– Шеларчу №8 йолу школехь 8-чу классехь со доьшуш йолчу хенахь лулара цхьа нах, шайн ков-керт а доьхкина, баха генна дIабаханера, – дагалоьцу Зайнапа. – Цу кертахь церан жIаьла дисинера. Дийнахь кхерсташ а лелий, ша кхиъначу а, даьхначу а керта буса юхадогIура иза. Со цецъюьйлург дара, шен жIаьлиниг боцург кхин кхетам боццушехь, ша даьхначу цIийнах жIаьла ца далалучохь шайн лулахой, шаьш даьхна а, кхиъна ков-керт, шаьш бераллехь идийна урам, цIа, юрт, юьртахой, гергарнаш, накъостий а буьтий, дIаоьхучу нахах, уьш дIа а бахана, шаьш баханчохь Iабаларх. И цецйийлар, хIетахь дуьйна дуккха а иттаннаш шераш дIадевлича а, къаьсташ дац сан кхетамах.

Иза дIаяздина, сайн тIоьрмига чохь дехха лелийра ас, цхьаьнгга а ца гойтуш. ТIаьххьара а, Iа а ца елла, Шелан кIоштан «Коммунизман байракх» газетан редакце яхара со. Цигахь культурин отделе хьажийра. Отделан редактора со кIеда-мерза тIе а эцна, дийшира сан дийцар. ТIаьхьа вевзира суна со тIеэцна редактор. Иза республикехь дика вевзаш волу журналист, поэт, тIаьхьа халкъан яздархо хилла волу Хатуев Iабдул-Хьамид хиллера.
– ХIара дийцар айса яздина хуьлуьйтур дара ас, – элира Iабдул-Хьамида, ша сан кехат дешна ваьлча. Цо сайн дийцар хасторо а, магоро а сан кхолламе еара нохчийн литература а, журналистика а, ненан меттан исбаьхьалла а, – кхидIа а дийцира Зайнапа.
Школехь доьшуш йолчу хенахь бевзира суна нохчийн яздархой, поэташ: Арсанукаев Шайхи, Шайхиев Iалвади, Сатуев Хьусайн, Бисултанов Апти, Яхъяев Леча, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, кхиберш.
1967-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийнахь Шеларчу Эльдерханов Хизиран, Маликин боккхачу доьзалехь, иттаннах пхоьалгIаниг а йолуш, дуьнен чу яьлла ю Зайнап.
Нах Казахстанера цIаоьхуш, хIусамца а, балхаца а дIанисбала гIерташ а болуш, нохчийн халкъана хала мур бара иза. Амма нах вовшашна тIебахар а, церан вовшашца болу уьйр-безам а хIинцачул дуккха а алсам бара. ЗайнапагIеран хIусамехь хаддаза дукха баккхий нах хуьлура. Цо леррина ладугIура цара дечу хьекъалечу къамелашка. Цара хаза буьйцура нохчийн мотт, хестадора нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ, къоман хьалха хилла сийлахь Iадаташ. Иза дерриге а беркате зIийдиг тесна, чIагIделла, дисира Зайнапан бераллин а, кхиазхочун а синкхетамехь.
Школехь доьшуш йолуш, цкъацкъа цIахь ян еллачу урокана гIо-накъосталла оьший, нене доьхура Зайнапа шена гIо дар. Цо олура: «ЙоI, со хьан хенара йолчу хенахь, тхо Сибрех дигна, деша таро яцара». ТIаккха йоI кхетара нанас аьллачух а, алаза хаийтинчух а. Оцо а кхин тIе а чIагIбира нохчийн матте а, литературе а, культуре а болу Зайнапан безам.
Доьзалерчу йоIарех йоккханиг хиларе терра, цIен тIехь дан дезарш а алсам хуьлура Зайнапан. Чохь юучунна оьшу кега-мерса хIума эца туькана яхар а коьртачу декъана Зайнапана тIехь дара.
Иштта, туькана яхча, юхаделлачу а, кхечу кепара карадеанчу а, кега-мерсачу ахчанах юьртарчу книгаш юхкучу туьканара нохчийн маттахь язйина книгаш оьцура цо. Уьш а гуттар а ца хуьлура. Амма книгаш ешар чIогIа марзделлачу йоIана дIайохкий, юьтура уьш туьканан белхахоша.
Амма Зайнапан чIогIа дог дохийра Нохчийчохь тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь, билггала аьлча, 1995-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь, тIе ракеташ а тоьхна, «шен» книгийн туька йохийна, лаьттаца дIашарйича.
1985-чу шарахь Зайнапа, кхиамца дешна, чекхъяьккхира юьртара №8 йолу школа. Цул тIаьхьа итт шарахь сов болх бира Шеларчу кIоштан берийн библиотекехь. КIоштан а, культурин учрежденин а куьйгалхой чIогIа реза бара Зайнапан балхана. Цо дика вовшахтухура библиотекехь республикин яздархошца а, производствон хьалхелелорхошца а цхьаьнакхетарш. Къаьсттина тидам тIебохуьйтура школийн дешархошна а, кегийрхошна а юкъахь бечу кхетош-кхиоран балхана.
Зайнапа дика дIахIоттийнера книгашъешархошна алссам езаш йолу литература, царна хьалххе къастор а, кечъяр а. Герггара уьйраш яра кIоштарчу школашца а, учрежденешца а, предприятешца а, юьртан бахамашца а.
Кхин цхьа гIиллакх а дара Зайнапан. Нагахь санна книгашъешархочо ехна йолу книга библиотекехь ца хилча, цо иза кхечу библиотекера йоийтий, хуьлуьйтура цунна. Билгалдаккха деза Зайнап библиотекехь болх беш йолчу хенахь цигахь книгашъешархойн барам дуккха а алсамбаьлла хилар.
Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан заочни отделене деша а яхара иза. Республикехь хьалхара тIом дIабаьлча «Вайнах» радион исбаьхьаллин редакцин редактор Iийра. Цигахь коьртачу декъана нохчийн маттах, къоман гIиллакхех, зударийн хьуьнарех лаьцна передачаш кечйора Зайнапа. Оцу темина йолу материалаш радиоладогIархоша чIогIа резахуьлий тIеоьцура.
ДIадаханчу бIешеран дезткъе уьтталгIачу шерашкахь республикехь чIогIа баьржинера «вахабизм» олуш болу зуламе болам. Кегийрхойх цхьаберш, шайн дай-нанойн лаамера буьйлуш, нохчийн халкъалахь цкъа а хезна доцчу оцу зуламах Iехабала буьйлабелира. Iаьрбийн махкара ву бохуш, хьекъал доцчу цхьаболчара вазвина лелош волу Хаттаб, Сиржа-Эвлахь шен туш а йиллина, Iаш вара.
Оцу зуламо гуттар а сингаттам латтабора Зайнапехь. Цхьана дийнахь редакторера Кусаев Iадизера пурба а даьккхина, хIетахь республикин муфти хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа волчу яхара Зайнап, радиопередача кечъян Iалашо йолуш. Ахьмад-Хьаьжина тIекхечира. Зайнапан диктофоне а хьаьжна, цо хаьттира: «ЙоI, болх беш юй иза?». «Ю», – аьлла, жоп делира Зайнапа. «Елахь, дIаязде».
ТIаккха цуьнга «вахабизмах» лаьцна хаттар дира Зайнапа. Цунна жоп луш, Ахьмад-Хьаьжас дийцира «вахабизм» боху болам кхоллабаларх а, баржарх а лаьцна. «И нах махкара арабаха безар ас шега алар ду, со Масхадов Асланах хераваьккхинарг. Вайна дикачу балхана баьхкина бац уьш. И зуламхой билггал а арабаха безаш а бу», – элира Ахьмад-Хьаьжас.
Чулацаме, Зайнапан хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш луш хилира интервью.
Радиохь болх беш дукха ца Iийра Зайнап. Шелара Соьлжа-ГIала дIасалела хала хилла ца Iаш, некъана хуьлуш йолу харжаш а яккхий яра. Цул тIаьхьа 1996–1999-чуй шерашкахь республикин транспортан министерствон пресс-службин куьйгалхочун болх бира.
Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча Москва яхара Зайнап. Цигахь Нохчийн Республикерчу берашна лерина йиллина яра «Йовха хIусам» цIе йолу организаци. Оцу меттехь берашна нохчийн мотт а, йоза а, къоман гIиллакхаш а Iамор тIедиллинера Зайнапана. Оцу тIедилларца дика ларийра иза. Цигахь йолчу хенахь бевзира кхечу мехкашкара журналисташ. И бахьана долуш, Швейцаре а яхара, Ингалсан махкахь церан мотт Iамош, курсашкахь дешар а нисделира.
Москвара цIаеара 2004-чу шарахь. Республикехь хиллачу тIамах лаьцна шен кхоллаелла ойланаш юьйцуш, ша язйина: «ХIун мах бу хьан?» цIе йолу статья гайта дагахь «Даймохк» газетан редакце яхара Зайнап.
ХIетахь газетан коьрта редактор хиллачу нохчийн халкъан поэта Абдулаев Лечас, статья ешначул тIаьхьа, элира: «Хьо редакцехь болх бан лууш елахь, заявлени язде, хьо республикех а, нохчийн халкъах а, цуьнан хиндолчух а чIогIа доглозуш йолчух тера ду».
2006-чу шарахь дуьйна «Даймохк» газетехь болх бан йолаелира Зайнап.
– Ас дозалла дора махкахь бевзаш болчу нахана юккъехь болх бан сайн аьтто хиларх, – дагалоьцу цо. – Уьш бу: Газиева Аза, Магомаев Леча, Дадаев Сайд-Хьасан, Аболханов Хьаьким, Алиев Iальви, Яхъяев Хьасамби, Арсанукаев Муса, Саралиева Табарк, кхиберш.
Карарчу хенахь Зайнап редакцин культурин отделан редактор ю. Ала деза цо отделан болх дика вовшахтоьхна хилар. Цо куьйгалла деш бу лаккхара дешар дешна болу, шайн болх кхоччуш карабирзина болу корреспонденташ: Сагаева Залина, Лорсанова Зарета, Вегиева Макка, Ибрагимова Лиза, кхиберш.
Зайнапана хаа царах муьлхачу корреспондентан муьлхачу темина дика нисло язъеш йолу статья. Цундела цхьа материал язъян езаш хилча, цо къастадо мехкарех муьлхачунна иза тIедиллича гIолехь хир ду. Зайнап отделехь церан куьйгалхо елахь а, амма нанас санна, церан Iуналла деш а, церан хьехамча а, кхетош-кхиорхо а ю. Церан дика а, вуон а шен чуьраниг санна, дагахкхеташ тIеоьцу Зайнапа.
Отделан редактора язъечу материалийн коьрта тема ю доьзалера юкъаметтигаш, нохчийн зударийн дахар, юкъараллехь йолу церан меттиг. Зайнапа яздо республикехь дехачу халкъийн юкъаметтигех а, доттагIаллех а лаьцна.
Кест-кеста иза ган тарло меттигерчу телевиденехь а, хеза радиочухула а. Дахар, дуьне довзарца, дуьнене хьежар кхетаме хиларца, даггара дийцарца, ненан мотт шера бийцарца къаьсташ хуьлу цо деш долу къамел.
Телехьажархо кхетийна ца Iаш, кхачам боллуш тешаво ша дуьйцучух. Зайнап муьлхха а шен къоман дерг дезаш а, кхечарна иза хьоьхуш а ю.
Шега ладогIа догдоуьйтуш, дуьйцу цо адамийн юкъаметтигаш даггара, гергара хуьлийла шена лаарх, къоман патриотизмах, кегийрхой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорах, зударийн дахарх лаьцна.
Цуьнан къамелашкахь иштта хуьлу нохчийн литературах, искусствох, дешарх, дуккха а кхечух а лаьцна йолу цуьнан ойланаш. Зайнапа жигара дакъалоцу республикехь дIахьочу тайп-тайпанчу кхеташонашкахь а, цхьаьнакхетаршкахь а. Юххера гIуллакхаллин уьйраш ю дешаран, культурин, искусствон учрежденийн куьйгалхошца а, белхахошца а.
Билгалдаккха лаьа Зайнап гIиллакхе, оьзда хиларца къаьсташ хилар. Цо лерина лардо ламаз-марха, къоман Iадаташ. Юьззина нохчийн зуда, къонах ю иза. Гуттар а кийча ю оьшучунна гIо-накъосталла дан. Белхан коллективехь лоруш а, сий деш а ю. Юххехь гуттар а доттагIий хуьлу цунна, иза нахана езаш а, оьшуш а ю.
З.Эльдерхановас еххачу хенахь хьанал бина болх билгалбаьккхина пачхьалкхан совгIат дарца. Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран болх кхиамца дIабахьарна 2011-чу шарахь цунна елла «За трудовое отличие» знак.
Иза Россин Журналистийн союзан декъашхо ю.
С.МАГОМАЕВ
№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо