ЦIеяйъархошна юкъахь къийсадаларш дIадаьхьира

Соьлжа-ГIаларчу «Грозный-Сити» комплексехь «Вертикальный вызов» къийсадаларш дIадаьхьира. Федеральни цIеяйъаран Нохчийн Республикехула йолчу службин белхахоша дакъалецира цигахь.

Билгалдаккха деза, и тайпа къийсадаларш Къилбаседа Кавказехь дуьххьара дIадаьхьна хилар.

– «Вертикальный вызов» къийсадаларш спорт а, физикин культура а кхиоран а, цIеяйъархочун говзалла йовзийтаран а Iалашонца вовшахтоьхнера, – дийцира Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалхочо Яхъяев Руслана.

«Вертикальный вызов» къийсадаларшкахь 40 гIаттах лаьтташ йолчу «Феникс» гIишлон 960 терхи йолчу лами тIехула шайн лерринчу барзакъца хьалабовла дийзира дакъалацархойн.

Билгалдаккха деза, оцу барзакъан йозалла 20 кийла гергга хилар. Къийсадаларшкахь дакъа лаьцнарш ларийра шайна хьалха хIоттийначу Iалашонца. Къийсадаларш чекхдевллачул тIаьхьа, жюрин декъашхоша тоьлларг билгалваьккхира. ЦIеяйъарехула №23 долчу декъан белхахочо Баргишов Iалихана баьккхира толам.

– Дуккха а гIаттех лаьтташ йолчу комплексан тIаьххьарчу гIатта тIе кхочучу хенахь хала дара, гIора а эшнера, садаIа хIаваъ ца тоьара. Амма цIеяйъархой хиларе терра, ишттачохь дан дезарг дан кечдина ду тхо. Оцо гIо дира суна къийсадаларшкахь толам баккха, – элира цо.

Иштта, къастийра командашна юкъахь тоьлларг а. Октябрьски кIоштан цIеяйъаран-кIелхьардахаран №3 долчу декъан белхахойн командо баьккхира толам.

– «Вертикальный вызов» къийсадаларшкахь атта дацара. Тхан командин белхахойн хьуьнар тоьира дика чекхбовла, – бохура №3 йолчу декъан куьйгалхочо Дусаев Iелас.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалло дийцарехь, «Вертикальный вызов» къийсадаларш цIеяйъархошна юкъахь хIора а шарахь вовшахтоха а, дIадахьа а дагахь бу уьш.

З.ЛОРСАНОВА

№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: