Арахь кхеттачу маьлхан дашо зIаьнарш гуьйренан Iодика еш санна хетало. Хьалха хилла йовхо ца хаало цаьргахь. Амма Шелан кIоштарчу Эвтара юьртарчу «Родничок» цIе йолчу берийн бешан актови зала чохь шовкъе хелхарш дечеран а, цаьрга хьовсучеран а дегнашкахь «цIе летта».
Цигахь вовшахкхетта вайн ерриге а республикера хьеший. Массо а велавелла, векхавелла ву. Ирсах къега церан яххьаш. Цо гойту церан цхьаьнакхетар дезачу дийне дирзина хилар, и дезде кхиамца чекхдаьлла хилар.
Делахь а, синхьаамаш а битина, хиллачух лаьцна ма-дарра дуьйцур вай. Дукха хан йоццуш Эвтарарчу «Родничок» цIе йолчу №2 йолчу берийн бешахь дIаяьхьира «Берийн бешан хьелашкахь этнокультурин дешар» цIе йолу йоккха семинар.
Цигахь дакъалоцуш яра Нохчийн Республикин Правительствон школал хьалхарчу дешаран Комитетан коьрта говзанча Хусайнова Тамара, Шелан кIоштан школал хьалхарчу дешаран урхаллин хьаькам Зазалаева Марина, кхечу кIошташкарчу урхаллийн методисташ, республикин берийн бошмийн заведующиш, методисташ, кхиберш.
Семинарехь билгалдаьккхина ма-хиллара, школе дахале хьалха берехь къоман культуре безам кхуллуш кхетош-кхиор Iаламат мехала ду. Шен халкъан культурехула берана гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк Iамадо, ненан мотт Iамабо.
Къаьсттина мехала ду оцу хенахь берана кхечу къаьмнийн векалшка ларам хила безий, цаьрца мерза юкъаметтигаш хила езий хаийтар а, оцу къаьмнийн культурин мехаллаш йовзийтар а. Ма-дарра аьлча, цунах дерг берашна довзийтарехь бан безачу белхан хьокъехь дара кхузахь дина къамелаш.
Шена тIе тидам бахийта хьакъ долуш дара дерриге а бохург санна къамелаш нохчийн маттахь деш хилар. Шайн къамелашкахь семинаран дакъалацархоша дуьйцура берийн бошмашкахь шаьш бераш Iамор, кхетор, кхиор муха дIахьош ду.
– Берана халкъан культурин мехаллаш йовзийтар иза аганахь долуш дуьйна дIадахьа деза, ткъа школе дахале иза беран кхетамехь чIагIдан хьовсар вайн белхан цхьа дакъа ду. Берашна вайн халкъан гIиллакхаш, оьздангалла, бусалба дин довзийтар вайн дайша лелийначух уьш дIахоттадалийтар санна маьIне хIума ду, – бохура хIокху берийн бешан заведующис Байалиева Iайшата.
Вовшахкхеттачеран тидам хаза кечйинчу чоьнашний, царна чохь йолчу хIуманашний тIехь соьцуш хилар хааделлачу I.Байалиевас элира: «Тхан берашна дукхаезаш меттиг ю хIара. ХIунда аьлча, церан аьтто бу вайн дай-наноша лелийна шира пхьегIаш, гIирсаш, кхиерг ган. ХIокху берийн бешахь семинар хир юй шайна хиъча, тхоьца юххера зIенаш, уьйр-марзонаш йолчу берийн дай-наноша еана тхуна дуккха а хIуманаш.
Шираллерчу хазнашца тхуна доккха накъосталла до даима а Шелан кIоштан администрацин куьйгалло а, векалша а. Цара Гермачигарчу «Ширачу-КIотарарчу» музейра экспонаташ йохьу тхуна. Хьаххийначуьра аьлча, тхо дукхазза а хилла тхайн берашца цигахь»…
Цу тайппана I.Байалиевас а, берийн бешан хьехархочо З.Сатуевас а, методиста А.Магомадовас а, бIаьрла масалш а далош, дийцира берашна къоман культура йовзийтарехь шаьш хIора дийнахь дIахьош болчу балхах лаьцна. Иза, шеко йоццуш, хIинцале а хаало берийн кхиарехь, ойланашкахь, хьежамашкахь.
Семинаран балхана юьстах ца дисира бераш а. Цара хелхарш а дира, эшарш а лийкхира, байташ а йийшира. Уьш нохчийн маттахь а яра. Цо шатайпа синхьаамаш бора кхузахь вовшахкхеттачу баккхийчарна. Церан къаьсттина самукъадаьккхира хIара мехала гIуллакх дерзош хелха даьллачу йоIий, кIантий. ЧIогIа хаза а, говза а долура и шиъ. Цу шимма дог-ойла гIаттийна хилар хаалора тIаьххьара дош олуш йистхиллачу Хусайнова Тамарин къамелехь а.
– ХIара хIокху Эвтарарчу «Родничок» берийн бешахь дIахьош йолу республикин семинар дуьххьарлерниг яц. Уьш дIаяхьаран зеделларг ду берийн бешан куьйгалхочун а, говзанчийн а. Цундела кхузара дIабоьлхуш болу хьеший – берийн бошмийн куьйгалхой, белхахой цуьрриг а гIелбелла ца хуьлу. Мелхо а, дика садаьIча санна, дог-ойла гIаьттина хуьлу, – бохура цо.
Семинар чекхъяьллачул тIаьхьа а дIабаха сихбелла бацара хьеший. «Ма хаза садаьIи оха», – бохура цара.
ХIаъ. Иза а ду-кх кхиамца дIаяьхьначу семинаран дика жамI. Цунах царна дезде тарделлера. Чекхдала ца луу дезде. Нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла, дайн Iадаташ ненан маттахь дуьйцучохь кхечу кепара хуьлийла а ма дацара.
А.МАГОМАДОВА
№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо