Митинг шен болх беш ю хьаъа а, хIуъа а бахахь а. Дукхах долу адамаш Iуьйранна дажа лохку бежанаш санна, митинге схьа а догIу, суьйранна дежаш дуьзна бежанаш санна шайн-шайн цIа а доьрзу. Цхьана а кепара юкъараллин-политикин кхетам боцуш, политикин маьIна а ца хууш, дуьххьалдIа пхьоьханахь санна, кхузахь хан эрна яйъархьама, аьлла а хетало цаьрга хьаьжча. Ткъа юкъара массеран а гIайгIа-бала маршо яккхарна тIехь бохь боьгIна, бохь баьккхина лаьтта.
Шайх Мансуран цIарахчу майдана кхаьчна Соьлжа-ГIалин лоьрийн сиха орца а, ткъа иштта «Исламан къепе» цIе йолчу юкъараллин-политикин ларалуш долчу газетан журналисташ а. Дуьненаюкъарчу цIечу жIаран векалша а, лоьраша а, мацалла лаьцначу къонахчун, зудчун хьал-де хаарца а, могашалла талларца а доьзна долу гIуллакхаш чекхдоху.
Оцул тIаьхьа газетан корреспондента интервью оьцу мацалла лаьцна, шайн политически лехам чIагIбаран и Iаламат хала зер тIелаьцначу зудчуьнгара а, къонахчуьнгара а. Шиннан а лехам цхьаъ бу: Ичкери республикин суверенитет Россис къобалъяр а, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан депутаташа шайн мандаташ охьадахкар а.
ДIадаханчу бIешерашкахь нохчийн халкъо лайна баланаш мел хала а, дукха а хиллехь а, оцу зудчо а, стага а лаьцначу мацаллел хала хилла хир яц аьлла, тешна бу митингера нах. Мацалла лаьцна зудий, стаггий тергалдеш лаьтта ши накъост. Царшиннах лаьцна къамел доладо цхьамма: – Ванах, ша-шен вер (ер) уггаре а доккха къа ду, ца боху дешначу наха?
– Дера, боху, – жоп ло вукхо.
– Ткъа Далла гергахь муха хир ду, хьовха, цу беса таIзарш догIмашна дар?
– Хаац, Далла гергахь муха хир ду-м, амма вайна гергахь хала хIума дуйла-м хаьа суна.
– Марха лаьцна доца де а шарал дахлуш хилча, бохий ахь?
– ХIета, Iуьйкъанна гIаьттина, вуззалц йиъна, мелла а воцуш…
– ХIаъаний. Суна-м мацах цхьамма аьлларг дага а, дера, догIу. Етт байна, ца карош, лоьхуш гIелвеллачо аьлла боху: «Деллахьа, и етт схьакарабахь, ма эрна къа а ду-кха вай хьоьгург…».
Цец-акъ вуьйлучо далийна «эрна» боху кица гIазот даккха кечлуш волчу митингахочунна хезий техьа, аьлла, со дIасахьажаран тидам хилла Шемал шен можа юккъехь велаозало: – Вайшиннан хьаша-м, «яй баккхар» хьехо долийча, нехан бIаьрг шена тIебогIабалар а гина, чIийшаш лахьо воьдуш санна, воьду-вуьсу доцуш, дIа хьаха, тилира.
Митингахочунна тIехтохам бинарг цунах лаьцна Шемалий, асий деш долу къамел хезча, юххе хуьлу тхойшинна.
Воьлунха хуьлу: – И борз-м хьаха ю дехкан Iуьрга иккхина а, шена йогIург йоккхур йолуш!..
Цунна дуьхьал вела Шемал а, со а озало: – ЙогIург, йоьгIнарг хьанал хила а мегара, шена ца йогIург а, ца йоьгIнарг а йоккхур йолуш а-м, дера ву, хьарам-хьанал, дастам-къастам боху ийманан-нохчаллин оьзда кхетамаш мискъала-зарратал бен дIа а ца хеташ.
– Хьуна а вевзаш хилланий и.
– ХIаъ, вевза суна.
– Муха вевза хьуна?
– Ша ма-варра вевза…
– Шуьшиъ, схьагарехь, харцонна тIаьхьа хIуттур воцчух тера ву. Ашшимма алийша, нагахь санна, стагана тIехь доцург хьагI-гамонца кхоллар-дийцар къа а, гIийбат а ду, бохуш, цуьнан ямартло йовзаза долчу хьаналчу адмашна, уьш лардалийтархьама, цунах тар ца далийтархьама ца дуьйцуш, къайлахьош вай Iеро цунна хьарам некъ шор а, шар а бой техьа?..
Хеттарш а, хетарш а эццахь дийцар нахалахь кхин а дIадаржа мегаш дара, нагахь санна «Охьаваккха! Охьаваккха!», – аьлла, мацалла лаьцначу зудчо узарца олуш цахезнехьара. Цецбовлий буьсу митингахой. Ичкерин милцой-кегийнах десантникийн автоматаш лаг оза кийча а йолуш, хьала хьолху «Кавказ» цIе йолчу хьешацIийнан ламешна тIехула.
Лакхарчу гIаттан пурхен тIера, докъан полла бой, охьавадаво милцоша зудчо шаьш тIехецна хенаро стаг. Иза вадийна хьош гинчу вевзаш волчу стага кхетабо митингахой, ца кхеташ, хьовсабелла лаьтташ болу. Хууш, бевзаш волчо, юххе а таьIна, боху: – Мацалла лаьцна йолчу оцу зудчун да ву иза.
– Ой-йа! Да, шена дуьхьал и шен йоI а санна, Дудаевна дуьхьал а, йоI Завгаевна дуьхьал а хилар а дац иза?
– Ду. Мел тамашийна хеташ, делахь а, схьагуш долу сурт иштта ду.
– ХIара хIун ду шен дан а?
– Цхьана доьзалерчу уггаре а вовшийн хьомсара хила декхар долчу ден, йоьIан ларам байча, дийнна дерриге а халкъан барт цахиларх цецвала оьший ткъа?
– Дас шен йоьIан дан хьакъдолу дола цадар а, йоIа шен ден бар тIехь долу сий-ларам цабар а дуьхь-дуьхьал кхетча, гучуяьлла эрчо – нохчалла йохар ду вайна, халкъана, хIокху митингехь хIинца гушдерг а, хезаш дерг а.
– Иза-м цхьа тера-мера эрчо хилла ма ца Iа.
– Ца Iа. Кхин а далатохарш ган доьгIначух тера ду вайна халкъан барт бохаран тIаьхьенехь. Дала лардойла вай Шен йоккхачу оьгIазлонах.
– Амин! Амин! Амин!..
Оцу текъамашка, дегнийн лазамашка лерина ладоьгIуш, эхь хеташ бер санна, корта шен чета таIийна лаьтта тхуна тахана хIокху митингехь дуьххьара гуш волу жима стаг. Тхан къамелаш, «амин» аларна тIехь севцча, корта ойбу цо. Шен кIайчу кучан хьалхарчу кисанара бохь гуш йолчу батта чуьра сигарета хьала а йоккхий, цIетуханца (зажигалкица) лата а йой, букъа баьккхина кIур тхуна тIехула дIакховсу цо. Iодика яза дIаволало, элан, эпсаран кура кеп хIоттайо.
– Ша дуткъделлачохь хедар ду, – боху жимачу стага, кIур дIа а тухуш, – эрна са хIунда гатдо?..
Къано охьатаьIна Iаш ву. КIентан кIант Мовсар, сурт дакхкийта хIоьттича санна, юххехь лаьтташ ву дедена, цунна оьшучу жималлина кийча.
Важа болу митингахой цец-акъ бевлла биси кIур бетташ, дIаволавеллачу жимачу стагана тIаьхьа хьаьвсина.
Иза-м шек дIа а воцуш, воьдуш ву, чуьра лаца айъеллачу пхьидах тера шина бIаьргана юккъехь шуьйра а, буьххьехь капланан зIакарх тера готта а болчу шен мерах, болалуш цIерпошто санна, гIелин кIур а бетташ.
…Сий хилларш, сий дайнарш иэбина,
Сийлалла сийсазаеш,
ГIелонаш, харцонаш яржийна,
ХатI доцчохь «бохь» боьгIна,
Хьашт доцчохь «бIов» баьхна,
Ийманах дIахедда,
Массо а цхьаъ санна, цхьатерра гIаьттина,
Массарех къуй хилла,
ХIай даяла, ма даха хевши вай!
ХIай даяла, ма кIентий хилла вай!(Алиев ГIапур)
Къоначунна дагаеа шен къоналла. Ша узуш гIели йолчу хенахь, воккха стаг дуьхьал кхетча, цунна ша узуш йолу гIели ца гайта пхьуьйша чу лачкъийча, хьал-де хоттучу юкъана, пхьош дагош меттигаш ма хуьлура тохара. Ткъа хIинца ма сий дайъи нохчаллин, цуьнан эзар шерийн хазачу гIиллакхийн…
Оцу ойланца къано а, Шемал а, со а вовшашка хьажар юьхьа дуьхьал нисдели. ТIаккха суна дагаеа нах болчохь айса царна барта олуш а, суо волчохь воьлхуш а, Сибрехахь, нохчий, гIалгIай махках баьхна, ГIиргIазойн махкахь болуш, ягаръеш хилла йолу назма:
Вайн Элча ма вилхира,
ГIелвелла вилхира И.
Асхьабаш белхийра Цо
ХIара зама йийцина,
Элира Цо: Дика ю
Ша волу Шен зама,
ШозлагIий, кхозлагIий
Хийцалуш йогIур ю.
Шел тIаьхьара заманаш
Кегаре хир ма ю,
Бакъонаш гIеллур ю,
Харцонаш хьекъар ю,
Бакъ луьйриг воьлхур ву,
Харц луьйриг воьлур ву.
Дохнан да лоьрур ву,
Мисканиг хьоьшур ву.
Баарах буур бу Къуръанах
Къера дуй,
Таханчул бала
Кхана совбериг бу,
Жимачо воккханиг
Воккхаллехь лоьрур вац.
Воккхачо жиманиг
Бакъон тIе кхойкхур вац,
Зударий, божарий
Вовшашха тарлур бу,
Зударийн пхьоьханаш
Божарий гучу хIуьттур ю.
Дел, ненал зуда езаш,
Сий, тIалам уьйъур бу,
Дай, наний, чийхадеш,
Кех, кертах доккхур ду,
Маьждигаш кхолор ду.
ХIусамаш къагор ю,
Лекхачу ламанех
Аренаш хир ма ю.
Беркате догIанаш
Зенаш деш оьхур ду,
Собарал сов езаш
Сихалла хоьржур ю
Хьарам, хьанал ца къестош,
Даарш мерза дуур ду,
ТIаьхь-тIаьхьа хьекъалш
Эшна дIагIур ду.
Къано, гIайгIано базбина корта Iасана тIера ойбуш, Шемал а, соьга а доккха садоккхуш хьожу. Шен бIаьрхиш тхойшинна ца гайта, юха а сихха Iасанна тIе язйо шен оьмаран йохаллехь гIайгIана ша аьхна юьхь-бIаьргаш къайлабаьхнехь а, беха некъ бина, цIа кхаьчча, тIера нуьйр хьала эцча егалун говр санна, башлакха кIелахь егалун къена ши белш айкхъялаза ца Iий цунна…
Д.КАГЕРМАНОВ
№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо