Халкъан искусство – культурин цхьа дакъа ду. Цо дуккха а хIума чулоцу. Иза халкъаца еха, шен орамашца генарчу ширалле а кхочуш, таханлерчу дийнахь а вайн самукъа а доккхуш.
Хийцаелла заманаш, адамийн тIаьхьенаш, амма даима а шен Iер-дахар хаздан, куьцехь дан лаам хилла халкъан. Къаьсттина хаза кечъеш хилла Iер-дахарехь денна а лелош йоцу, цхьана Iадаташна, ламасташна лерина йолу хIуманаш.
Зуда ялийначохь, масала, стоьлаш тIехь лаьтташ хилла некадечу олхазарх тера кечбина чамеш, цу чохь хьешашна ниха, мохса дуттуш хилла. Уггаре а хаза духар зудчо дахарехь цкъа тIе духуш хилла – маре йоьдуш. Иза леррина Iалашдеш а хилла, шен йоIана я йоьIан (кIентан) йоIана дIа а дуьллий.
Кавказехь говзачу зударша истангаш дар бакъйолчу искусствон тIегIане кхачош хилла. Лаьзгийн цхьа кица хилла: «Дуккха а йоIарий белахь, доьзалехь шортта кузаш хир ду».
Вайна-м халкъан говзанчийн цIерш а ца хаьа. Шайн говзалла цара тIаьхьарчу тIаьхьене кховдош хилла – дас кIанте, иштта кхидIа а. Церан белхашкахь билггалчу заманан адамийн Iер-дахар гуш хилла. Халкъан искусствон коьртачу билгалонех цхьаъ ю хазаниг а, пайдехьниг а говза цхьаьнадалор. Халкъан кицанахь олуш ма-хиллара, «Дикачу куьйгашца дина хIумма довш дац».
Вайн заманахь пхьерийн говзачу белхаша музейн залаш хазйина ца Iа. Халкъан искусствон тIаьхье ю кхузаманан пхьерийн исбаьхьа белхаш. Тахана, Палехан, Федоскинан лак хьаькхна миниатюраш а, хохломски, городецки хотIехьчу исбаьхьаллин йозанца хазйина хIуманаш а, гжельски кIайн кхийра (фарфор) пхьегIаш а, вологодски бой а, кавказхойн истанг а, кхийра хIуманаш а йоцуш, Россин сурт а ца хIоттало.
Халкъан искусствон ламасташа бераш кхетош-кхиорехь дIалоцу меттиг йоккха ю. Билггал, оьрсийн а, Кавказан а халкъийн ламасталлин пхьоланаша дуьйцу вайн дайн дахарх, церан Iадатех, амалх, халкъе шен истори йиц ца йойту.
Таханлерчу дийнахь мехала йолу кхетош-кхиоран Iалашо кхочуш йойла ду тIекхуьуш йолчу тIаьхьенна ламасталлин искусство марзъярца. Халкъан искусствон кепаш Iамош а, уьш караерзош а берийн шайн говзаллаш, хаарш гайта таро хир ю.
И болх бечу хенахь шена гонахарчу дуьненца юкъаметтиг кхоллало адаман, куьйга ден дуккха а гIуллакхаш карадоьрзу. Бераш дечигца, латтаца, кIадица болх бан Iема, тайп-тайпанчу коьчаллийн башхаллаш евза царна. ЙоIаршна тегаран, дагаран, дуцаран бес-бесара кепаш Iема.
И дерриге а бахьанехь къоначу говзанчашна гIо хуьлу тайп-тайпанчу регионашкарчу халкъийн ламасташ довзарехь. Цундела, бераш кхетош-кхиорна дика тIеIаткъам хуьлу, хIора беран кхоллараллин хьуьнарш гучудовлу.
БУЛАХ Анна,
искусствовед
№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо