Боккха тидам тIебохуьйту Грозненски кIоштарчу къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделан коллективо федеральни а, регионан а законаш кхочушдарна. Царна юкъахь ду бераш долчу гражданашна хIора беттан берийн пачхьалкхан пособеш даларан а, беран 1,5 шо кхаччалц йолчу хенахь луш долчу пособийн а, берана Iуналла дарна луш долчу пособийн а хьокъехь долу законаш.
Дуьйцийла йоццуш кхочушдан дезачарах лору отделехь «Реабилитаци йиначеран политикин таIзарш лайначеран къинхьегаман ветеранийн, Тылан къинхьегамхойн социальни гIолацарна тIехьажийна дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь» долу федеральни закон. Иза къаьсттина мехала лара деза кIоштахь реабилитаци йина 7 966 стаг, къинхьегаман 696 ветеран, Тылан 33 къихьегамхо хилар хьесапе эцча.
Цхьана а кепара тардалийта йиш йолуш гIуллакх дац царна пачхьалкхо хIоттийна ахча шен хеннахь дIа ца далар, цу тIехь тайп-тайпана язораш лелор, бух боцу лехамаш хьалха хIиттор. Изза ала мегар ду къен бохкучу доьзалех, 10 а, цул сов а бераш кхиийначу нанойх, «Нана Турпалхо» мидалца совгIат динчу дукха бераш долчу нанойх лаьцна а. Ткъа уьш кIезиг бац кхузахь: 8 эзар доьзал бу кIоштахь шайн дахаран хьелаш ледара долуш, 10 а, цул сов а бераш кхиийна 139 нанас, турпалхочун сийлахь цIе лелайо 129 зудчо.
Отделехь хьесапе эцна шайна гIоленаш яр тIехь долу федеральни регистрана юкъахь берш: царна юкъабоьлху заьIапхой, заьIап бераш, тIеман ветеранаш, иштта овгIанхой, кхелхинчу бIаьхойн доьзалийн декъашхой, кхелхинчу овгIанхойн доьзалийн декъашхой, Чернобылан АЭС-хь хилла бохам дIабоккхуш дакъалоцуш хилларш, сийлахь донарш, кхиберш.
2011-чу шарахь дуьйна хIора баттахь 10 эзар соьман барамехь материальни гIо до Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархошна.
«Кадыровн орденца совгIат динчарна бакъонан тешаман а, социальни гIоленийн а хьокъехь» аьлла долчу Нохчийн Республикин законаца нийса а догIуш, регионан уггаре а лакхара совгIат деллачу пхеа стагана хIора баттахь материальни гIо до 5 эзар соьман барамехь долчу ахчанца.
Кху шеран кхоалгIачу кварталехь отделехь хьесапе эцначарах цхьаболчу гражданашна юкъараллин транспорта тIехь маьхза дIасабахарна лерина 133 талон елла.
Жигара дакъалоцу отделан белхахоша кIоштан администрацин векалша хIора кIиранах ярташкахь бахархой тIеоьцучу хенахь. Леррина ладугIу адамашна хеташ долчуьнга, церан лазамашка, уьш йоццачу хенахь дIабахарна тIехьажийна гIуллакхаш до.
Болх оцу кепара дIахIотторо лакхабоккху коллективан сий-ларам, керла ницкъаш ло адамийн хьашташ кхин а дика кхочушдан.
Материал кечйина Л.АБУБАКАРОВС
№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо