Шаьш туьйране кхаьчча санна хийтира

ХIокху деношкахь Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран артистийн тоба Йоккхачу АтагIахь хилира.

Цигарчу Культурин цIийнехь берашна гайта леринарг «Золушка» спектакль яра. Дукха хазахетарца, боккха кхаъ хиларца тIеийцира бераша Къоман театран артисташ. Цара «Золушка» спектакль гойтург хилар хиъча кхин а самукъадаьлла хьаьвзира бераш.

Къоман театран къоначу актрисас Улабаева Заремас хIоттийна ю и спектакль. Цигахь коьртачу турпалхойн ролаш ловзош бу: «Принц» – театран къона актер Хасанов Тимир-Булат, Золушка – Устарханова Хьава, фея – Гайрбекова Марха.

Спектакль гайта йолийначу минотехь дуьйна дукха лерина хьовсуш бара кегий хьовсархой. Туьйранан турпалхойн ловзар хазахетта ца Iаш, церан шатайпанчу духаршна тIе а бIаьрг хIоьттинера хьовсархойн.

Декорацеша а, турпалхойн духарша а шаьш туьйране кхаьчча санна хоьуьйтура берашна. Беламечу меттехь къаьсттина денлора зал.

Спектакле шаьш хьовсуш яьккхина хан чIогIа яцъеллера берашна. Иза чекхъяьллачул тIаьхьа, дехха тIараш диттира цара. Шайн юьрта баьхкина болу артисташ иштта сиха дIабахийта лууш бацара кегий хьовсархой.

Цара хаийтира, шайна уьш а, церан керла спектаклаш а ган чIогIа лууш хилар.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: «Золушка» спектаклехь

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: