Башха хилам

ХIокху деношкахь зорбанан электронни гIирсашкахь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца Соьлжа-ГIалиний Санкт-Петербурганий юккъехь хIаваан некъ схьабоьллуш хиларан хьокъехь. Иза тIечIагIдира регионан транспортан а, зIенан а министра Черхигов Рамзана.

Цо чIагIдарехь, иштта барт бира Utair компанин куьйгаллица республикин транспортан а, зIенан а министерствос.

Цуьнца цхьаьна цо тидам тIебахийтира вайн коьртачу шахьарера Россин «Къилбаседан пачхьене» боьду хIаваан некъ схьабелларехь коьрта маьIна Кадыров Рамзана лелийна хиларна. И гIуллакх юкъадаьккхина ца Iаш, дийцарш дар кхиамца чекхдаккхарна боккха тIеIаткъам а бира цо. Бинчу бартаца нийса а догIуш, шина гIалина юккъехь кIиранах цхьа рейс йийр ю Boeing-737 хIаваакемано. Билгалдаьккхина де а – шот.

ДIадаханчу шоьтан дийнахь Петербургера деана хьалхара хIаваакема Соьлжа-ГIалин аэропортехь охьахаарца рейсийн юьхь йола а йира. Къилбаседерчу пачхьенера хьалхара 30 пассажир схьакхачийра цу тIехь.

Зорбане кечйинарг – Д.НУКАЕВА

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: