Республикин А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь суьрташдахкархойн Даудова Фатимин, Есмирзаева Лайлаан, Даудова Сабинин суьртийн гайтам схьабиллина.

Гайтам даздаран хьолехь схьабоьллуш дакъалоцуш бара республикин дешаран, кхоллараллин, культурин дакъошкахь бевзаш болу нах, кегийрхой, студенташ.
Библиотекехь дIахьочу муьлххачу а хиламехь жигара дакъалоцучу кху библиотекин директора Исраилова Сацитас дош делира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председательна Ибрагимов Кантина, Iилманчина Осмаев Iаббазана, поэтана Ахматукаев Адамна, суртдиллархочунна Пашаев Абуна.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан гайтаман (изобразительни) искусствийн факультетан деканна Базаева Фатимина, изобразительни искусствийн кафедрин хьехархочунна Юсупхаджиева Татьянина. Цара массара а лаккхара мах хадийра мехкарийн хьуьнарин, похIмин.
«Даудова Фатима суна евза дукха хан ю. Сан книгашна иллюстраци йинарг Фатима ю», – элира К.Ибрагимовс.
«Нохчийн Республикин халкъан суртдиллархочун Даудова Фатимин дахарехь дуккха а хилла гайтамаш. ТIом дIабирзинчу деношкахь, Соьлжа-ГIалин урам-некъаш къух даьлла лаьттачу хенахь дара цо шен «Елла ГIала» аьлла суьртийн цикл гайтаме яьккхича. Иза Къоман библиотека жимачу хIусамехь дIатаръелла, болх бечу хенахь дара. ХIинца шеца цхьаьна къона художникаш а болуш гайтам вовшахтоьхна цо», – элира С.Исраиловас.

Есмирзаева Лайлаина а, Даудова Сабинина а боккха кхаъ бара Россехь а, дозанал арахь а евзачу Даудова Фатимица цхьаьна шайн суьрташ гайтаме дахар. Цушимма а живопись а, графика а, батик а (дари тIехь суьрташ дахкаран кеп) жанрашкахь белхаш бо.
Мехкарша-суьрташдахкархоша шайн белхашца бIаьсте юхаерзийча санна хеталора библиотекин «Iаьнан» зала чу. Даймехкан Iаламан хазалла, Дала деллачу ниIматийн, лаьмнийн, шовданийн, Iаламийн шатайпаналла гайтинера цара шайн белхашкахь.
Суьрташ дохкуш лелийнарш дог а, бIаьрг а хьоьсту басарш дара. Дерриге а 50 гергга сурт ду гайтамехь. Суьртийн гайтам схьабеллар кхин а хаздинера Москвара веанчу берийн яздархочо, музыканта Турлов Александра. Классикин музыка хазийтарца самукъадаьккхира цо.
Гайтамехь хиллачара суьрташдахкархой декъалбира гайтам вовшахтохарца. Церан кхоллараллехь аьтто, кхиам хила лаар а хаийтира. Гайтам шина кIирнах лаьттар бу.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
М.Садулаевн суьрташ тIехь: Къоман библиотекехь гайтам
№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо