Тхан рузма

ГIуран беттан 15-гIа де, 1906-гIа шо. ГаланчIожан кIоштан Шюнда юьртахь вина Мехтиев Хьасан, журналист, юкъараллин гIуллакххо. Дешна Буру-ГIаларчу хьехархойн училищехь а, цул тIаьхьа Москварчу Малхбален къинхьегамхойн коммунистически университетехь а.

Белхаш бина «Серло» (хIинца «Даймохк») газетан редактор (1931–1934-чуй, 1963–1971-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн автономни областан (Нохч-ГIалгIайн АССР-н) прокурор (1935–1939-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Советан кехатийн а, дIахьедарийн а отделан куьйгалхо (1971–1978-гIий шераш) волуш, ткъа иштта кхечу меттигашкахь а.

Шен берриге а заманхойн санна, атта ца хилла цуьнан дахар а. Бехк-гуьнахь доцуш набахтехь валлийна (1939–1941-гIий шераш), шен халкъаца цхьаьна махках ваккхаран бала а лайна.

Литературехь шен хьуьнарш зуьйш а хилла Хь.Мехтиев. «Кхуран дитта кIел» стихийн гуларан, «Нийса некъ» цIе йолчу забаречу дийцарийн книгин автор ву иза.

Халкъан хилла дIахIоьттина Магомедов Султана дIаолуш хилла цуьнан дешнаш тIехь даьккхина «Сан хьоме Кавказ» илли. Цул сов «Ден цIа», «Мокха куй» йоций пьесаш язйина.

Кхалхар хилла 1994-чу шарахь.

ГIуран беттан 16-гIа де, 1910-гIа шо. Вина Мамакаев Мохьмад, поэт, яздархо, юкъараллин гIуллакххо.

Дешна Москварчу Малхбален къинхьегамхойн коммунистически университетехь. Цул тIаьхьа белхаш бина Нохчийн автономни областан прокурор, «Грозненский рабочий» газетан редакторан заместитель, «Серло» газетан редактор волуш.

Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь «Орга» альманахан редактор лаьттира. Дуккха а шерашкахь, бехк гуьнахь доцуш, чохь валлийна яздархо.

1926-чу шарахь дуьйна в олавелла иза яздан. Дуьххьарлера стихаш зорбане йийлина «Серло» газетан агIонаш тIехь.

1928-чу шарахь язйо нохчийн литературехь дуьххьарлера «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» поэма.

Ерриге ткъе итт сов книга язйина М.Мамакаевс: «Сан некъан кехат», «Орган тIехь сатесна», «Ненаца дина къамел», «Iаса тIехь наж», «Хаьржинарш», «Со юхавогIур ву», «ТIулгаша а дуьйцу» – стихийн гуларш; «Революцин мурд», «Зеламха» – романаш, иштта кхин а. Нохчийн литературин бухбиллархойх цхьаъ ву М.Мамакаев.

Поэтан кхалхар хилла 1973-чу шарахь.

ГIуран беттан 16-гIа де, 1916-гIа шо. Теркан областан (хIинца Дагестан Республика) Хасавюьртан кIоштахь вина Арсаханов Исраил, филологин Iилманийн доктор, профессор.

Дешна Буйнакскерчу хьехархойн училищехь, Ленинградерчу университетан филологин факультетехь.

1959-чу шарахь дуьйна белхаш бо Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан институтехь а, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а (тIаьхьо – университет). Еххачу хенахь оцу институтан вайнехан филологин кафедрин куьйгаллехь лаьтта.

Iилманан дуккха а белхийн автор ву профессор И.Арсаханов. Царах коьрта лара догIу:

– Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка. Грозный, 1959.

– ХIинцалерчу нохчийн меттан лексика. «Известия ЧИНИИИ-ЯЛ» Т. 5, Грозный 1964.

– Чечено-аварские языковые встречи. Тезисы докладов. Махачкала, 1965.

– Чеченская диалектология. Грозный, 1969.

Iилманан белхан лаккхара мах хадош, Арсаханов Исраилна совгIат динера «РСФСР-н Iилманан хьакъволу деятель» сийлаллин цIе яларца.

Iилманчин кхалхар хилла 1989-чу шарахь.

ГIуран беттан 17-гIа де, 1950-гIа шо. Вина Дадашев Райком, физикин-математикин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.

1972-чу шарахь тIехдика дешарца Нохчийн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа ГIебартойн-Балкхаройн университете стажировке хьажаво.

1980-чу шарахь кхиамца чIагIйо Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1993-чу шарахь Р.Дадашевх физикин-математикин Iилманийн доктор хуьлу.

2002-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо – корреспондент, 2006-чу шарахь бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу.

Iилманан 150 сов белхан автор. Царна юкъахь коьртачех лара догIу 2007-чу шарахь «Физматлит» издательствехь зорбане яьлла «ТIехуленийн хиламийн термодинамика» («Термодинамика поверхностных явлений») монографи.

2009-чу шарахь ингалсан маттахь Кембриджерчу Iилманан дуьненаюкъарчу издательствос зорбане яьккхина иза.

2003-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель, 2009-чу шарахь совгIат дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца, «Нохчийн Республикин интеллектуальни центр» юкъараллин организацин «Дато бухIа» совгIатан лауреат.

№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: