Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин Яздархойн союзехь дIаяьхьира къоначу поэташна лерина семинар. Цигахь дакъалоцуш бара къона яздархой: Банжаев Аьрзу, Виситаева Тумани, Магомадова Марет, Даудов Гилани, Шахабов Саид-Селим, Куруева ПетIамат.
Мастер класс а гойтуш, семинар дIаяьхьира къоначу яздархочо, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхочо Халикова Асета. Яздархойн союзехь и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлу. Асета къоначу яздархошна дийцира нохчийн байт язъяран башхаллех а, кхидолчух а лаьцна.
Цул тIаьхьа дош делира къоначу яздархошка. Поэзин таронаш шуьйра а, хIинца а шайх буьззина пайдаэцаза а хилар гойтура къоначу поэтийн байташа. Iаламан исбаьхьалла а, дуьненан гIиллакхаш а, дахаран маьIна а, кхийолу теманаш а карайора церан могIанашкахь. Церан поэзин шатайпа хатI дара. ХIораннан байташ хаза, чулацаме яра.
Шен байташ йовзийтира оцу семинарехь дуьххьара дакъалоцуш хиллачу Хизриев Адама. Нана йоцу керт а, бераллера цIа а, деган цатемаш а, иштта кхидерг а хьахийнера цо шен байташкахь.
Цу кхоллараллин хазачу цхьаьнакхетарехь дакъалацарх боккха пайда ийцира массара а.
ДУЗАЕВ Ламаро,
Литературин «Даймохк» клубан декъашхо, Журналисташ кечбаран а, юхакечбаран а школин ладогIархо