Юкъаралла кхиорехь мехала ши гIулч

Хууш ма-хиллара, муьлххачу а пачхьалкхана я шахьарна, кхиархьама, финансийн а, социальни а аьттонаш эшна ца Iа. Цаьрца цхьаьна экономика а, граждански юкъаралла а оьшу. Кхуззахь билгалдаккха догIу граждански юкъаралла яцахь, экономиках а, финансийн а, социальни а аьттонех пайда цахилар.

Iедалера а, бизнесера а цхьа а тIедахкарш а доцуш, низам а, къепе а ларъяран дуьхьа шайн лаамца коммерцин йоцу ассоциацеш а, организацеш а кхоьллинчу бахархойх олу граждански юкъаралла.

Лакхахь хьахийначу коммерцин йоцучу ассоциацех а, организацех а лара мегар ду «ДТП95» а, «Грозный: до и после» а аьлла йолу социальни ши проект. Бакъду, ший а проект Iедалан тIегIанехь дIайолийна, амма кхидIа цара болх бар – бахархойн лаамца доьзна ду

«ДТП95» проект

Инстаграм олучу социальни сетехь дIахьош ю и проект шен болх. Юкъаяьккхина Нохчийн Республикин Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин совето.

Хьалхарчу шина шарахь проект республикин автомобилийн некъаш тIехь бакъенаш талхочарна дуьхьал болх беш яра – шайн машенаш чуьрчу видеорегистраторша дIа мел яздина долу бакъенаш талхор (хьалха йоьдучу я дуьхьал йогIучу машено – авт.) цу проекте схьатосура бахархоша.

Цул тIаьхьа, цу чохь зорбатоьхначу материалийн (сурт я видео – авт.) буха тIехь, некъийн къепе талхийна болу водительш жоьпе озабора республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н белхахоша.

Ши бутт хьалха, Нохчийн Республикин Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин а советан секретарь Усмаев ВахIит хIоттийча, оцу проектан Iалашонаш, аьлча а, «декхарш» алсамдевлира – цу хенахь дуьйна проекто довзуьйту некъийн бакъенаш талхор, хIусамийн-коммунальни декъехь долу кхачамбацарш, экологи бехъярца а, кхаьънаш дехарца (я даларца) а доьзнарш, маларш а, наркотикаш а йохкарца, и.дI.кх.а.

Болх беш ю ерриге республикехь.

Контакташ: 8(963)588-95-95 (WhatsApp), dtp95 (ВКонтакте), @dtp95 (Instagram).

«Грозный: до и после»

Лакхахь йийцинчу «ДТП95»-х тера йогIуш йолу проект. Соьлжа-ГIалахь болх бан йолаелла бутт хьалха. Оцу проектан гIоьнца «совцийна» республикин пачхьенерчу канализацин линешкахь йолчу гIунаш тIера негIарш лечкъош берш а, цаьргара уьш дIаоьцурш а.

Соьлжа-ГIалахь хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь долчу кхачамбацаран теш хиллачун аьтто бу цунах лаьцна WhatsApp чохь 8(999)398-97-73 номерца а, Instagram чохь @grozny_do_i_posle аккаунтан Direct-ца а хаам бан.

И.ХАСАХАНОВ

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: