Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь «Россехь дехачу халкъийн терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал а къийсам латторан культурин а, синош а мехалла: культурни-дешаран а, кхетош-кхиоран агIонаш» аьлла йолу региональни конференци хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа Ахмадов Сайд-Iабдуллас, Тагиев Мурата, республикин Куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iаьлвис, Нохчийчоьнан муфтин наиба Хабзиев Iаьрбис, иштта Iилманчаша, хьехархоша, аспиранташа, студенташа, Нохчийчуьрчу а, луларчу регионашкарчу динан а, юкъараллин а, культурин а белхахоша.
Хьалха вистхиллачу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис билгаляьккхира оцу конференцин мехалла.
– Нохчийчохь бехачу нахана дика хаьа маршонан, паргIатонан мах а, чам аХIунда аьлча, царна гина тIеман хиламаш, оцу муьрехь дуккха а халонаш лайна. И хан мел кхераме а, ирча а яра дага догIу. Цхьанна а ца лаьа и халонаш, баланаш юха а лан, цундела ларло.
Экстремизм, терроризм боху дешнаш хаза а ца лаьа цхьанна а. Иза мел кхераме ду а хууш, даима а кегийрхошна цунах долучу зуламах лаьцна. Цундела мехала ду вайна хIара тайпа конференцеш дIаяхьар, – элира Х.-Б.Дааевс.
Цул тIаьхьа Россин историн серлонан «Ши корта болу аьрзу» юкъаралла кхиоран директора Атаев Артура терроризмах лаьцна доклад йира.
Дуккха а дара конференцехь экстремизман, терроризман декъехь дийцаре динарш. Цигахь мел дийцинарг юкъа а лоцуш гулар арахеца мегарг хилар хьахийра конференцин вовшахтоьхначара.
– Стаг муьлхачу къомах вуй, иза муьлхачу хIусамера вуй дан а дац, иза шен дагца цIена хилахь цуьнан дахар а нуьре хир ду, – элира I.Хабзиевс.
Нохчийн Республикин Халкъан артиста Альтемиров Iаьлвис, Россин Федерацин къоман гвардин 46-чу оперативни хьаштийн къаьсттина йолчу бригадин эшаран а, хелхаран а ансамблан солисташа гайтинчу концертан программаца ерзийра конференци.
Хь.БАХТАЕВА
Авторан суьрта тIехь: конференцин дакъалацархой
№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо