С.-Хь.Межиев: «Iилма Iамор лакхадаккха деза вай»

Терроризмаца къийсам латторехь цхьабарт а хилла, къахьоьгу дуьненан тайп-тайпанчу пачхьалкхаша а, оцу пачхьалкхийн динан, Iедалан дайша а. Цу зуламна дуьхьало ян лерина билгалдохуш тайп-тайпана денош ду дуьненахь а, къаьсттина цхьадолчу мехкашкахь а. Царех цхьаъ ду сентябрехь билгалдоккхуш долу Терроризмаца къийсам латторехь цхьабарт хиларан де. Цуьнца доьзна тхан хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин председатела Межиев Салахь-Хьаьжас.

DSC_0008

– Салахь-Хьаьжа, нохчийн кегийрхой терроризмах а, экстремизмах а ларбаран Iалашонца республикин бусалбанийн динан урхалло хIун болх бо? И болх шена тIебиллина билггал отдел я говзанчаш буй?

– Терроризмана а, экстремизмана а, вахабиташна – Делан мостагIашна а дуьхьал кху чохь беш болх бу. Муьлха отдел ю те аьлча, ерриге а отделаш бусалба дин нийса дийцарехь, дIакхачорехь болх беш ю. «ХIара цу гIуллакхна юкъахь яц» ала йиш йолуш цхьа а отдел яц. Масала, схьалоцур вай дешаран отдел: цу чохь Iилма лакхадоккхуш, нийса долу Iилма дIакхетош болх бо. Изданийн отдел схьаэцча, жайнаш кечдарехь, арахецарехь къахьоьгущ болу уьш а бу цу зуламашна дуьхьало ярехь дакъалоцуш. ТIаккха интернет чохь беш болу болх, тхан онлайн-медресен сайта тIехь «хаттар-жоп» декъехь болу болх я муьлхха а кху чохь беш болу болх схьалаьцча, иза бусалба динехь нийса кхетамбаларна лерина бу. Ткъа бусалба дин нийса дIакхетош болу муьлхха а болх дуьхьал бу оцу зуламхошна. ХIунда аьлча, кхузахь ахь нийса хIума дIадийцарца царна новкъарло хуьлу, церан хIума дIататта дезаш, дохо дезаш хуьлу. Цундела, кху чохь мел беш болу болх бусалба динна а, бусалба нахана а, халкъана а, дахарна а пайдехь доллучу агIор бу.

– Терроризман зулам довзуьйтуш арахецна жайнаш дуй вайн?

– Жайнаш ду, вахабиташна дуьхьал а, цаьрца къовсаме долу хаттарш довзуьйтуш а яздина. Леррина, «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал яздина масех жайна а ду. Царна юкъахь ду «Иблисан пачхьалкхан» питана», «ИГИЛ: иблисан гIоьнча, Даджалан эскар», «Динехь долу муьлхха керланиг тилдалар дуй?», «Доцца вахабизмах лаьцна», «ДоIа динчул тIаьхьа «Фатихьа» дешар», «Iуьйра ламазехь «къунут» дешар», иштта кхидолу а жайнаш.

– Нохчийн кегийрхой, лакхахь билгалдаьхначу зуламашна дуьхьал вайн республикехь бечу балхе хьаьжна доцуш, нийсачу некъа тIера галбийларан хIун бахьана ду аьлла хета хьуна?

– Вочу хIуманний, Делан лайнний юкъахь лаьтташ шайтIа дац, дикачу хIуманний, Делан лайнний юкъахь лаьтташ шайтIа а ду, дегI а ду, дуьне а ду, дегIан шахIаваташ а ду, и стаг дикачу хIуманна тIе ца кхочуьйтуш. Цундела, дика хIума ахь стаге дIакховдийча, цунна дуьхьало еш, юккъе лелхаш дуккха хIуманаш хуьлу. Ахь ма де аьлла долу хIума мелхо а марзлой, иза диканиг ду моьттуш, цунна тIе боьлху нах. Иза хIун ду?  Царна цахаар ду. Ма-дарра долу Iилма ца довзар, цуьнан барам цахаар ду. Кхин цхьа хIума ду, вай долчохь болчу Iеламнаха, хуьлийла уьш бусалбанийн динан урхаллин белхахой, имамаш я кхиберш, цара шаьш нийсадерг дIадуьйцучу хенахь мелла а кхачамбацарш дийлитича, кегийрхойн синкхетамехь «яьсса меттигаш» йитича, уьш «вукхара» (авторера: вахабиташа) юзу. Цунах йоьзна а цхьа ледарло ю. Кхин стенна тIехь ю цигахь ледарло?  Массо а имам  кхачам болуш, Iилма долуш вац. Кху динан урхаллехь кхоьллина дешаран туш ю, белхахойн говзалла лакхаяккхарна лерина. ХIора дийнахь имамаш кхузахь дарсехь хуьлуш бу. Iакъидат, фикх, Iаьрбойн мотт, Къуръан дешар – и диъ низам царна дIахьоьхуш ду. Кхул тIаьхьа кхин а дешаран туьшаш кхуллуш, болх жигарабоккхур бу, Дала мукъ лахь. Карарчу хенахь вайн Нохчийчоьнан ерриге  а хьуьжаршкахь программаш хийцина, хьалхалерчу вайн Iеламнаха лелийна программа бухе  юьллуш. Оцу Iеламнехан программа дIакхехьалур йоцучу хьуьжаршка схьаала а аьлла оха. Цундела, леррина цу балхана векал бина, оцу хьуьжаршка дIа а лелаш, цигахь хьоьхур долуш, къаьсттина схьаоьцуш белхахой бу тхан кхузахь. ХIунда аьлча, билгалдаьккхинчу тIегIанехь шайн болх латто цхьайолчу хьуьжаршкахь говзанчаш бацахь, царна уьш хилийта беза. Оцу хьуьжаршкахь Iилманан тIегIа лакхадаккхарца бен цигара арахоьцуш болу нах (мутаIеламаш) Iилма долуш хир бац. Iилма долу нах дукха хилча бен вайга кегийрхой галбохуш йолу и харцо юхатохалур яц. Вай юза езаш ю кегийрхойн синкхетаман ерриге а кIоргенаш. Цхьадолу хIума вай дIадуьйцу, делахь а, кхин а чIогIа дийца деза царна. ХIора юьртахь хьовха, хIора куьпахь беза вайна хIинца Iеламнах. ХIунда аьлча, куп а галъялийта йиш яц. Цундела, уггаре а йоккха терго дешаран, Iилманан декъехь хила езаш ю. И агIо мелла а гIийла ю Нохчийчохь.

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца тIеэцна, кхочушъеш йолчу «Кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран юкъарчу концепцин» болх кхиаме бу аьлла хетий хьуна?

– И концепци вайн республикин Куьйгалхочо (Дала Iалашвойла иза) юкъаяьккхина яцахьара чIогIа дукха хIума телхина хир дара. Иза кхоллар, тIеэцар бахьана долуш, кху республикехь мел йолчу ведомствийн, министерствийн, динан, дешаран, юкъараллин учрежденийн болх вовшахтасабелла. Дерриге а цхьана зIене лаьцна оцу концепцис, хIора а ведомствехь динца боьзна болх хуьлуьйтуш. Дела реза хуьлда цунна (Р.Кадыровна) и гIуллакх дарна, иза чIогIа хьекъале болх бу. Иштта, цу юкъахь дакъа мел лоцучарна а Дела реза хуьлийла.

 – Цу концепцин декъехь я ша къаьсттина, нохчийн кегийрхой терроризмах ларбаран Iалашонца тIейогIучу хенахь юкъадало лерина керла кхин хIумма а дуй шун балхахь?

– Ас ма-аллара, дешаран, Iилма Iаморан декъехь беш болчу балхана алссам тидам тIебахийта дагахь ду тхо, Дала мукъ лахь. Мисарерчу «АзхIарца» бина барт бу вайн, цигара филиал кхузахь схьа а йоьллуш, «Даруль-хьадис», «Даруль-мустафа» йоккха ши хьуьжар а юьллуш, болх дIабахьа. Iилманан оцу кхаа кхерчара кхин а дукха Iеламнах арахоьцур бу вай. Иштта а болуш-м бу вайн уьш, амма вайна кхин а дукха беза Iеламнах. Дикка Iилма а долуш, хьадисан, фикхан, Iакъидатан, Iаьрбойн меттан дакъошкахь хаарш долуш, массо агIор кхиъна болуш, Iеламнах бу вайна безарш. Иштта нах вайн дукхах мел бу, «вукхара» юкъакхуьйсуш долу хIуманаш нахана  беламе а, пайда боцуш а хетар ду. Цу хьоле кхаччалц чIагIбан безаш бу вайн болх.

 – Бусалба дино хIун боху терроризман, экстремизман зуламечу тобанийн хьокъехь?

– Дала «шайн Iамалаш эшна болу нах» аьлла Къуръан чохь билгалбаьхна нах бу. Уьш муьлш бара-те аьлча, Iелас (Дела резахуьлда цунна) хавариджаш бу аьлла. Хавариджаш муьлш бу аьлча, вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хенаш кIезиг а йолуш, хьекъалш аьрта долуш, цара ламазаш дечу хенахь шуна шаьш деш долу ламазаш гIийла а хеташ, оццул чIогIа ламазаш деш, Къуръан доьшуш хир бу уьш, белшан даьIахкал лакха шайн Iамал хьалайолуш а хир бац уьш, герзашца арабевлла, нах бойъуш, хIаллакбеш, зуламаш лелош хир бу уьш, аьлла. Царна йогIуш йолу кхел уьш байъар ю аьлла Элчано (Делера салам-маршал хуьлда цунна). Уьш болчу хенахь ша тIенисвелча, ша бойъур бара уьш а аьлла. Iелас Пайхамаран дош бакъхилар дIа а гайтина шен заманахь. Цкъа хьехам байтина цо, ишттачу нахана. Хьехам бинчул тIаьхьа уьш юха ца бевлча, цаьрца тIом а бина, уьш хIаллак а бина. Иштта нах бу кху бIешарна юкъахь гучубуьйлуш, хIаллакбеш, схьабогIуш. Бакъдерг аьлча, таханлерчу дийнахь и тайп-тайпана тобанаш, боламаш юкъабаьхна, вайна юкъахь баржийнарш керста нах бу. Оцу тобанаша беш болу берриге пайда а керстачу нахана беш бу (Малхбузенна, Европина). Цара бойъуш, хIаллакбеш, бохош берш берриге а бусалба нах бу. Шайн хирг деш бу-кх и нах.

– ТIаьхьарчу хенахь дуьненахь даьржинчу «иблисан пачхьалкх» аьлла вай цIе йоккхучу тобанан зуламийн хьокъехь нохчийн кегийрхошка ала хIун ду хьан?

– Цу тобанан хьокъехь кегийрхошка тила ма тила эр дара ас. Цара дуьйцуш дерш цара лелочуьнца цхьаьна догIуш дац. Халифат иштта хоржуш ца хуьлу я царна хьалхаваьлларг халиф вац. Цара дуьненахь мел болу Iеламнах а, бусалба нах а керста лоруш, шаьш бен бусалба ца лоруш,  лелош долу хIума цхьанна а кепара динца догIуш дац. Шаьш лелош долчу зуламех цара жоп лур ду Далла хьалха. Цхьа а шеко яц цунах, жоп ца луш уьш буьтур бац. Ша воцуш верг ву а аьлла, ша халиф ву, Маьхьди ву аьлла араваьлла, оцу стага лелош дерг зулам ду. ХIунда аьлча, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана а хьадисаца догIуш дац цо дуьйцуш дерг, лелош дерг. Халиф вац иза. Пайхамара вийцина волу халиф иза Маьхьди ву, Мадийнатан охIланах хир ву иза, Маккахь гучувала везаш ву. Циггахь дукха Iеламнах тIе а баьхкина, цунна байIат дан дезаш ду. Хьадисехь дийцинарг муха ду: Шемана а, Иракна а юкъахь эскарш гуллур ду, церан коьртехь волчо эскар доуьйтур ду боху и Маьхьди дIалаца. Маккана, Мадийнатна юкъахь латта эккха а эккхийтина, Дала и эскар дIалоцуьйтур ду боху. И билгало ю аьлла Iеламнаха халиф гучуваларан. «Маккана а, Медийнатна а юкъахь латта иккхина, эскар дIалаьцна аьлла хазахь, шуна хаалаш, бакъволу халиф Маьхьди цигахь гучуваьллий», – дуьйцу Iеламнаха. Массо хIума а дуьстина, теллина хила дезаш ду. Цу нехан хьокъехь цхьа а шеко йисна яц, царна кхин ала хIума дац – уьш Делан мостагIий бу.

– Муфтиято я вайн республикин Iедало кегийрхошна гIоьнна аьлла, арахоьцуш долу кхетамбаларан жайнаш (ахь кхул хьалха билгадаьхнарш а) нохчийн маттахь арахоьцуш хилча, доьшучарна кхета а, церан синкхетаме кхача а атта хир дара аьлла, хетий хьуна?

– Уьш дукхахдерш оьрсийн маттахь ду. ХIунда аьлча, дукхах болчара оьрсийн маттахь йоьшу. Ткъа нохчийн маттахь еша хуурш, иза вайн эшам бу бакъдерг дийцича, кIезиг бу. Цундела, дукхахдерш оьрсийн маттахь арахоьцу. Бакъду, вайна хала дац уьш нохчийн маттахь зорбане даха а. Царех цхьадерш нохчийн матте гочдина а ду, кхин дийр а ду. Цу тIехь болх бийр бу вай, Дала мукъ лахь.

–  Салахь-Хьаьжа, хьуна Дела реза хуьлда хан билгалъяккхарна а, тхан хаттаршна жоьпаш даларна а.

–  Дела реза вайна массарна а хуьлда.

Къамел дIадаьхьнарг – А.ВАХАЕВА

№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: