Кху деношкахь Нохчийн Республикин Веданан районехь схьайиллира спортан-туризман «Къоьзан-Iам» комплекс. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан председатела Эдильгириев Амруддис, Веданан районан куьйгалхочо Магомаев Шемала, иштта республикин тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн, районийн куьйгалхоша, регионан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира х1ара комплекс схьаеллар Веданан районан а, ерриге Нохчийчоьнан а дахарехь исторически хилам хилар. «Дуккха нахан, дагадогIуш хир ду, дIаяханчу хенахь кхузахь вуно дика спортан база хилла хилар. Хийла гоьбевлла спортсменаш кхиийнера цигахь. Бакъду, тIеман хиламаш бахьанехь юкъарабаьллера кху базин болх. Ткъа тахана керла дахар долош ду кхузахь. Со тешна ву, «Къоьзан-Iам» комплекс, массо маьIIера туристаш а богIуш, вайн махкахь уггаре гIараяьлла меттиг хирг хиларх», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Ламасталлин цIен лента хадийначул тIаьхьа, хьешийн цIийнах а, спортзалах а бIаьргтуьйхира Кадыров Рамзана, хьешаша Цул тIаьхьа, даздаре кхайкхиначу меттигерчу бахархошца а, хьешашца а цхьаьна керлачу маьждиг чохь ламаз дира цо. КхидIа, официальни дакъа дерзийна, циггарчу ресторанехь делкъе йира гулбеллачара.
Билгалдаккха деза, туристашна а, спортсменашна а тоьлла хьелаш кхоьллина билгалъяьккхинчу комплексехь. 103 стагана лерина 58 чоь йолуш хьешийн цIа а, доьзалшна лерина 40 стаг чутарваллал дечиган цIенош а (люкс-коттеджаш а, vip-коттедж а), маьждиг, ресторан-музей, йоккха спортзал а, спортан майда а, хинкеманахь хахкавала йиш йолуш меттиг а ю кхузахь. Цхьана денна ши эзар сом ца кхочучу мехах шина стагана лерина цхьа чоь а, пхи эзар соьмах (доьзалшна лерина) дечиган цIа а лаца таро ю туристийн.
А.МУСАЕВА
Авторан суьрташ