ТIедогIучу шеран оханан беттан 17-чу дийнахь 75 шо кхочур ду Нурадилов Ханпашина Советийн Союзан Турпалхочун цIе елла.
Нохчашлахь дуьххьара вара Х.Нурадилов и еза цIе елларг. Цул тIаьхьа Советийн Союзан Турпалхой хилира Магомед-Мирзоев Хаважах, Бейбулатов Ирбайханах, Идрисов Абухьаьжах, Дачиев Хансолтах.
ТIеман арахь шайгара доккха хьуьнар гайтарна и цIе яла хьалхатеттина вайн махкахой дуккха а хилла, амма нохчий хиларна, тIеман архивашкахь Iахка дисира церан кехаташ. Иза иштта хилар чIагIдо иттаннаш шераш девллачул тIаьхьа Висаитов Мовлидана Советийн Союзан Турпалхочун а, Узуев Мохьмадна, Умаров Мовлидана, Абдурахманов Кантина Россин Турпалхочун а цIерш яларо.
№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо