Дукха зенаш дина вайна луьра тIемаш бохьуш даьхкинчу шераша. Йохийна гIишлош, хIаллакьхилла адамаш, Iовжийна дегнаш. Ишта лазаме ду, вайн гергарнаш, доттагIий, бевза-безарш, шайн синош довдийна махках бовлар а. Къаьсттина дегаIийжаме ду нохчийн къоман кхоллараллин интеллигенцин векалш махках бовлар. Церан дешан говзалла, ира хьекъал, сема бIаьрг, къегина похIма оьшура вайна халчу муьрехь. И данне дац, тахана, хаъал къоман Iер-дахар атта даьлча, махках бевлла вежарий а, йижарий а вай дIакъахко беза бохург. Дала рицкъанаш цIехьа дерзадойла церан! Вовшех къехкКал дукха дац вай! Амаев Ваха-Хьаьжа санна болу яздархой хIета а, кIезга бу нохчийн къоман. Цундела халахета иза махках ваьлла, хетарехь, цкъачунна Францехь дIатарвелла. Дика яздархо ву иза. Цуьнан «Чекхъялаза повесть» ешначунна цкъа а вицлур воцуш. Забарх дика кхеташ, «чомехь» васт кхолла хууш, дешан мах бевзаш ву Амаев Ваха-Хьаьжа. 1993-чу шарахь дуьххьара «Даймохк» газетан агIонаш тIехь Амаевн «Чекхъялаза повесть», хьалхара дакъа зорбане даьлчхьана, газетдешархоша ларъеш а, доггах йоьшуш а яра, дукха говза сурт хIоттош авторо язъярна. Суна хIинца а дагадогIу повестан хьалхара могIанаш: «Московски хан ворхI-бархI сахьт. Марш баьттIа майда…», цу хенахь ваьхнарг дика кхетар ву оцу дешнин кочарх. Цхьа шатайпа, жухаргин уьшарш эвсаре йохуш, еана чолхе зама яра иза. Бакъду, суртдаьккхича санна говза, Амаев Ваха-Хьаьжас схьа-м лаьцнера цуьнан хатI. Цундела юх-юха, ца Iебаш йоьшура повесть. Ткъа шо сов зама дIаяьлла цул тIаьхьа. ХIинца, ладоьгIна ойла йича хаьа цу муьрехь, мел къона, жима хилла автор. Мел доккха хьуьнар хилла цуьнгахь, цу луьрачу хенахь, цхьаннах оза ца луш, забарехьа даьккхина, ма-дарра бакъдерг схьагайта. Цундела олу хир ду-кх, похIма иза ахча санна ду –делахь ду, дацахь дац.
Амаев Ваха-Хьаьжа вина Нохчийчуьрчу Iаларой-Эвлахь эзар исс бIе кхузткъе кхозлагIчу шеран, октябрь беттан ткъе пхоьалгIачу дийнахь. Iаларой-Эвлахь чекхъяьккхина юккъера школа эзар исс бIе дезткъалгIачу шарахь. Цу шарахь деша вахана Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо хила дагахь. Кхиамца Университет чекхъяьккхина, масех шарахь хьехархочун болх бина Iаларой-Эвларчу юккъерачу школехь. Яздан волавелла школехь доьшуш волуш. Зорбане вийлина Нажи-Юьртан кIоштан «Халкъан дош» газетехь, (Советан заманахь «Коммунизман байракх» газет) «Даймохк» газетехь, «Орга» журналехь. Боккхачу кхиамца болх бина «Васт» газетехь, Нохчийн пачхьалкхан телевиденехь. Кхузахь билгаладаккха луур дара ша болх бечу хенахь Амаев Ваха-Хьаьжас, нохчийн телевиденина цкъа а ца гинчу вастехь, керла кепаш юкъаялийна хилар. Цунах майрра ала мегар ду нохчийн телевиденин дуьххьарлера шоумен, цо юкъадаьхна телеловзарш бахьанехь. Уьш дара «Iалелай!», «Мила ву хьо?» коммунистийн идеологино ятийна ойла, ткъес тоьхча санна серлайолуш, беркате зIийдиг тосуш, хецаелира. Телеловзарш Iаламат чулацаме, керланиг довзуьйтуш, нохчийн орамаш самсадохуш дара. Уггаре а коьртаниг Амаев Ваха-Хьажина хаттар хIотта хаара массеран синтем бойуш. Къемата шаьш телеловзарехь дакъалоцуш бацахь а, телехьовсархой сихлора хIоттийначу хаттарна жоп лаха. Ойлане а бовлура и жоп шайна ца карадахь. Шен къоман истори мел къаьхьа елахь а, евзаш хила везарх кхетавора оцу телеловзарша. Самукъадаларца, дог реза дина хьовсура цаьрга телехьовсархой. Гуш дара кIорггера хаарш долуш, лаккхара Iилма девзаш Нохчийчохь журналист гучуваьлла хилар. Мел халахеташ делахь а, иза наггахь бен нислуш дац вайн дахарехь, тахана а и тайпа журналисташ вайна Iаламат чIогIа оьшура. Амма Амаев Ваха-Хьаьжин хьуьнарш цу тIехь кхачалуш дацара. Иза Iаламат говза яздархо вара. Цуьнан «Ши эла» цIе йолу дийцар дешначо ас аьлларг тIечIагIдийр ду, цхьана а кепара шеконаш а йоцуш. Хан дIаиккхина ши зуда ю дийцаран ши турпалхо. Дахарехь шайнначул вуо-дика гина царна. Делахь а дог-ойла къан ца елла церан. Цхьа тайна, шатайпаллица лепа нохчийн мотт буьйцу цара. Дийцар доьшучунна дагах кхета хIора дош. Дахарера схьаэцна ши васт. Ма тера ю и шиъ вайн денанойх, ненананойх, цундела хьоме а, гергара а ю массарна, хIора дийнахь вайн рагIукIела охьахууш йолуш санна. Цу шиннан къамело дегайовхо кхуллу, нохчийн къоман цкъа а доь довриг ца хиларх. ОьгIазе яц и шиъ, догIаьржа яц. Цундела лазаме яц церан Iиттарш, мелхо а хьехаме ю, къоман гIиллакхин гурара ваьллачунна пайдехь хир йолуш.
1990-чу шарахь дийцарийн шен гулар араелира Амаев Ваха-Хьаьжин. «Цхьа де» цIе яра оцу гуларан. Дийцарш дерриге дацара забаре. Дукха дара царна юкъахь книгаешархо ойлане воккхур волуш, нохчийн къомо хьегна къай-балий дагабоуьйтур болуш, вайнехан гIайгIанечу исторера алссам бакъдерг карладоккхур долуш. Цкъа ешначунна йицлур йолуш книга яц иза. Къаьсттина цу юккъера «Цхьа де» цIе йолу дийцар. Вайнехан дукхахболу яхь йолу кIентий санна, дийцаран турпалхо фашистех леташ тIамехь ву. БIаьргнегIар ца тухуш дIало цо шен дахар буьрсачу тIеман хьаьттахь. Ткъа гена лаьмнашкахь йисинчу кхуьнан къоначу хIусамнене эвхьаза бIаьрг бетташ, цкъа а вехначуьра васта ца луш волу цхьа эпсар ву. РогIера къаьркъанна кад чубуттий, жима зуда сийсаз яккха гIурта эпсар. Зуда дегIаца цхьалха ца хилар а эгIаз бахьана хета эпсарна, шен акха лаам кхочуш бан бIарзвелла. Жима зуда йодий юьхьIаьржонах кIелхьара йолу, аьлча а, эрна арахь, шийлачу Iай, берана хьовзайо и пекъар. Дуьненчу ваьлла кIант ле. ХIинцца дуьнен чу даьлла бер далар а, тIамехь цуьнан турпала да дIавалар а цхьана дийнахь нисдо авторо. Цундела исбаьхьаллин тIеIаткъам Iаламат боккха хуьлу. Сих кхеташ, дог Iовжош, хиллачу бохамна декъа ийзош. Мацах шен байташкахь нохчийн халкъан поэта Абдулаев Лечас аьлла дешнаш карладовлу иэсехь; «Хьан дуьхьа велла со, хьенан велла?» ТIеман хьаьттахь шен дахар дIаделлачу бIаьхочо Даймахке деш хаттар ду иза, даима санна жоп доцуш дуьсуш. Эзарнашкахь нохчийн яхь йолчу кIенташа Даймехкан дуьхьа дIаделла шайн дахарш. Ткъа хьомечу Даймехкан ницкъ, хьекъал я хьуьнар ца тоьъна оцу къонахийн хIусамнаной, бераш, къанбелла дай-наной, доцца аьлча дерриге къам Iалашдан. Иза махках даьккхина, хиерачу шелонехь, мацалла хIаллакьхиларе сатесна. Къегинчу похIмица тIаьхьакхиаво Амаев Ваха-Хьаьжас оцу шийлачу ойланна. Авторан говзалла ю иза. И книга араяьллачу хенахь а гуш дара Амаев Ваха-Хьаьжа хилла ваьлла, бакъволу нохчийн яздархо хилар. Мел дукха произведенеш евзина хир яра вайна хIара луьра тIемаш юкъа ца хьаьвзинехь. Амаев Ваха-Хьаьжа махках ца ваьллехь. Яздархо вина де тIекхочуш теша лаьа, кестта иза цIавоьрзург хиларх а, керлачу дийцаршца цо вайн дог хьостург хиларх а. Дахаре безам совбоккхуш, кханенах дегайовхо чIагIъеш, Дала хьо нохчи кхолларх дозалла дойтуш, сирла а, чулацаме а дара цуьнан дийцарш. Цундела лаьа царех юх-юха марзо эца. Теша лаьа керлачу дийцаршца, кестта Амаев Ваха-Хьаьжас вайн дог хьостург хиларх. Цуьнан кхолларалла езачара сатесна авторан беркатечу серлонах дуьззина долчу дийцаршка.
ГАЗИЕВА Аза