Нохчийчохь терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарехь вочу агIор хаало абонентан паспортан хаамаш тIехь а боцуш массо а меттехь, тIехь латтош терго а йоцуш, сим-картанаш дохкар а, эцар а. Законца догIуш а доцуш духкуш долчу сим-картанех, дукхахьолахь, пайдаоьцу теракташ ярехь а, кхин зуламаш дарехь а. Цуьнца цхьаьна законца догIуш а доцуш эцначу сим-картанашца зуламхоша вовшашца зIе латтайо, зуламхойн ардангаш вовшах а туху, наркотикаш а юхку.

Ша аьлча, кхечарна ган аьтто боцчу къайлаха йолчу меттигашка наркотикаш дIалечкъайо, шаьш оьцучу наркотикех ахча, интернетан зIенах пайда а оьцуш, «QIWI – бохча» ахчанаш тIедахаран виртуальни счета тIе дIадохьуьйту. Ткъа иза мила ву а ца хуучу стеган цIарах хуьлу. Эцархошца къамел телефонехула хуьлу. И телефон а ма хуьлу тIаккха кхечуьнан цIарах.
Берашна шаьш-шайна тIекховдар, шаьш-шайн дайъар (хIаллакдар) марздеш, берашна верасаш хуьлий дIахIуьттуш болчара а пайдаоьцу кхечу нехан цIарах долчу сим-картанех. И санна долчу сим-картанех пайдаоьцу доьзалийн юкъаметтигаш йохош, доьзалшка эвхьазалла йохьуш, телефонаш еттачара, харцонаш, мекарлонаш лелочара, ямартло, тешнабехк беш лелачара. Масала, цара хьаналчу абонентан счета тIера ахча дIадоккху шайн кара телефонан номер кхаьчча я смс яийтича.
Харц новкъа сим-карта оьцучара кхечу тайпа хьарамлонаш а лелайо. Бахархойн а, компанийн а банкашкарчу счеташ тIера ахчанаш лечкъадо, законаш а талхош, зуламан некъашца ахчанаш дIасадохьуьйту, терроризман хьашташна хьовсадо. И зуламаш динарг каро, лаха вуно хала а хуьлу.
Нохчийчохь нисло сим-карташ корпоративни клиенташна а, цхьана стагана мелла а (алссамчу барамехь) сим-картанаш духкуш меттигаш. Иштта, юридически яххьаша шайн белхахошна сим-картанаш эца барт бо. Амма операторшна уьш бовзаза буьсу. Ца хаьа церан цIерш, ден цIерш, Iаш болу меттигаш. Абонент мила ву ца хаьа. И къайле хуьлу. ТIаккха зуламаш дарна некъ схьабеллало.
Цхьана стагана дуккха а сим-картанаш дохка таро хилар а дац шеца вон агIо йоцуш, хIунда аьлча, цу тайпана эцна сим-картанаш зуламхойн кара кхачарна кхерам бу. Зуламан некъаца доьхкина долу сим-картанаш, цу хьокъехь хууш хIумма а доцчу республикин бахархошна тIе яздина, церан цIарах хуьлу. Цунах дерг царна хаа а ца хаьа шаьш цхьана административни я уголовни гIуллакхна юкъаозийчий бен.
Сим-картанаш духкуш берш а, дилерш а шайна сихха саяккха гIертар республикин цхьаболчу бахархошна бале долу.
2017-чу шеран мангалан (июль) баттахь куьг яздина «ЗIенан хьокъехь» долчу Федеральни законехь хийцамаш баран хьокъехь» долчу Федеральни законна. Цуьнца нийса а догIуш, сотови зIенан а, интернетан а хьаштех пайдаэца бакъо яла езаш яц зIенан операторан хаамийн базехь шайн хьокъехь хаамаш болчу физически а, юридически а яххьашна бен. Цул сов билгалйохуш ю корпоративни абоненташна идентификаци яран бакъенаш.
Иштта, шайн белхахошна сим-картанаш оьцуш йолчу компанешна тIедуьллур ду шайн белхахойн хьокъехь болу хаамаш зIенан операторшка дIабалар. Карарчу хенахь дихкина ду абонент реза а воцуш, цуьнан хьокъехь цу тайпана хаамаш дIабалар. Нагахь санна сим-картанех пайдаоьцучун а, абонентан барта тIехь болу а хаамаш галморзахалла йолуш хилахь, МВД-н а, Роскомнадзоран а дехарца зIенан хьашташ кхочушдар сацон тарлуш ду. Вай дуьйцуш долу закон гIуллакхдан долалур ду 2018-чу шеран асаран (июнь) баттахь.
Законца догIуш а доцуш сим-картанаш дохкар ца хилийтаран Iалашонца Роскомнадзоран Нохчийн Республикехь йолчу Урхалло, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствоца цхьаьна 2016-чу шарахь дуьйна цхьаьна гIуллакхаш дар вовшахтоьхна. МВД-н органашкара урхалле кхаьчна административни талхор даран хьокъехь йолу 194 материал. Материалаш хIиттийна законца нийса а ца догIуш сим-картанаш духкуш болчарна. МВД-н белхахоша схьадаьккхина 800 сов сим-карта.
Цул сов, республикин бахархошна бакъонаш йовзар алсамдаккхаран Iалашонца Урхаллин интернет-агIонехь 2017-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна гойтуш ю стационарни йоцчу объекташкахь сим-картанаш эцаран гIуллакхах лаьцна дуьйцуш йолу социальни видеоролик. Барт а бина, и ролик иштта гайтира «Грозный» телеканалехь а.
Шайна тIеяздина законца нийса догIуш доцу сим-карта дуй хьовса беза республикера бахархой, шайна хьовзам ца хилийтархьама. Нагахь санна цу тайпа сим-карта хилар гучудаьллехь операторе (заявлени) дехар яздан деза, иза дIадаккхар доьхуш.
А.МУГАЕВ,
Роснадзоран Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллин коьрта говзанча-эксперт
№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо