахь нисделира йоьIан.
ЦIечу дипломаца лоьрийн училище 1994-чу шарахь чекхъяьккхина яьлла къона говзанча Соьлжа-ГIаларчу №9 йолчу больнице балха яхара. Хала зама яра иза. Къаьсттина хала дара гIалин №9-чу больницин тIеэцаран отделенехь. Амма цкъа а, цхьанна а ца гина Луиза собарх яьлла, цуьнан багара эвхьаза дош даьлла, дархо цо човхийна меттиг.
Шен сица, цIийца, Луиза лор хилар дара цуьнан бахьана. Оьздачу кхерчахь хьалакхиъна хилар дара. Иштта, цо оцу больницин травматологин, нейрохирургин отделенешкахь бира болх. Массанхьа а шен дика цIе йоккхуьйтуш. Болх безаш а, и бан карахдолуш а яра Луиза. Амма адамашца бечу балхана шен хаарш тоьаш ца хетара цунна.
Цундела балхана юкъара ца йолуш, 1996-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте деша яхара йоI. Хьехархойн институтехь караерзо Iалашо лаьцна корматалла берийн психологи яра. Мелла а лоьрийн корматаллина и говзалла уллера хетар хир дар-кх цуьнан бахьана.
Мухха делахь а, 2002-чу шарахь Луизас кхиамца чекхъяьккхира Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институтан психологин факультет. Амма цу тIехь а тоам ца бира цо.
2003-чу шарахь иза деша яхара лоьрийн лакхарчу дешаран кхерча.
2008-чу шарахь Иваново гIалахь кхиамца Лоьрийн академи чекхйоккхий, цIайоьрзу. Интернатура Соьлжа-ГIаларчу №9 йолчу больницехь чекхйоккху. Лоьран болх беш шена езаеллачу «психолог-психиатр» корматаллин хаарш кIаргдан Санкт-Петербурге йоьду, цигарчу медицинин суьдан экспертизин институте. Лоьрийн Iилманийн хьаьрмахь Луизас къар ца луш, халонашна бIо ца къажош, гездинчу некъаша гойту вайн махкахо хьуьнаре хилар.
2010-чу шарахь дуьйна Грозненски кIоштан больницехь психиатран болх беш ю Л.Рабуева. ХIора дархо а шен дуьхьа больнице веача санна, тIелоцу цо. Дархойн догъэца хьожу, массаьрца тIекаре, ийна, кIеда-мерза ю. Цундела массарна дукхаеза. Ма дика ду иштта лоьраш вайн махкахь болуш. Церан хьаналчу къинхьегамо сирла ойланаш гIиттайо дархойн синкIоргенехь, дахаре болу безам чIагIбо, къоман беркатечу кханенах дегайовхо кхуллу.
А.ГАЗИЕВА
№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо