Турниран толамхой

ГIулара юьртахь хIокху деношкахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула Республикин схьайиллина турнир. Иза лерина яра Нохчийн Республикин хьакъволчу тренерна А.Эскерхановна.

Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Кхузахь дакъалоцуш вара РДЮСШ-ра 20 спортсмен.

Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира Эскерханов Iусмана (35 кг.), Манаев Мохьмада (57 кг.), Бикаев Сулима (60 кг.).

Оцу турнирехь толам а, совгIатан меттигаш а яьхначу спортсменаша дакъалоцур ду, кестта дIахьон йолчу СКФО-н турнирехь. Турнир дIахьош доккха дакъалецира РДЮСШ-н директора Гусигов Аптис.

Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: