Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Даймехкан турпалхойн денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, халкъан поэта Яричев Iумара, Советийн Союзан а, Россин Федерацин а Турпалхойх бисинчу зударша, кхечара.
Д.Умаровс билгалдаьккхира нохчийн зударий собаре а, ийманехь а хилар.
– Вайна массарна а хаьа дIаяханчу заманахь нохчийн зудчунна тIехь мел даккхий декхарш хилла а, цо уьш муха кхочушдина а. Кхин хIумма а ца хилча а, Нохчийчохь тIеман кампанеш йолчу муьрехь шайн дайшна, вежаршна, хIусамдайшна, кIенташна мел дукха сагатдина оцу зударша. Делан къинхетамца, вайн халкъана уггаре а оьшучу хенахь гIаьттина Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо болийначу нийсачу новкъара ца волуш, тахана а схьавогIуш ву цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Цо цкъа а биц ца бо шайн синош даймехкан дуьхьа дIаделла болу Даймехкан турпалхой, Дала гIазот къобалдойла церан! Оха тахана царна а, шуна а баркалла боху, – элира цо.
Цул тIаьхьа вистхиллачу I.Яричевс шен гулара юкъара байташ йийшира Нохчийн Республикин хьалхарчу Прзидентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а, Соьлжа-ГIалина а лерина йолу.
Цхьаьнакхетар дерзош Д.Умаровс баркалла элира цига баьхкинчу Турпалхойх бисинчу зударшна, иштта совгIаташ а делира царна.
Хь.БАХТАЕВА
№97, шинара, гIуран (декабрь) беттан 12-гIа де, 2017 шо