Тешаме дин

(Хилларг)

Цхьана ширачу юьртахь  хилла  хIара. Шерачу  аренца бIаьрго ма  лоццу шина агIор басеш яра. Цу басах  чухьаьжча йоккхачу гIовгIанца, догIуш, хи дара. Юьрта  чу  кхачале цу хих  вала  везара. Цу хин  цIе «Басс» яра. Бесал дехьа  ваьлча ирхо  яра. Цу ирхонех хьала  ваьлча  Iуьллуш яра и юрт  . Юьртана гуо лоцуш  санна, Басс ду охьахьаьдда  доьдуш. Дехьа  берда  йистехь  юьрта  чаккхенехь  аьрру агIор «Тениг» цIе  йолуш  хи ду. Басешкахула  Iин  чу  воьссича, шийла  шовданаш ду. Гуо баьккхина, и юрт  ларъеш  санна, хьаннех доьттина  лаьмнаш ду.

И исбаьхьа  Iалам бIаьрга  дуьхьал  хIоьттича,  мел воккхачун а, жимачун а дог тохалой, доккха са а доккхуш,  и цIена  хIаваъ кийра  чу оза  дог  догIу, ша-шаха гIайгIа, сингаттам а айалой, бицлой, са паргIат долу.

Оцу хазачу Iалам юккъехь  Iуьллуш ерг МахкатIе яра.  Ширачу  маьждигна  гена  боццуш  бехаш бара Эльснакъан доьзал. Церан  кертахь  даккхий  цIенош дара, божалш дара. Буьрса жIаьлеш  дара, бежнаш, говраш,  уьстагIий лардеш.

Эльснакъан  вешин кхо йоI  яра, дукха  кегий  болуш да-нана  дIакхелхина, хIокхо кхобуш.

Кхуьнан шен  кхо  кIант, кхо  йоI  дара. ГIуллакх даллал болчу зударша  юург  йора,  хIуманаш  тоьгура, даьхни  Iалашдора, кIалд, нехча йоккхура, кхин   гIуллакхаш кхочуш дора. Божарий  арара хьашташ кхочушдеш бара: мангал хьокхуш, керла ирзош дохуш, хьун хьокхуш, Iанна дечиг  кечдеш. Даьхни  дажош  кегийрхой  бара. Шайн хьера а  яра  кхеран. Кертахь дайш буьзна  хьаьжкIаш яра. Уьш шайн чархаца  йохура, тIаккха рагIу  кIелахь йолчу  куьркахь кхорзура  зударша, ахьар даккха.

Божарий пIераскан дийнахь маьждиге рузбане  боьлхура. Оцу дийнахь цара са доIура. Иштта  беркате, маьрша  Iер-дахар  дара  кхеран. Юьрта тIе  воьссина  хьаша, я лурвоьлла  лачкъа меттиг  лоьхуш верг Эльснакъан хIусаме  схьакхетавора. ЧIирхой  шайн  мостагIа хьаьнгахь ву хиъча, юьрта йистехь  лаьттий,  дIабоьлхуш хилла.

Оцу цIийнан ларам  бора. Хаьара, доьналла долуш, майра, нахана  дош хеташ уьш буй. Шайн хьешан  коьртара  мас, шайн ледарлонах йожуьйтур  йоций.

Цхьана пIераскан дийнахь  рузбанера  нах арабевлча, цхьа-ши  стаг  юьстах а ваьлла, вовшашка луьйш, девне  велира. Цхьа  кIира хьалха  Чармойн лома мангал хьакха ваханчохь,  меттиг а  къевсина, дов даьлла  цIа  веана  хилллера и шиъ. Дов марса даьллачохь  цхьаха волчо,  шаьлта  тоьхна,  белш охьаяьккхира шен довхочун. ЦIех вузуш, охьавуьйжира чов  йинарг. Адамийн  гIовгIа  елира,  массо а чов  йинчунна  гуонаха хьаьвзира. Ша динчух  кхетта, кхера  а  велла, къайлавала  дIахьедира  довхо.

Маьждигера  араваьлла,  шен ураме чувирзина,  воьдучу Эльснакъан  кIанте, Мухьаммаде мохь туьйхира цхьамма: «Ва Мухьаммад, хьан  тайпанан,  вешина  шаьлта тоьхна  воьдуш ву  хьуна  иза ма   вахийталахь. Кийра  цIе  летта, шен  хаьнтIара тапчанах ка а етташ, юхаведира иза.

Цунна гира, цIех вуьзна,  Iуьллуш волу шен гергара стага, буйнахь шаьлта  а къуьйлуш,  ведда, къайлавала  дагахь  волу  зуламхо а. Тапча схьа а яьккхина, ведда воьдучунна когах тоха дагахь цунна  тIехьажийра цо. Амма мичара ели ца  хууш,  схьаиккхинчу  цхьана зудчо  мохь беттара: «ХIара буобер дуьйриг  хир ма дац аш. Бер  ма ду  иза хIинца хIинца а бохуш». – Мухьаммадана тIекхийтира и зуда. Иза  гал  а воккхуш. Эццахь  герз  делира. Чож лаьцна  охьавуьйжира   ведда къайлавала гIоьртира. Тап аьлла  дIатийра  адам.

Шаьлта  кхеттарг  товала  вуьйлира. Амма цуьнан  довхочо  кхо де  даьккхира  меттахь. Шен вежаршка, шен тайпанан нахе  цо весет дина  хиллера  ша   валале. И кIант жима ву,  цунна  чIир ма  кхайкхаелаш, цуьнан бехках хилла дов  дацара, сан  бехк  бара и дов карладаьккхина  волчу. Иза маьрша  виталаш, аьлла. Цуьнан  деалгIачу  дийнахь  кхалхар  хилира.

Шайн стаг дIа а  воьллина, тезет  дIадирзича, чIир  кхайкхийра Эльснакъин кIанте. Цуьнан къайлавала дийзира. Дагахь доцуш чIир юьйжира  цунна  тIе. Цунна  стенца дина  а гIо дан  лиъчна,  шаьлта  кхетта  хиллачо  къона  говр  елира Мухьаммадана.

Сингаттаме, гIайгIане  бара   бертахь  бехаш  хилла  доьзал. Амма, шен  доьзална  тIедеанарг  доьналлица  ловш  схьавогIуш  вара  Эльснакъ.

КIентан  пхийтта  шо бен  дацахь а, Мухьаммад дегIана  лекха а, дегI дуьзна  а, ницкъ болуш а  вара. Юьхь-сибат хаза  дара. Хьекъале, комаьрша, майра  вара. Оццул къона  воллушехь  совдегаралла лелош вара. Шегара ларамаза  даьллачунна  чIогIа  сингаттаме, накъосташца йолу юкъаметтиг херъелла вара. Деха дегI долуш, хьалхара ши ког, голаш тIе  кхаччалц, кIайн болуш, Iаьржа ши бIаьрг, еха  кхес  йолуш яра кхунна  елла говр.

…Говр терса  а терсаш, лаьттах аьтто  ког  бетташ лаьттара. Мухьаммад, говра тIе а вахана, дуьрста схьа а лаьцна, говран хьаьжтIе дайн  куьг хьоькхуш, говре  хьаьжира. Говр исбаьхьа  яра. Дегара пурба а даьккхина, кIанта говр  божал чу а  йигна, дIатесира. Жимма дог-ойла  айъаелира кIентан. Сих-сиха  божалан  неIаре а  воьдий, шекаран  бIелиг  баош, хьоьстуш,  коьрта  тIе куьг  хьоькхуш, говра  караIамош  вара иза.  Хи а  хIокхо маладора, нах дIатийча, буьйсанца йола а хIокхо йолуьйтура. И воцург  шена  улле  ца  вуьтуш, амал  ийцира говро. Массо а хенахь  ша  божалара арайоккхуш, ловза  йолура, терса а   терсаш, шен  Iаьржа  боккха  ши бIаьрг  дIасха  кхерстош, еха  кхес лестош, Мухьаммад нуьйра  тIехь  къовлавелла  дIанисвелча, тIехьарчу шина кога  тIе а  хIуттий, кех аратуьлура.

Дуккха а тешаме  накъостий  бара  Мухьаммадан. Уьш  чIогIа  кхунна  сагатдеш  хуьлура. Вовшашлахь  барт  бинера  накъосташа, къайлах шайн доттагIчунна  ца хоуьйтуш  чIирхойх  хIара ларван. ЧIирхой  хIара  волу  меттиг  лохуш, кIелонаш еш, вен ка  ца долуш бара. Кхунна чIирхой  тIегIоьртича, тешамечу  накъосташа  хаам  бой, къайлаволура  кIант. Аренца нисвелча, чIирхой говрашкахь  тIаьхьабовлура. Амма Мухьаммадан  дин  каде, маса, чехка  бара. ЧIирхоша хIора  дийнахь а, буса а, ларван волийра Мухьаммад. Синтем байначу чIирхоша  вовшашка  элира: «Мухьаммад  вен вайн ка  ца  долуьйтург  цуьнан говр ю. Вай иза ца ехь,  вайга  чIирхо а  велур  вац».

…Баса  йистехь  дара МухьаммадангIеран божалш. Басах гIашло  чу  вуссуш готта некъ бара. Цу  басах  чу  воьссича, кертаца  ков  дара, цигахула ара ваьлча, базаран  тогIи яра.

Дерз догIуш, Iаьржа  буьйса  юьйлира. Цу  буьйсанна шайн герзаш дуьйлина, шаьлтанаш хаьн тIе   оьхкина, кхо  чIирхо  цу басахула тебаш  хьалагIоьртира.  Божалшна  юххе  кхаьчча, цхьахаверг  шен  шаьлта схьа а яьккхина, говр чохь  йолчу  божалан  неIаре  вахара, байн ког боккхуш. Амма, хийра адам хааделла, рагIу  кIел  Iуьллуш долу буьрса  жIаьлеш, леташ  кхарна  тIехьаьвдира. Йоккха  гIовгIа  елира. Кхерабелла цу басах чу  бевдира баьхкинарш. ЖIаьлеша  самаваьккхира Мухьаммадан  деваша Эламирза. Маьнгин  гIовлана  юххехь  массо а хенахь  юьйлина  лаьтташ  йолчу  тоьпах ка а тоьхна, уча  иккхира. Топ ирх а ерзийна, шозза  кхоьссира. Мохь  тоьхна, басах хаьвдда жIаьлеш схьа а дехна,  чу вахара.

Мухьаммада некха  а латтош, оьшург ца  оьшуьйтуш кхобуш  бара  ша  вийначун  доьзал. Цхьаберш шайн  корта баккхал  баккхий а хиллера. Иштта  гIиллакхе, шайн  ларам беш  воллушехь, юьртарчу Iелимнаха а  бехкаш доххушехь, бекхамхоша хIара маьрша   ца вуьтура. КIанта  ша  виссинчохь доккха  са а, доккхуш, ойла  йора: «Иштта  лечкъаш, къу санна  лелла  вера   вуй-те со, сайн  доьзал  сингаттамехь  латтош,  ма дуьне  даар дац-кх хьо! Шовдана йистехь  езачуьнгара дагара  дийца,  и ган  йиш яц…».  Мел хан  елла-те  суна  цу Везачу, Сийлахьчу АллахIа  хIокху  дуьненчохь яккха?! И гIийла  ойланаш коьрте  а хьийзаш, новкъавала  кечвелира кIант.

Динна нуьйр тиллина, нуьйрана тIехьа  таьлсаш а оьхкина шен хьашто йолу хIума чу  а йиллина, Шела шахьара  ваха дагахь,  новкъавелира  хIара.

Эвла йисте кхаьчча, чехка хаьхкина йогIучу говрийн когийн тата хезира. Герзах воьттина волчу Мухьаммада топ буйна къуьйлуш, говр юха ерзийра. КIантана бевзира шен накъостий. Вовшашка салам делла, уьш бистхилира: «Тахана цхьанхьа а ца воьдуш, цIахь Iийча хIун дара те хьо. ЧIогIа ца торуш гIуллакх делахь, оха кхочушдийр дара. Тахана хьуна кIело  йийр йолуш ю». Доккха  са а даьккхина, вела а къежаш, жоп делира Мухьаммада: «Дукха шераш ду со царех уьдуш, уьш со ларвеш лела, синтем а байна. Сан гергарнаш, сингаттамехь бу со бахьанехь. Далла тIе болх биллина лела со. Нагахь санна бекхамхойн со вен ка далахь, уьш паргIат бевр бу, со сайн Iожалло дIавуьгур ву. Массо а паргIат вер ву тIаккха. Дела реза хуьлда шуна. Со бахьанехь аш гатдина  са со хууш ву. Маьрша  Iойла,  мел чIогIа со лечкъаш, уьдуш леларх, мацца а цхьа йист яла езаш ю кху гIуллакхан. Ас доьху шуьга, ма верзаве со юха, накъосташа цул тIаьхьа а дукха дехарш дира. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Шен накъостийн Iодика а йина, иза дIаволавелира. Амма, дин хьалха санна самукъане бацара, болар а маса а дацара. Ша дIакхачарна кхоьруш  санна боьдура Дино дечун башха тидам ца бора кIанта. Шела аренца некъана дехьа а, сехьа а юькъа хьун яра. Циггахь шина агIор кIело йина Iаш болчу бекхамхошна хезира говран когийн тата. «ХIинца-м ца волу хьо тхан карара» ­– аьлла, некъа тIе а лилхина, тоьпаш юьйлира, Мухьаммад гучу  ав валалае, некъ лаьцна  дIахIиттира. Тешаме Дин ши лерг ирдина, терсира, шен болар цIеххьана саца а дина. Мухьаммад говрахь  къовлавелира, дуьрста буйнахь чIогIа къовлуш. Говр новкъара юьстах иккхина, луьстачу хьуьн чу дIахьаьвдира. «Маржа сан Дин яI, со Iожалли карара ваккхалур ма вац хьоьга», – аьлла мохь туьйхира кIанта. Хьаннашца халла къаьсташ болчу гIашлойн некъаца дIатилира говр. Шела эвла йисте кхаьчча  говро болар гIелдира. Бекхамхой бехха лаьттира Мухьаммад хIинций-хIинций некъо голатухучохь гучу волу-кх бохуш. Эрна хилира кхеран Iер. Дог диллина, оьгIазе цIа бирзира уьш.

Шела дIа а кхаьчна, цигахь шен гIуллакх чекх а даьккхина, ша тIевоьссина хьаша волчохь буьйса а яьккхина, делкъа ламаз а дина новкъа велира.

Ша арайоккхуш даима ловза юьйлуш хилла говр юхагIертара. Дуьххьара човхийра Мухьаммада шен тешаме накъост. Новкъа вогIуш, цхьа кIеззиг коьллаш йолчу баса йисте кхочуш, шен ши лерг ир а дина, цIеххьана  дIаиккхира дин. Шозза-кхузза топ елира. Некхах ка а тухуш, шен динара вуьйжира кIант. Охьавоьжначу цунна тоьпаш тIе а хьажош, некъа тIе лилхира бекхамхой. Шена чохь са а долуш, шаьш цо улле дуьтур доций хаьара царна. Цуьнан майралла евзаш бара уьш. Цхьа-шиъ шаьлтанаш яьхна тIеволавелира, амма и шиъ улле кхоччушехь, Iуьллуш волчу шен дена гуонаха гуотийса йолаелира говр, терса а терсаш, уьш тIе ца буьтуш. ТIаккха чIир эцнарш сихха хьуьна чу тилира.

…Тешаме дин хьацаран чопанах буьзна цIа кхечира. Говр уьйтIахь гуотуьйсуш, терсаш, хьийзаш гира кIентан дейишина. Кхийтира хиллачух. Кийра цIе елира. Чу а яхана, шийла кхаъ баьккхира цо. ГIеххьа хан яьлча зударийн белхар сацийра цо. ТIаккха дейишас элира: «Вайн божарий   цIахь бац, шух шиъ соьца и кIант мичахь ву хьажа, тIекхачахь цIа ван новкъалла  кечло». Ворданна ши говр а йоьжна, вордана тIе истанг а тесна, верта цу тIе а диллина, Дин вордана юххе а тесна новкъа бевлира уьш. Мухьаммадана герганача бевлча, дин  карзах белира,  хецабала  гIертара дIатесанчуьра.  Ирча сурт дара царна гинарг. КIант вордана а  виллина, тIе верта а тесна цIа бирзира зударий. Мухьаммадан дейиша наха лоруш, чIогIа доьналла долуш, къонаха стаг ю олуш яра. Ша иштта хилар цо гайта а гайтира хIара киртиг тIехIоьттича. Бода къовлабалале цIа кхечира. ГIеххьа Iаржъяла йоьлча ирзо даккха бахана божарий а цIа баьхкира. УьйтIахь синтем байна,  хьийзачу динах бIаьрг кхийтира. Шек бевлира уьш. Шийла кхаъ баьккхира цаьрга. ШолгIачу дийнахь доккха тезет хIоьттира кертахь. ДIаволла кечвира Мухьаммад.

Барма тIехь уьйтIа юккъе охьавиллира, Iаьржа верта тIе а тесна. Докъан ламаз дан долийра. Божлахь йолу говр карзахе,  когаш бетташ, терсаш, божал гатделла хьийзара. Адам санна холчу хIоьттина хьийзаш йолу говр, наха ламаз дIадерзийча, араяьккхира говр хьаьдда борам тIе еара. Гора а йоьжна, Мухьаммадан некха тIе корта а биллина, мераIуьргаш сийса а еш, гIийла терсира. Цхьаболчу божарийн бIаьргех хи делира, и сурт гича.

Дино корта хьала айбира, хорша еача санна егийра иза. Юха шен корта кIентан некха тIе а биллина, ши бIаьрг дIахьаббира, тIаьххьара доккха са а даьккхина, цунна юххе охьаюьйжира, дегIах са а къаьстина.

Шен дех къастар ца ла дели-кх цуьнга, дог иккхина ели-кх иза», –  маьхьарий девлира маьI-маьIIера.

ЭДИЛОВА Хьава

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: