Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос вовшахтоьхначу «Студентийн барт» Дуьненаюкъарчу проектан гурашкахь цхьаьнакхетар дI1адаьхьира Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетехь.

Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад, Парламентан депутат Нагаев Аднан, республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Дабаев Айдамир, республикин Дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад.
Иштта, цигахь дакъалаца баьхкинера Россин дешаран а, Iилманан а министерствехь йолчу Россин Федерацин студентийн «Росстуденчество» туьшан куьйгалхо Махмутов Руслан а, Россехь болчу Кхечу пачхьалкхашкарчу студентийн ассоциацин президент Никэз Аду Яо а, Россехь а, СНГ-хь а болчу Шемарчу Студентийн союзан президент Рамадан Мусса а, иштта, дуккха а хьеший а.
Оцу пректан коьрта Iалашо ю Россин вузашкахь доьшуш болчу студенташна юкъахь доттагIаллин уьйраш тасар а, вовшашна зеделларг довзийтар а, кхечу пачхьалкхашкара деша баьхкинчу студенташна шаьш доьшуш долчу меттигерчу нехан гIиллакхаш, Iадаташ довзийтар а.
Россин вузашкахь доьшуш а, дешна бевлла а кхечу къаьмнийн студенташ а баьхкинера оцу мехалчу гIуллакхехь дакъалаца. Цара дийцира Россин тоьллачу вузашкахь дешаро шайн хIун аьтто бина а, кхидIа шайн хIун Iалашонаш ю а. Дешна бевллачара а дийцира адамийн куц-кеп, дин ца къестош дешар коьрта Iалашо а лаьцна схьабогIучаьрга, лаам хилчахьана, миччахь а дешалуш хиларх.
Университетан актови зала чохь гулбеллачу Нохчийчоьнан лаккхарчу дешаран кхерчашкарчу студенташна дуккха а керланиг девзира, кхин а дика деша дог-ойла ира-кара а хIоьттира.
– Масех шо ду вайн университетехь кхечу пачхьалкхашкара студенташ доьшуш болу. Делахь а цу тIехь тоам бина Iан дагахь дац тхо. ТIейогIучу хенахь кхин а алсам хир бу кхузахь кхечу пачхьалкхашкара кегийрхой. Царна дешарна тIехь аьтто хилийта кечъеш дуккха а программаш а ю, юкъараIойлехь алсам йохуш меттигаш а ю. Вайн республикина чIогIа мехала ду кхечу пачхьалкхашкара студенташ вайн вузашкахь деша лууш хилар а, уьш тIелаца а, царна накъосталла дан а вайн аьтто хилар а, – элира Халадов Хож-Ахьмада.

Цул тIаьхьа хьешашка дуккха а хаттарш дира студенташа. Царна юкъахь къаьсташ ши хаттар дара: «Кхузахь доьшуш болчу Iаьрбашна доккха накъосталла хуьлу ингалсан а, оьрсийн а меттанаш буьйцуш а, уьш Iамош а. Шемахь долу хьал вайн массарна а хууш ду, цундела цигахь практика ян йиш яц тхан. Iаьрбийн кхечу мехкашка, тхаьш Iамош болу мотт шарбан а, кхин а кIорргера Iамон а йолчу Iалашонца даха аьтто хир буй тхан?», «Нохчийчохь лаккхара дешар дешна а ваьлла, дозанал арахьа аспирантура, ардинатура чекхъяккха луучунна (халабохкучу доьзалерчу студенташна, буоберашна, могашалла ледара йолчарна) юкъараIойлица а, ахчанца а гIо-накъосталла хир дуй?».
Церан хаттаршна жоьпаш делира Россин дешаран а, Iилманан а министерствехь йолчу Россин Федерацин студентийн «Росстуденчество» туьшан куьйгалхочо Махмутов Руслана а, Шемин Студентийн союзан президента Рамадан Муссас а.
Цхьа а хаттар жоп доцуш ца дитира. Делкъал тIаьхьа конференцин зала чохь студенташ докладаш а еш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.
Иштта, хьешаша Нохчийчийн Республикин историн а, культурин а, архитектурин а хIолламаш гойтуш эксскурси а йира.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрташ
№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо