ДIадолийна «Инфофорум – 2018» форуме язвалар…

ТIедогIучу 2018-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1–2-чуй деношкахь Москвахь (Москва, Керла Арбат ур., 36) дIахьур ю Къоман хаамийн кхерамазаллин «Инфофорум – 2018» аьлла йолу йоккха форум. Россин Федерацехь хаамийн кхерамазалла Iалашъярна леринчу цхьаьнакхетарехь уггаре а коьрта ларалуш йолу и форум 20-гIа дIахьур ю.

Форум дIаяхьарехь жигара дакъалоцур ду Россин Федерацин Пачхьалкхан Думо, Кхерамазаллин совето, чоьхьарчу гIуллакхийн а, лерринчу службийн а органаша, МЧС-н а, ФСО-н а, федеральни министерствийн а векалша, Россин Банко, субъектийн векалша, кхечара.

Цигахь дийцаре дийр ду Россин Федерацин а, цуьнан электронни ахчанан системин а хаамийн кхерамазалла лакхаяккхаран а, субъекташкахь а, гIаланашкахь а кхерамазаллин хаамийн «системаш» юкъаялоран а, виртуализацин а, урхалла даран системашна автоматизаци яран а, «марханийн» технологийн а гIуллакхаш.

Иштта, дийцаре дан леринчу гIуллакхийн могIарехь ду, хаамийн технологех пайда а оьцуш, зуламхоша терроризмах а, экстремизмах а «юьзна» дIасаяржочу материалаша бахархошна, къаьсттина кегийрхошна бечу Iаткъамца къийсам латтор а.

«Инфофорум – 2018» форуман программа а, дIаязваларан кор а https://infoforum.ru/conference/2018 тIетовжарца.

№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: