Яздархой – терроризмана дуьхьал

Дукха хан йоццуш Дагестан Республикин пачхьенехь ХIинжа-ГIалахь дIадаьхьира терроризмана дуьхьал лерина язйинчу драматургин говзарийн регионашна юкъарчу конкурсан жамIаш дар.

Конкурс вовшахтоьхнера Дагестан Республикин культурин министерствос, оцу республикин Яздархойн а, Театран гIуллакххойн а союзаша.

Ерриге а 16 говзар яра Къилбаседа Кавказан регионашкарчу драматургаша конкурсе елларг, шайна юкъахь нохчийн яздархойн Мамакаев Эду-Хьаьжин, Яхъяев Лечин «Сира хьач» пьеса а йолуш.

Нохчийчохь терроризмана дуьхьал къийсам латторах дуьйцуш йолу пьеса авторша Нохчийнхьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина ю.

Конкурсан жюрин декъашхоша лаккхара мах хадийна оцу белхан – пьесина шолгIа меттиг кхачийна (хьалхара меттиг цхьанна а елла цахилар тидаме эцча, тоьлларг лерина нохчийн яздархойн болх).

Авторш билгалбаьхна дипломашца а, мехалчу совгIаташца а.

Мамакаев Эду-Хьаьжас дийцарехь, пьеса хIотторе шаьш хьашт долуш хилар хаийтина цхьацца театраша.

Хь.АБАЕВ

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: