Соьлжа-ГIаларчу тоьллачу школех цхьаъ ю № 60 йолу школа.

Таханлерчу дийнахь цигахь болх беш ву 122 хьехархо. Шина сменехь доьшуш верг 2078 дешархо ву. Цу школехь ерриге а 71 класс ю.
Дешаран шо доладеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна школехь, кIиранах цкъа хуьлучу линейкехь, хьехархошна юкъахь дIахIоттош «дежурство» ю. Дежурни хьехархочо дарс доладалале 15 минот хьалха толлу классаш урокана кийча хилар, иштта берийн духарш. Ерриге школа а, классаш а шен тидамехь латтайо, иштта низам лардо. Хьалхара смена чекхъяьлча хьехархочо дежурство дIало шолгIачу сменерчу хьехархочуьнга.
Школехь болх беш школьни масех организаци ю: «Рассвет» дешаран урхаллин президент 11-чу «А» классера дешархо Ясулов Эми; «Юные Кадыровцы» патриоталлин отрядан председатель 11-чу «Б» классера дешархо Магомадов БойсагIар; «Юнармия» юнармейски отрядан куьйгалхо 7-чу «А» классера дешархо Азизов Мохьмад.
ХIокху школин куьйгалло боккха тидам тIебохуьйту кхетош-кхиоран балхана. Ала дашна, дIадаханчу шарахь школо хьалхара меттиг яьккхира тоьлла кхетош-кхиоран болх дIахIотторан конкурсехь. Тайп-тайпанчу конкурсашкахь совгIатан меттигаш йоху дешархоша. Иштта дакъалоцу тайп-тайпанчу олимпиадашкахь.
Нохчийн зудчун денна, Ненан денна, Хьехархочун денна лерина кхетош-кхиоран дакъошкахула тайп-тайпана конкурсаш вовшахтуху: байташ йоьшу, эшарш лоькху, спектаклаш хIиттайо, хелхарш до.
«Шеран хьехархо – 2017» Ерригроссин конкурсехь республикехь толам баьккхина биологин хьехархочо Тепсуркаева Зулихана. «Нохчийн меттан хьехархо» республикин конкурсехь 3-гIа меттиг яьккхина нохчийн меттан хьехархочо Ильясова Даамата, иштта, «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» республикин конкурсехь 2-гIа меттиг а яьккхина.
Стохка тоьллачу пхеа школина юкъаяхана хIара. Юккъерчу дешаран сийлахь белхахочо Хасанова Табарика а, Езидова Меднис а совгIаташ даьхна нохчийн меттан конкурсехь.
Пачхьалкхан цхьааллин экзаменах дерг аьлча, дешархойн дикачу жамIашка хьаьжча а гуш ду цара уьш дика дIалуш хилар. Царна юкъахь ду вайн республикерчу кхечу республикерчу а лаккхарчу заведенешка деша дахана бераш.
Кхушара Нохчийн пачхьалкхан университет чекхъяьккхина къона хьехархой бу школехь, хьехамчаша гIо а деш, кечбеш.
– ДIадаханчу дешаран шарахь, лахьанан (ноябрь), гIуран (декабрь) беттанашкахь оха дакъалецира Ерригроссин «Адам кхио», «Кхиаме школа» конкурсашкахь. Оцу шина а конкурсехь толамаш бехира.
Билгалъяьккхинчу тоьллачу пхеа школина юкъахь хьалхара яра хIара школа. Стохка дешархойн предметни олимпиадехь муниципальни муьрехь немцойн маттехула 1-ра меттиг, французийн маттехула 2-гIа меттиг яьккхира 9-чу классан дешархочо Абдуева Аминас. 10-чу классан дешархочо Айдаева Танзилас гIалин муьрехь масийтта предметехула хьалхара меттигаш ехира: экологи, хими, экономика, обществознани. Иштта, оьрсийн маттехула республикин муьрехь олимпиадин совгIатан меттигаш ехира А.Абдуевас, Т.Айдаевас.
Iилманин-методикин балхехула йолчу директоран заместитела Тепсуркаева Залинас дакъалецира хьехархойн «Дебют» номинацин «Къона урхалхо» Ерригроссин конкурсехь. Иза оцу конкурсан лауреат хилира.
Калининград гIалахь дIаяьхьначу «Янтаран бухIа» дуьненаюкъарчу конкурсехь дакъалецира ингалсан меттан хьехархочо Дудаева Фатимас. Цо цигахь гран-при яьккхира, – дийцира директоран кхетошкхиоран декъехула заместитела Хасанова ПетIамата.
Ф.АЛИЕВА
№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо