Дахар ца кIордош

IMG_0758

Дуккха а ваьхча, дуккха а го. Цо ша дийцарехь, кхочушдина даккхий гIуллакхаш дацахь а, хIинца а ойланашкахь дан дезачийн чот еттахь а, дахаран гуьйренах ойла йо Хьалха-Мартан районерчу ГихтIарчу вахархочо Элиганов Адама.

1929-чу шарахь дуьнентIе ваьллачу цуьнан дахарехь, ирсечу деношца цхьаьна къаьхьанаш а кIезиг ца хилла. Бакъду, ца нисделлачийн бахьанаш ца толлуш, нисделлачийн дозаллаш ца деш, и ший а АллахIан карахь хиларна хастам беш веха иза.

Ца веха ша-м. ХIокху шеран 5-чу ноябрехь 64 шо кхочу иза шен хIусамненаца Иманица цхьаьна веха. Кхо кIант, пхи йоI – бархI бер кхиийна цу шимма. Доккхахдолчу йоьIан, кIентан а, йоьIан йоьIан а, несан а вуон ган а дезна. Царах муьлххачунна а хьалхара дIадаха реза хир дара ший а, амма и некъ хIораннан а шен-шен бу-кх…

– Вовшашна кIорда а ца деш, оццул шерашкахь цхьаьна муха даьхна шушиъ? – аьллачу хаттарна жоп луш, ойла еш Iийра воккха стаг. Бераллехь дуьйна а ненан диканах ваьллачу цунна девзина, ненан къинхетам боцучохь, ирсаца гергарло кIезиг нисдалар. Цундела цхьана хIусамненаца къанвалар, цуьнца дика-вуон декъар, шен доьзална вас ца еш, царна дикаллина, собарна дала масал долуш вахар коьрта хетта Адамна.

Ткъа ден-ненан марзонан токхехь кхиъначу Иманис боху:

– ВаллахIи кIордадо. Даима а къахьоьгуш, болх беш, гIуллакх деш воллуьйтур вара кхуо. Тахана а накхарш лелош, бежнаш лелош, кха лелош къахьоьгу ша а, цундела  дакъа кхочу тхуна а. Шен хан дIаяьлча хаьа ма деза…

Адам велакъежа:

– Хенах дерг-м вайн карахь дацара. Вуьшта, шега далург ца деш муха Iийр ву стаг? Мел юьхькIоме хуьлу, хьайн хьацарца, хьанал,  хьайн куьйга даьккхинарг…

– Сибрех доьлхуш, тхан да а, дестечо вина кхо ваша а дара тхо, – дуьйцу Адама. – Цхьана вагона чохь 18 доьзал дIанисбарна, дукха дуькъа а, хала а дара. Баларш алссам дара. Шайн велларг дIахьулвора наха, ткъа шалон сецча, салташа охьакхуссура. Нахана  санна шело а, мацалла а гира тхуна а. Цагинарг наггахь а вацара. ДIакхаьчна, дIатарделла довлале да дIавелира. Цул тIаьхьа, Казахстане дIакхалхийначарна луш цхьацца уьстагI-бежана, «помощь» яра. Цхьалха, «одиноки» ву аьлла суна хIумма а ца елира. Тахана сан хенарчарна (уьш дукха ца бисина) а, Казахстанехь биначарна а, «репрессированни» олуш цхьа ахча ло, ткъа со заьIапхо хиларна, суна иза ца ло. Шиъ цхьаьна дала ца магадо бах, – велаваларца гIар ца вала гIертачу воккхачу стеган бIаьргаш суйнашца къега. – Цундела, Делера  бен сайна гIо цахиларна а, кхечу хIумане сатийса суо цаIамарна а, ас къахьоьгу. Яппарш яхь а, хIорш а кIелхьара ца бовлу, тIаьхьабогIу.

– Деллахь, Адам, тхо-м «помощь» йохьуш ца даьхкина хьуна, – олий,   тхо дерриге а доггах дийлало.

Дахарехь нислучун шен хьежам а, шен хьесап а долчу Адама, нисдала  а мегаш, ца нисделлачунна шена а, гуонаха болчарна а весаш ца йо. Иштта дахаран некъа тIехь дIа а нисдой, цуьнан беламе агIо а карайой, синтем бо.

1934-чу шарахь йинчу Иманна а дика дагайогIу и хан. Таханлерчу геналлера ойла йича, иэшамех а, баланех а юьзна и зама хиллехь а, цхьа мерзаллин чам беттало цунах.

– Барт, марзо, вовшашца ларам бара, – дагалоьцу Иманис, – мел къен делахь а, самукъадолура. Бегаш бора, уьш бевзара, кегий хиларна а хир дара иза.

– ХьошалгIа еанчуьра йисира тхан ЭгIаштара Имани а, – мелла а велакъажар къаьстачу хьажарца, цавашаран озаца тIетуху Адама, – синкъерамехь девзира тхойшиъ. ХIинца санна сирлачу, цIеначу чохь а ца хуьлура иза. Яцара иштта таронаш. Уггаре а чIогIа серло лург, шишанчу доьттинчу мехкадаьтта чу бамбех я машех йина милт тосий, иза картола юккъехула чекх йоккхий, цу буххьехь латийна цIе хуьлура. ЖиргIана метта чамда я тас хуьлура вота тухуш, цунна тIаьхьаялайора багахь локху йиш. Бакъдерг аьлча, тхо вовшахкхетта 1950-гIа шо мелла а адам паргIатдаьлла а, яа сискал йолу а хан яра.

Казахстанехь а, цигара цIадирзича а дохнаца болх бина Адамий, Иманий.

– Дийнахь кхузза 25 етт узура, – дуьйцу Иманис, – церан эсий дузадора. «Доярка»  болх бина. Сайн цIахь а даьхни леладора. ЦIахь лелон етт мийра тухуш берггий, леташ берггий бен ца оьцура «хIокхо», – реза йоцуш, Адамехьа корта а ластабо Иманис. ­

– Иштта аьрха бежнаш тIо-шурина дика ма хуьлу, – бехказа волу Адам. ХIинца а и ца дуьтуш, уьш хазахеташ ву иза. Лулахь а, юьртахь а мегаш даьхна а, иштта шайн доьзалш кхиийна а доккха ши стаг ду Адаммий, Иманий. Церан лулахочо Альтемиров Iаьрбис дийцира:

– Сан уггаре а дика лулахой бу хIорш. Цкъа а дош-дашера ца долуш, мерза даьхна тхо. Вовшийн карахь-марахь даьхна. Вайн кертарчу бераша шайн денана ю олу Иманих. Муьлххачунна а кхуо дов дарх, човхорах, цкъа а дегабаам ца хилла тхан. Вуониг эр доцийла хаьа. Шаьшшиъ массеран а да-нана долуш санна дола деш, диканиг хьоьхуш, вуониг емалдеш, шаьшшиннан дахарца масал гойтуш деха Адаммий, Иманий. Цул сов, дахарна йистехь а ца соьцу хIара шиъ. Кху тIаьхьарчу хенахь украинцех къахеташ, уьш дагахьбохкуш хуьлу ший а.

Шайх лаьцна дийца хIумма а дац, нах санна даьхна, хан цакхачарна тIаьхьа а дисина, боху доккхачу шина стага, амма массо а хIуманна духе кхуьуш, керланиг довза лууш, хиллачуьнца иза дустуш хуьлу и шиъ.

Нохчийчоьнан таханенах а шайн хьежамаш бу доккхачу шина стеган.

– Дависарг, Ахьмад-Хьаьжа дийна висинехь, иштта ницкъ хир бацара Рамзанна, – боху Иманис, – наггахь и гIелвелла я кхоьлина оцу телевизор чохь гича, дог лаза долу сан. Нанас хIун до хир ду суна а иштта хетча.

– Доьналла долуш вара Ахьмад-Хьаьжа. Дин а, шарI а, дуьне а девзара.  Шен къомана хIун оьшу хаьара. Цуьнан хенара вара вайн воккхахволу кIант а… – цхьаъ ала дагахь хиллачу Адама хададо шен къамел…

Доккхачу шина стеган дахар а, церан къамелаш а  кIоггера ойла йойтуш ду. 64 шарахь цхьаьна даьхнехь а, хийла вуон-дика гинехь а, дахар ца кIордош, бIаьстенан зазанна тIера дургал оьцуш, моз гулдеш, къахьоьгу накхарш санна, дахаран мерзаллин чам къинхьегамца оьцуш даьхна хIара шиъ. Мацах къоналлехь санна, Иманис яппарш йо, ткъа Адама цаьрга лерган дуьхьарг а ца оьхьу. И бахьана долуш Иманис цуьнца «тIом» а ца латтабо, ткъа Адама шен толам а ца базбо.

Вовшийн хама беш, вовшийн гIортораш йолуш, цхьаъ цомгаш хилча, важа цомгаш хуьлуш, мацах Казахстанера цIадирзича, шаьш кегий долчу хенахь динчу цIенош чохь деха хIара шиъ. Бакъду, хIинца шимма а вовшашка ца хьахош, амма шинна а къайлаха хууш, цхьа кхерам бу къаьргахь.

Ша-ша тIаьхьадисарна кхоьру хIара шиъ…

ХIуъа дийцича а Дела ша воцург тIаьхьакхуьур воцуш ю кху дахаран къайле. Мел дезаш, оьшуш хилча а, вовшашна букъ тухуш. Мел дукха цхьаьна даьхча а, къаста дезаш. Иштта иза хилча а, дуьне ца духуш, са а довш, са а хуьлуш. Мацах хьуна санна малх а боьлуш, ло-догIа а догIуш, юха хьо саннарш вовшахкхеташ, юха уьш вовшахкъаьсташ…

Т.САРАЛИЕВА     

Авторан сурт

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: