Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Шех дуьненна а боккха сингаттам хила тарлуш ду Iамаркан Президента Д.Трампа Иерусалиман хьокъехь дина питане дIахьедар. Израилан пачхье хила еза Иерусалим аьлла оцу питанчас. ХIинцале а цунна шаьш чIогIа реза цахилар дIахаийтина бусалба иттаннаш пачхьалкхийн куьйгалхоша. Иза хилийта йиш яц аьлла ойла ерш а бу царна юкъахь. Оцу дIахьедаран хьокъехь шайна хетарг ца олуш Iаш бу Израилан куьйгалхой.
***
Шемара «Иблисан пачхьалкх» террористийн организацин гIеранаш Евфрат хинан шина а агIор а, Дейр-эз-Зора шахьарахь а хIаллакйина дIаяьхна. Кхиамца чекхбаьлла дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал Шемин Iедало а, цуьнан эскарша а дIахьош хилла тIом. Цу хьокъехь хаам бина хIокху деношкахь Россин оборонин министерствон генеральни штабехь.
***
Iамаркерчу Калифорни штатерчу хьаннашкахь яккхий цIерш евлла. ЦIеран кхерамах ларвеш, кхечу меттигашка ханна, дIакхалхийна 100 эзар сов стаг. Цкъачунна кхелхина а, вагийна а стаг вац. ДIакхалхийначарна юучуьнца а, молучуьнца а кхачоеш ду оцу штатера Iедал. ЦIерш дIайойъуш масех эзар стаг ву. Оцу гIуллакха тIехь пайдаоьцу лерринчу авиацех.
***
ЧIогIа догIанаш ихначул тIаьхьа, хиш дестар бахьана долуш, бохамаш хилла Таиландехь. Оцу бохамехь лаххара а 15 стаг кхелхина. Даккхий зенаш дина халкъан бахамна а. Иштта, хиш дестар бахьанехь даккхий зенаш хилла Албанехь а. Дохийна 1 эзар сов цIа. Царна чохь Iаш хилла бахархой ханна кхечанхьа дIакхалхийна.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара Донецкан областерчу 19 юьрта герзаш диттина. Иттаннаш цIенош дохийна. Оццу хенахь Киеверчу Iедална дуьхьал митингаш дIахьош бу М.Саакашвилин гIо лоцуш болу украинхой. Цара лоьху мехкан Президент П.Порошенко отставке вахийтар. Лакхарчу Радина хьалхарчу майданахь четарш тоьхна Iаш болу митингахой дIасалахка гIоьртина полицин белхахой. Иза 14 стагана чевнаш еш дирзина.
***
Россин Президент В.Путин стомара цхьаьнакхийтира Нижни-Новгородехь йолчу машенашъяран «ГАЗ» заводан белхахошца а, ветеранашца а. Цо уьш декъалбира заводан 85 шо кхачарца. Циггахь, заводан белхахойн лаамашна а, хаттаршна а, жоьпаш луш Путин Владимира дIахаийтира 2018-чу шарахь вайн махкахь дIахьон болчу Президентан харжамашкахь ша шен кандидатура Президентан дарже хьалхатоттург хилар. И хаам боккха кхаъ хиларца тIеийцира заводан коллективо хьовха, вайн пачхьалкхан дукхах болчу бахархоша а.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс хIокху деношкахь дIаяьхьначу Правительствон рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира «Кхерамаза а, дика а некъаш» проект кхочушъярца доьзна долу гIуллакхаш. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, и проект кхочушъяран декхаршца нийса а догIуш, хIокху шеран 11 баттахь вайн махкара 5 эзар километр сов некъаш тодина, бIеннаш километраш керла некъаш дехкина, кхерамазалла лакхаяккхарехьа гIуллакхаш дина.
***
Вайн махкарчу журналисташна Iамаркан лерринчу службаша луьра тIеIаткъам беш хиларца а, уьш кхеро гIерташ хIуманаш лелорца а доьзна гIуллакхаш дийцаре дира селхана Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министра С.Лавровс США-н Госсекретарца Р.Тиллерсонца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Иштта хьал тардалийта йиш цахилар дIахьедира С.Лавровс.
***
Ставрополан крайхь доьхна, стиглара чудеана вертолет. Цу тIехь хилла 2 стаг кхелхина. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх долийна мехкан талламан комитетан говзанчаша. Тахана дIахьош бу талламан а, бохам хиларан бахьана къасторан а белхаш.

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: