Еххачу хенахь шайн юьртан Культурин цIа доьхна хилар бахьанехь садаIа а, самукъадаккха а йиш йоцуш бара Теркан кIоштарчу Iели-Юьртара бахархой. ХIинца хьал хийцаделла. Капитальни ремонт йинчул тIаьхьа шен неIарш схьайиллина юьртарчу культурин садаIаран кхерчо.
– И хилам боккха кхаъ хилла тIеийцира тхан юьртахоша, – дуьйцу кхерчан куьйгалхочо Жамаев Вахас,
– тхан хьаштийн бала а кхаьчна, оцу тIехь тхуна гIодинарг кIоштан администрацин куьйгалхо Куцаев Шемал ву.
СадаIаран а, культурин серлонан а балхана шайн похIма гайта а къоначарна оьшуш долу дерриге а ду тхан хIинца хьелаш кхоьллина. Хаза кечйина ю 225 стагана лерина йолу хьовсархойн зал. Цхьанхьа чохь дIатаръелла юьртан библиотека.
Кхузахь билгалдаккха догIу цхьа коьрта бакъдерг. Хьелаш дацара аьлла, мукъа ца Iийна культурин белхахой. Ялташ чудерзочу муьрехь аренаш-лелархошна концерташ луш самукъа а доккхура тайп-тайпанчу конкурсашкахь, фестивалашкахь дакъа а лоцура.
Культурехь болх барна шен дахаран 30 шо сов хан дIаелла Жамаев Вахас.
В.Жамаевс дийцарехь, Культурин цIа меттахIотторца кхин а шорбина цуьнан болх. ХIинца кхузахь болх беш 13 кружок ю. Дуккха а кегийрхой бу оцу кружокашкахь шайна дезаделла гIуллакх Iамош, карадерзош. Церан похIмалла хIинцале а кIоштан ярташкахь девзина ца Iаш, дийнна республикехь а гIарадаьлла.
Цхьабакъду, юьхьанца дуьйна а тоьаш бацара музыкин гIирсаш, йийбар, сценин духарш. Уьш а хIинца тIеюьзна. Сцена кечъеш доккха гIолаьцна Х.Нурадиловн цIарахчу театран белхахочо Хаджиев Бауддис.
Де-дийне даларца толуш ду белхан хьелаш. Оцо кхоллараллин айъам гIаттийна Культурин цIийнан белхахойн дегнашчохь.
Х.ЖАПАРОВ
№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо