Хьомсара махкахой!
Декъалдо шу Россин Федерацин Конституцин денца!
Вайн пачхьалкхан Коьртачу законан тахана 24 шо кхочу. Оцу хена чохь Росси сийлахь-йоккха пачхьалкх хилла дIахIоьттина. Дуьненан хьаьрмахь коьрта-коьрта меттигаш дIалаьцна цо. Коьрта долчу декъана, Россин Президентан, Россин Федерацин Конституцин чIагIо хилла дIахIоьттинчу, Путин Владимиран кхиамечу белхан тIаьхье а ю, жамI а ду иза. Цуьнан хьикмате, хьекъале некъ, поликтикин говзалла, аьллачу дашна тIера юха ца валар, собар, хьуьнар ду Россих сий-лараме пачхьалкх йинарг. Цуьнан хьашташ хьесапе оьцуш, дош хеташ ду дерриге а дуьненахь.
Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа даима а вара законан, нийсонан агIо лоцуш. Нохчийн Республикехь тIом а болийна, Россин конституционни дIахIоттам бохо гIертачарна уггаре а хьалха дуьхьал ваьлларг иза вара. Уггаре а чолхе еанчу хенахь регионна куьйгалле а хIоьттина, Ахьмад-Хьаьжас, уггаре а хьалха, республикехь дерриге а халкъан референдум дIаяхьийтира. Иза тешна вара шен хиндерг къасто бакъо ерг деккъа цхьа халкъ бен цахиларх. Цо таро елира нохчашна, Россин Федерацина юкъахь а долуш, машаре, зазадаккхаре боьду некъ харжа.
Кхоллам къастийна болу и сацам бар бахьана долуш вай тахана дехаш ду мехкан уггаре а сиха кхуьуш йолчу цхьана субъектехь.
Республикехь буьззинчу барамехь ларъеш ю бахархойн конституционни бакъонаш а, маршонаш а, кхиамца кхочушдеш ду социальни а, экономикин а гIуллакхаш, сиха кхуьуш ю туризм. Цуьнга хьаьжжина, хIора шарца толуш ду бахархойн дахаран-Iеран хьелаш.
Хьомсара махкахой! Лаьа шу ирсе, маьрша, кханалерчу дийнах тешаш дехийла! Россин Федерацин Конституцин дезачу денца кхин цкъа а декъалдо шу!
№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо