Россин халкъаша В.Путинан гIолоцур ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь дIахьедина Россин Президент Путин Владимир хила веза аьлла.

«Тахана Россин Президенте Путин Владимире «Доброволец России – 2017» форумехь хаьттира президентан дарже хьайн кандидатура хьалхатоттур юй ахь, аьлла. Ткъа Путина зала чохь болчаьрга элира: «Цуьнца доьзна сан шуьга хаттар хир ду. Нагахь санна ас и сацам бахь, аш а, шуна шайн синошца, ойланашца гергара долчу адамаша а гIолоцур дуй оцу сацаман?». Зала чохь болчара шаьш и сацам къобалбина тIеоьцург хилар хоуьйтуш, маьхьарий хьийкхира.

Дера, вай гIолоцур ма ду вайн Президентан. Ас дукхазза а дIахьедина, нагахь санна, вай вешан мохк сийлахь-боккха хила лууш делахь, Президент Владимир Владимирович хила веза. И воцург кхинцхьа а хила ца веза. Иза оцу дарже хIуттучу хенахь Росси йоьхна, яьржина яра. Цуьнан ницкъ кхечира и меттахIотто, цхьаьнатоха», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Цо аьлла ма-хиллара, «Россихой цуьнан гIолоцуш бу, хIунда аьлча, царна хаьа цо шен халкъана мел сагатдо, цо Росси муха ларйо, цуьнан кханенан мел гIайгIайо. Росси санна йоккха йолчу пачхьалкхана урхалла далур дац вайн Президент санна волчу баьччане бен. Суна кхин цхьа а стаг ца вевза, Малхбузенан питанашка, Iиттаршка, кхийсаршка хьаьжна
ца Iаш, хIокху заманахь иштта хьекъалца, говза махкана куьйгалла далур долуш волу», – яздо Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Шена тIедехкина декхарш кхиамца кхочушдан цунна таро луш йолу В.Путинан дика амалш билгалъехира цо.

«Стеган хьуьнар, ницкъ, амал, синчIагIалла гучуйолу къийсамашкахь, чолхечу хьелашкахь. Россин Президента шен масалца дукхазза а гайтина ша са чIогIа, оьзда стаг хилар. Мел чолхечу хьелашкара а сийлаллица, корта айббина хьалхавийлина иза», – боху Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо тешна ву Россин бахархоша мехкан Президентан харжамашкахь Путин Владимиран гIолоцург хиларх.

«Таханлерниг вайн Даймахкана – Россина, Россин дерриге а халкъашна, дерриге а адамашна историн маьIна долу де ду! Россин Президента Путин Владимира «ГАЗ» заводан белхахошца хиллачу цхьаьнакхетарехь дIахьедира: «Ас сайн кандидатура хьалхатоттур ю Россин Федерацин Президентан дарже», – аьлла. Дукха хан яра миллионаш адамаша и дешнаш аларе ладоьгIу», – яздина Р.Кадыровс.

Цо дийцарехь, «кхечу кепара хуьлийла а дацара, хила йиш а яцара, хIунда аьлча, вайн къоман баьчча Путин Владимир тоьлла политик ву, цуьнан ницкъ кхочур бу кхул тIаьхьа а вайн мохк экономика а, социальни дакъа а кхиоран новкъа хьалхахьа а бига. Иза цхьаъ бен вац США-рчу а, Малхбузе Европерчу а вайн луьрачу доттагIаша вовшахтоьхначу эвхьазчу, къизачу, адамалла йоцчу тIелетаршна ян хьакъ йоллу дуьхьало ялур йолуш.

Цундела вай тешна хиларца боху Россин халкъаша Путин Владимиран ондда гIолоцур ду», – дерзадо Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Д.АНАДЕВ

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: