Нахана езаш а, лоруш а ю

Нахана езаш а, лоруш а ю Россин Журналистийн союзан декъашхо, «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап.

Цуьнан юбилей язъяр дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнерчу «Gazetta» ресторанехь.

Зайнап декъалъян баьхкинера Россин Яздархойн союзан декъашхо, Дуьненаюкъарчу литературин фондан Председатель, милицин полковник, юридически Iилманийн доктор, профессор, юрист I.Мусаев, Нохчийн Республикин Парламентан депутат С.Бердукаев, Нохчийн хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедрин заведующи, профессор Хь.Навразова, Нохчийн Республикин халкъан артист I.Джамаев, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Р.Караев, «Даймохк» газетан редактор Б.Шамсудинов, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ С.-Хь.Дадаев, Хь.Абаев, Европин имплантологийн ассоциацин декъашхо, Москван областан М.Владимирскийн цIарахчу медицинин клиникин институтан стоматологин хирургин кафедрин куьйгалхо, медицинин Iилманийн доктор, профессор М.Амхадова, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министран заместитель З.Исакова, бевзаш болу иллиалархой а, эшаршлакхар-
хой а, Зайнапан белхан накъостий, гергара нах, СМИ-н белхахой.

Суьйре дIахьош яра историн Iилманийн кандидат Э.Хурцаева.

Цигахь къамелаш диначара массара а билгалдоккхура Зайнап, тIекхуьучу къоначу журналисташна шех масал эца хьакъ йолуш, говза журналист а, дика адам а хилар.

«Ведучи» газетан коьртачу редактора Саралиева Табарка элира: «Зайнапаца къамел дечу муьлххачу хенахь а, цуьнца вуонехь а, диканехь а хиллачунна хуур ду иза мел сирла адам ду. Вайн олуш ду-кха: «Юьхь санна сирла ду дог а», иштта сирла ю иза, къамелаца а, леларца а, дог-ойланца а. Хьаьнцца а, ша уьйр лаьцначу стагаца, даима а тешаме а ю, дог-цIена а ю. Иза дог-цIена ю. Юха а ала лаьа суна. Сан иштта ойла кхоллаелла цунах. Суна евзаш йолчу хIокху масех шарахь цкъа а цуьнгара хIара галдаьлларг дели кхуьнгара аьлла, цхьа а хIума ца хилла. Иза гIиллакхе а, оьзда а ю. Муьлххачу а хIуман тIехь, воккхачунна а, жимачунна а шех масал эца хьакъдолуш а ю. Кхин цхьа хIума а эр ду ас, цо яздечу дийцарех лаьцна, шайн чулацам кIорггера а болуш, бараме хьаьжча даккхий а доцуш ду уьш.

Масала, цуьнан «Ненан кортали» дийцар юх-юха а доьшу. Цкъа а кIорда а ца деш, керл-керла дешнаш, керл-керла маьIнаш а карадо суна цу тIехь. Иштта ду цуьнан кхидолу дийцарш а. Зайнапан суна хазахеташ ю ненах лаьцна ойланаш.

Зайнап шен ненах хьегна а я цунна шен декхар дIадалаза а яц. Делахь а стаг дийна волчу хенахь даима а ненан декхарх ца волу дела, даима а керл-керлачу дешнашца шен декхар шен нанна дIалуш ю-кх Зайнап. Иштта ю-кх вайн Зайнап».

Тайп-тайпанчу мерзачу даарша кечйинчу стоьлашна гуонаха хевшина Iаш болчу хьешийн сумукъадоккхуш, суьйренехь иллеш, эшарш элира Т.Дадашевас, Т.Адамовас, Т.Парс ановас, М.Асхабовас, Л.Эльжуркаевас, М.Ясаевс, Л.Мусаевс, иштта кхечу артисташа.

Россин хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс дIадийшира Зайнапа язйина «Масех миллиард зудчунна» дийцар.

Билгалдаккха деза, Окуев Шимин 85 шо кхачарна лерина Дуьненаюкъарчу литературин фондан президента I.Мусаевс мидал елира З.Эльдерханована.

Доллучул а товш дара, Зайнапа кхоллараллин суьйрене кхайкхина болчу нахах, хIораннах а цунна ала дош карор, церан адамаллин агIонаш ца евзачунна йовзийта а, дикачу масалшна тIехь цаьрга безам, ларам кхолла а ларийра иза цхьа кIеззигчу хенахь.

Зайнапан башхачу амалийн кхин цхьа агIо а гучуяьккхира оцу хиламо. Адам боху дош ондда, лакхара, исбаьхьа хетар билгалдаьккхира цо.

Л.ИБРАГИМОВА

А.Мусаеван суьрта тIехь: Эльдерханова Зайнапан юбилейхь

№96, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: