Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн коьртачу шахьарахь цхьаьнакхийтира Абу-Дабин принц шайх Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Цунах лаьцна цо дийцира Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
Вовшашца хиллачу къамелехь шина куьйгалхочо ма-дарра дийцаре дира Эмиратийн фирмаша Нохчийчохь деш долу гIуллакхаш, инвесторийн ахчанан чоьтах дийнна цхьамогIа проекташ кхочушъярехь долуш долу хьал. Дагна там хиларца билгалдаьккхира шина махкана юкъахь цхьаьнагIуллакхаш дар кхиамца дIадоьдуш хилар. Иза хьалхарчу рогIехь хьакхалуш дара Соьлжа-ГIалахь еш йолчу пхеа седанан «Канвас» отелах. Принца хазахетарца хаийтира 2018-чу шеран бекарг (март) баттахь иза хьалхара туристаш тIеэца кийча хирг хиларан хьокъехь.
Доккха хьашт хиларца дийцира Нохчийчоьнан пачхьенехь еш йолчу дуьненаюкъарчу университетах лаьцна а. Ши куьйгалхо тешна вара Нохчийн Республикина а, дийнна Россина а, кхечу мехкашна а лерина лаккхарчу корматаллин кадраш кхиоран ондда бух хилла иза дIахIуттург хиларх.
Шайхана хетарехь, республикехь бегIийла хьелаш кхолла таро ю агропромышленни комплексана инвестицеш юкъаяхкарехь. Иза къаьсттина мехала хир ду даьхни дусторехь.
Цхьаьнакхетарехь ца хьахош ца дитира вовшашна пайдехь хиндолу кхидолу гIуллакхаш а. Принца лечкъа ца дора Россина а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташна а юккъара юкъаметтигаш кхиаран боларшна ша реза хилар. Уьш кхидIа а жигарадахаран некъаш лаха деза аьлла хеташ вара иза.
РогIерчу визитаца вайн махка веанчу хенахь Нохчийчу хьошалгIа ван шен лаам хилар гайтаро а тоьшалла дора шайх шина махкана юккъера пайдехь цхьаьнагIуллакхаш дар кхидIа а кхиорехьа хиларна.
Шен рогIехь Кадыров Рамзана даггара декъалвира шайх а, Эмиратийн халкъ а къоман дезачу деношца. Церан дахар машаре хуьлийла а, махко зазадоккхийла а шена лууш хилар дIа а хаийтира. Принца дагалецаман совгIаташ дира везачу хьешана.
Хьалхо хаам бина ма-хиллара, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа Нохчийн Республикина юкъаехкинчу инвестицийн юкъара барам 350 миллион долларал сов бу. Цигарчу инвесторша, иштта, дакъалоцу дуккха а агIонийн «Ахмат-Тауэр» комплекс а, Къилбаседа Кавказехь махлелоран-самукъадаккхаран уггаре а йоккха туш а – «Грозный-Молл» – ярехь.
2018-гIа шо чекхдолуш йина яьлла хила езаш ю 5 эзар студентана лерина йолу Соьлжа-ГIалара дуьненаюкъара университет. EMAAR компанис кхочушъеш ю и проект. Шен хенахь цуьнан говзанчаша йина дукха лекха «Бурдж Халифа» гIишло а, Iаламат йоккха махлелоран-самукъадаккхаран «Дубай-Молл» цIе йолу туш а.
Билгалдаккха догIу кхузаманан берриге а лехамашна жоп луш йолу пхеа седанан юкъараIойлин «Канвас» комплекс Россин къилбехь ша цхьаъ бен цахилар. Цунна юкъайогIу 120 номер, ресторан, 500 машен дIахIотто меттигаш. Цул сов, хьешийн хьашташ кхочушдеш хир ю дIакъевлина бассейн, фитнес-туш, теннисах ловзаран майда, махлелоран туш, масех конференц-зал.
«Ахмат-Арена» стадионна уллехь еш ю комплекс. Цигахь тIеоьцур бу футболисташ санна, вай долчу йогIуш йолчу командийн болельщикаш а. Проект кхочушъяро иштта таро хуьлуьйту белхан керла 150 меттиг кхолларна кхачоян.
Зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо